«Замано дуьйцина дахар»

ТIаьхьарчу шерашкахь цкъа а ца хиллачу кепара дукха керла книгаш зорбане юьйлуш ю вайн республикехь.

Книга чулацаме а, ешча дагчохь, кхетамехь лар юьтуш елахь-м муххале а дукхаезало нахана.

Айдамирова Машаран йозанаш, аьлча а, йозане йирзина хаза, яккхий ойланаш дукхаезаелла литература йоьшуш болчарна.

Цуьнан «Лаьмнийн хIайкал», «Алахьа, нана, аганан илли», «Абузаран дахар а, кхолларалла а» книгаш а мехала ю. ХIокху деношкахь кхин цхьа книга зорбане яьлла Машаран. «Замано дуьйцина дахар» ю автора цунна тиллина цIе.

Нохчийн Республикин Ядархойн союзо зорбане яьккхинчу книги тIехь дийцарш а, публицистика а ю.

Нохчийн маттахь 23 а, оьрсийн маттахь 3 а дийцар а, публицистикин жанрехь 1 болх а бу оцу юкъахь.

Дийцарш доца, амма чулацаме, нохчийн хазачу маттахь, меттара дош, басар оьцуш яздина ду. Цхьа а шеко йоцуш, Машаран мотт исбаьхьаллин мотт бу. ХIора дийцар даггара яздина ду. Яздархо езачарна хаза кхаъ хир бу цуьнан керла книга зорбане ялар. Книга жима ю, тираж 1 000 экземпляр ю.

Жимачу шрифтаца зорбане яьккхина книга гича иза йоккха йинехь дика хир дара аьлла хета, амма шен дика агIо а ю цуьнан.

ТIоьрмиг чу паргIат тарлуш, некъаца вогIуш-воьдуш дIасаяхьа а, еша а аьтто болуш ю. Тешна ю герггарчу хенахь «Замано дуьйцина дахар» книга республикин библиотекашкахь, кхоллараллин гуонашкахь йовзуьйтург хиларх.

Дала тIаьхье беркате йойла!

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№72, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 25-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: