Йина йовлаза йолчу гIишлошкара хьал хийца деза

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхеташо дIаяьхьира Правительствон декъашхошца.

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан

Цигахь дакъалоцуш вара республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим, регионан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Израилов IабдулкъахIир, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, ткъа иштта министрийн кабинетийн декъашхой, кIоштийн куьйгалхой.

Кхеташонехь дийцаре дира регионехь йина йовлаза йолчу гIишлойн барам лахбаран хьокъехь долу гIуллакхаш.

Россин Счетни палатин векалша довзийтина Къилбаседа Кавказехь йина йовлаза йолчу гIишлошна таллам баран хьокъехь долу жамIаш.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхина ма-хиллара, оцу жамIашца нийса а догIуш, Нохчийчохь йина йовлаза йолу гIишлош массанхьачул а алсамхилар гучудаьлла.

«Оцу хIора а гIишлон хьокъехь берриге а хаамаш бу вайгахь. Царах дукхах йолу гIишлош йина ца евлла федеральни бюджетера ахча схьалуш цахиларна. Шена тIелаьцна долу декхарш Нохчийн Республико дерриге а кхочушдина. Делахь а, цхьацца бахьанашна, вайн аьтто ца болу Къоман библиотекина, гIалин №4 йолчу больницина, цхьамогIа кхечу объекташна оьшуш болу гIирсаш эцарна езаш йолу харжаш схьаэца», – бохура республикин Куьйгалхочо.

Йина йовлаза йолчу гIишлошкахь долу хьал довзуьйтуш, кхеташонехь къамел дира ГIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министра Зайпуллаев Муслима. Цо тидам тIебахийтира йина ца йовлуш яхъеллачу объектех дукхахерш проектийн документаци тIехь бен билгалъяьхна а цахиларна.

Кадыров Рамзана тIедиллира оцу объектийн хьокъехь долчу гIуллакхан герггарчу хенахь цхьа йистяккхар. Цо билгалдаьккхира 2014–2017-чуй шерашкахь Нохчийчохь 1,0 миллион квадратин метр сов хIусамаш йина хилар.

«2016-чу шеран жамIашца, регионан валови продукт кхиаран боларшца республико Россин Федерацин субъекташна юкъахь 5-гIа меттиг а, Къилбаседа Кавказан федеральни округан регионашна юкъахь хьалхара меттиг а яьккхира. Иза а «Нохчийн Республикин экономика а, социальни дакъа а меттахIоттор» федеральни Iалашонан программица билгалдаьккхинарг 130 миллиард сом доллушехь, вайна схьакхаьчнарг 75 миллиард сом бен доццушехь», – элира Р.Кадыровс.

Цо, иштта, дагадаийтира дIадаханчу шерашкахь Нохчийчохь Iаламат дукха белхаш бина хилар.

«Республикин экономика а, социальни дакъа а меттахIотторехь а, кхиорехь а дан тарлуш дерг а, доцург а дерриге а деш ду вай. Цо таро елла вайна тIом лаьттина регион йоццачу хенахь мехкан уггаре а сиха кхуьуш йолчу объектех цхьаъ йина дIахIотто. Россин Президентана Путин Владимирна а, Правительствон Председательна Медведев Дмитрийна а вуно дика бевза вайн кхиамаш, вайна дика гIо а до цара. Новкъарло еш дерг тайп-тайпанчу комитетийн а, ведомствийн а парталла ю. Цара сецадо республикина хьалха бина федеральни тIелацамаш кхочушбар», – дерзийра республикин Куьйгалхочо.

Д.АНАДЕВ

№72, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 25-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: