Хьехархойн болх атта бац, оцу корматаллин чолхаллех кхоччуш кхетар вац хьехархо воцург. Цунна хаьа берашца болх бан мел собар, хьекъал, адамалла оьшу. Доьзалехь шен цхьана доьзалхочунна а йоза-дешар Iамо хала ду, ткъа хьехархочо, цхьа а элп ца девзачу, дуккха а берашна дуьххьара къолам нийса буйна лаца а, йоза яздан а, деша а Iамадо. Иза кIезиг хIума дац.
Мел дукха шераш дIаэхарх, дика хьехархо цкъа а виц ца ло я цо хьегна къа цкъа дан а ца дов.
ТIекхочуш ду Хьехархочун де, цундела шайн хиллачу хьехархошна баркаллин дош алийта юкъаяьккхина оха хIара рубрика.
Дариева Макка, Заводской кIоштарчу Андреевски долинера яхархо:
– Школехь дешна дуккха а хан яьлча а, хьайца дешна стаг дуьхьалкхетча даима а дагавогIу дика хьехархо, баркаллица йоккху цуьнан цIе. Ишттачарах цхьаъ ю Заводской кIоштан БухIан-Юьртарчу №2 йолчу гимназин хьехархо Мусаева Тоита.
5–8-чуй классашкахь тхан классан куьйгалхо лаьттина иза. Иштта, тхуна алгебра хьоьхуш а яра Асет. Дашна а доцуш, дика хьехархо яра иза. Шен хIора а дешархо ша хьоьхучух дика кхето хаьара цунна. Цкъа а, цхьана а хIуманна тIехь мало ца йора. Даима а тхуна хьехарш деш хуьлура. Ларамаза дацара Асет ерриге а классана дукхаезар. Суна даггара баркалла ала лаьа цунна, иштта тIедогIучу Хьехархочун денца иза декъалъян а лаьа.
ХIусамехь беркат лаьтташ, могаш-маьрша, дуккха а шерашкахь ехийла иза! Дахарехь хIора а де дезде хилла догIийла!
Макаева Радима, Грозненски кIоштарчу Октябрьски юьртара яхархо:
– Йоккха меттиг дIалоцуш хиллера хьехархочо адамийн дахарехь. Йоза-дешар Iаморал сов, цара дина хьехарш хиллера боккха чулацам болуш. Хан-зама яьлла, шераш дIаэха доьлча бен цуьнан мах хадо хуург ца хиллера.
Со школехь доьшуш йолуш, дуккха а дика хьехархой хилла сан, царна хIоранна а ала баркаллин дешнаш ду сан.
Делахь а, «Хьехархочун де» гергакхаьчча, уггаре а хьалха дагайогIу сайн дуьххьарлера хьехархо Исиева Фатима Акбулатовна. ХIинца а ца яккхало цуьнан цIе децIе ца йоккхуш. Суна йоза-дешар Iамийнарг, хьехархо муха хуьлу хаийтинарг иза ю. Дика хьехархо хилла Iаш яцара иза, цо нанас санна Iуналла дора тхан классехь мел хиллачу дешархочунна.
Дела реза хуьлда цунна! Дала сий дойла цуьнан! Суна санна, дуккха а дешархошна иза дукхаезийла хаьа суна. Тхан дуьхьа цо мел баьккхинчу когана Дала диканца бекхам бойла цунна! ТIедогIучу Хьехархочун денца ас даггара декъалйо иза!
Мусаева Асет, Соьлжа-ГIалин Старопромысловски кIоштара яхархо:
– ХIокху заманахь дика хьехархо каро атта дац. Хьалха, дукха хьолахь, доккха зеделларг долуш хьехархой хиллехь а, тахана ишттанаш кIезиг бисина. Массанхьа болх беш къона говзанчаш бу.
Иза дика а ду цхьана агIор, амма бер школе дIалучу хенахь дай-наношна гIайгIа а хуьлу цунах, къона, керла хьехархо шайна ца вовзаре терра. Сагатдарх бехк а бац церан, хIунда аьлча, бер кхиорехь, цунна дуьненан Iилманаш довзийтарехь доккха дакъа дIалоцу хьехархочо.
Къаьсттина маьIне ду дуьххьарлера хьехархо говзаниг нисвалар, хIунда аьлча, кхидIа цхьайтта шарахь беро бан безачу некъан юьхь йолориг, цуьнан хаарийн гIалина бух буттург иза ву. Хаарийн баххаш довзаре терра хуьлу дешархочун кхидIа хаарийн лакхенашка кхийдар а, керланиг довза лаар а. И бахьанехь чуьра кIант дуьххьара школе дIалуш сагатдан дезнехь а, Делан къинхетамца, хьехархо диканиг а нисъелла, аьтто хилира тхан.
Ши кIира хан тоьира тхан дуьххьарлерчу хьехархочунна цкъа а хIумма а Iемар дац моьттинчу кIантана деша а, яздан а, дагардан а Iамо. Оццу тIегIанехь дIадаьхьира цо берана керла-керланиг Iамош, хаарш тIедузар а.
Суна даггара баркалла ала лаьа Соьлжа-ГIаларчу юкъарадешаран юьхьанцарчу «МИРТ» школехь болх беш йолчу хьехархочунна Бестулагова Зарганна бераш Iаморна чу са диллина иза хиларна а, хIора дешархочуьнца «бийца мотт» цунна карорна а.
Иштта хьехархой хилар дай-наношна доккха ирс а ду, вайн халкъана боккха пайда а бу, хIунда аьлча, ишттачара кхиайо вайн къоман бакъйолу кхане.
Рубрика дIахьошъерг – З.САГАЕВА
№72, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 25-гIа де, 2018 шо