– Воккха-Дада, белхи бира олуш хеза баккхийчара. Дийцахьа, хIун ду и? Белхи муха беш хуьлу?, – хаьттира цхьана дийнахь Хьасана. Воккхачу стагах ирс эца, цунах Iама лууш, кхуьуш вара иза.
– КIант, хан-зама яларца дахар хийцало. Цхьадика, иза толуш догIу, – геннара долийра Воккха-Дадас шен къамел. – Амма дахар мел тодаларх, токхе, зовкхе хилла дIахIоттарх, адамийн юкъаметтигаш аьхна еш, адамашна юкъара марзонаш чIагIъеш хилла гIиллакхаш дIатаса мегар дац. Ишттачу гIиллакхех цхьаъ дара белхи баран гIиллакх. Белхи бохург, адамаша вовшах а кхетий, вовшашна гIо дар бохург ду, кханенна шена дика дан некъ битарбаккхар ду. Аьллачух хьо дика кхетийта, белхи баран маьIна достуш, кIеззиг масалш далор ду ас.
Тахана вайн цуьнга хьашто йоллушехь, дицдина даьллачу новкъа долчу оцу гIиллакхах лаьцна дийцар дIадоло лаьа суна цIеношна тхов баккхаран белхи тIера. Хьалха, цIеношна тхов боккхучу хенахь, цхьа-ши говзанча валийна ца Iаш, иттех стаг кхойкхий, белхи бора. Цхьана дийнахь баьккхина бовлура мел боккха тхов а. Массо а цхьатерра каде болх беш хуьлура. Лула-кулара стаг, кхайкха а ца оьшуш, ша воьдура белхех.
Иштта, къаьсттина гурахь, дукха белхеш хуьлура сарамсекхаш цIанбеш, боьхкуш, хьаьжкIаш тилош (лоьдгех цIанъеш), йохуш, поппар хьохуш. Ткъа Iаьнан муьрехь тIаргIа къажбеш белхеш дора, цига мехкарий кхайкхина ца Iаш, кегийрхой а кхойкхура, церан самукъадаккха пондарча а валавора. Ткъа вота-м муьлххачу гIантах а, чамданах а, ур-атталла тесах а хуьлура. ЧIогIа самукъане хуьлура оцу белхешкахь. Кегийрхошна а, мехкаршна а вовшашна бевзара, вовшашка безам кхоллалора. Вовшийн хьийзош, забарш еш белхаш бора массара а, наггахь хелхаран бал а боккхуш. Кегийрхойн самукъадоккху меттиг хилла Iаш яцара белхи, иза а мехала хиллехь а. Кхузахь вовшийн гIо дан, вовшех дог лаза Iемара кегийнаш. Иза уггаре а коьрта а дара. Цул сов, цхьана стага масех кIиранах вала хIоьттина бан беза болх, цхьана-шина суьйранна белхи а бой, чекхбоккхура.

Цундела, «Сан чуерзо ницкъ кхочур бац» – олий, ца дуьш ца дуьтура цхьа а кха. ХьаьжкIаш, гIабакхаш, сарамсекхаш, кIа, кхиерг кхиайора, даьхни леладора. Iаьнах дахалур дац бохуш, гурахь даьхни дохка гIерташ ца лелара. Муьлххачунна а хаьара гурахь мангалан белхи бан таро юй а, шена мангал хьакха а, йол дIаерзо а, дIаIалашъян а юьртахоша гIо дийр дуй а. Дан а дора.
Мангалан белхех беккъа божарий, коьртачу декъана, кегийрхой хуьлура. Царна хьалха ваьлла масех воккханиг а хуьлура. Iуьйранна лома хьала ма-девллинехь, кегийрхоша жимма садоIучу юкъана оцу баккхийчара нуьйжигаш тIехь массеран а мангалш тусура (ирдора), мангалан гIоланаш тойора.
ТIаккха, моггIара дIа а хIуьттий, мангал хьакха хIуьттура кегийрхой, вовшашца къийса а луш, забарш а еш. Оцу юкъана баккхийчарах цхьамма-шимма цIе а латайой, яй уллура. Буьззина чохь жижиг долуш, шовдана тIера ша санна шийла, бIаьрхи санна хьаьъна хи дохьура. Юург ялале, аьлча а, делкъа хан хилале, мангалхоша ламанан басенца йолу цана кесаршка ерзайора. Оцу балхах воккхавера белхи вовшахтоьхнарг. Цуьнга цхьаьнга дийнна кIиранах а хьакхалур бацара оццул мангал.
Юха, делкъанна кхача баа мангалхой охьахевшича, баккхийчара церан мангалш юха а тусура. СадаьIна, дог-ойла гIаьттина болчу мангалхоша, малхбуза хан гIортталц, вовшашца йохье а буьйлуш, болх бора, кIадбалар ца хаалуш. ЧIогIа хаза хуьлура мангал хьокхуш. Бецан дарбанечу, аьхначу хьожанаша дог тIомадохура.
Токхе гуьйре юккъе яххалц лаьттара ярташ кахь мангалан а, йол дIаIалашъяран а белхаш. Оцо кегийрхойн уьйр-марзо чIагIйора, хало лан, собаре хила Iамавора. Жима стаг къинхетамца вахчош белхи бара иза, хIунда аьлча, ламанца долчу ирзошка, цанашка боьду некъ цкъа а атта ца хуьлура. Цул сов, дийнахь сарралц мангал хьакха доьналла, гIора, собар оьшура, кIадвелча, гIелвелча сатоха дезара. Накъосташца яхь ма хуьлура.

Уьш а, кхечу тайпана а хуьлура хьалха белхеш. Тахана вай херделла оцу гIуллакхна. Вайна белхи цаэшар а дац иза, цуьнга хьашт-дезар цахилар а дац. Цуьнан бахьанаш дуккха а ду. Царна юкъахь коьртанаш ду ткъех шо хьалха вайн махкахь лаьттина хьал, тIемаш. Оцу хьелаша адамийн кхетам, ойла, хьежам хийцина. Адам шен синехьа дерзийна. Иза шена чукъовладелла. Лулахочун керта доьллуш ринжанаш дац вайн (дукхахболчеран) хьалха санна. Церан метта ши-кхо метр лекха керташ ю гобаьккхина. Массо а шен цIийнах гIап йина чукъовлавала гIерташ воллу. Пхьоьха дIаяьлла. Лулахой вовшашна гуш бац. Церан уьйр яц. Вовшашна гIо-накъосталла дар дац. Дагадовлар дац. «Хьенех, схьаволахь, чай молуш, луьйш-олуш Iийр вара вайшиъ», – олуш суна хазаза дукха хан ю.
Юьртахь, хьо дIахьаьжначохь еш гIишлош ю, латталелош берш бу. Амма хаззане а хезаш дац: «Хьенех белхи беш ву, цига даха деза вай», – бохург. Цундела, шуна, къоначарна, белхи бохург хIун ду а ца хаьа-кх. Хьастаха цхьана накъоста, цец а вуьйлуш дуьйцу: «Тхан юьртахь тхов тIе поппар буьллуш белхи бара. И бар а дара тамашийна хIума. Цуьнах цецбуьйлуш, самукъадаьлла хьийзаш бераш а дара, кхиазхой а бара. Царна гина а дацара юьртара нах иштта бертахь цхьаьна а кхетта, вовшах самукъа а долуш, болх беш. Воккхавера со а цаьрга хьоьжуш. Сайн бералла а, жималла а дагаеара.
Оццу хенахь белхи вовшахтоьхначун лулахо ков доьллуш аравелира. Белхех веанчу цхьамма шен дозанна тIе машен хIоттор ца дезаделла, хьераваьлча санна, мохь хьекха волавелира иза. Эхь дара цо лелош дерг. Лулахочун белхех уггаре а хьалха вахана дIахIотта везаш вара иза вайн гIиллакхашца, ша нохчи хилча. ХIан-хIа цо иза ца дира. Иза осала, ледара лийлира. Цо хьагI лаьцнера шен гIуллакх дан гIертачу лулахочуьнца. ТIаккха цуьнан доьзална а хуур дуй белхи бохург хIун ду а, лулахь белхи хилча цигахь дакъалаца дезий а. Лулахо хилар ма дац иза», – бохура цо.
Вайна, зама мел чIогIа хийцаяларх а, белхи ца оьшуш, цуьнга хьашт доцуш хан хилла яц. Я тахана а яц. ХIетте а вай йицйина довлуш лаьтта болх дIабахьаран, вовшахтохаран и мехала, эвсаре кеп а, цуьнца цхьаьна дицдеш ду белхи дIабахьаран гIиллакхаш а, маьIна а. Вай белхех хердаларо вайна, вайн юкъаметтигашна банне а дика болх ца бина. Мелхо а доккха зен, боккха эшам бина.
Цундела вай массара а, къаьсттина къоначара, цуьнан ойла ян еза. Юхадерза деза оцу гIиллакхашка. «Шен диканах чекхваьлла цхьа а вац», – олура вайн дайша. Иза нийса а дара. Вайн дайн дахаран зеделларг а, Iилма а, хьикмат а дара иза. Царна санна вайна а хаа дезара белхи барца доьзна дуккха а диканаш хилар… Хьан хаттарна жоп дала гIерташ дукха-м дийци ас. Дукха дийцинехь а дерриге а ца дийци. Делахь а, дийцинарг а кхачаме ду аьлла хета хьуна белхи бохург хIун ду хаийта, цунах дерг нийсархошка дийцийта. Белхи а, белхин гIиллакхаш а шайн дахаран гIуллакхашна юкъадало ойла кхоллаялийтар лууш дийци ас дерриге а… Нохчий а хилла, вай хIокху дуьненахь даха а, диса а лууш делахь, вайн бакъо яц вайн дайша лардеш лелийна цхьа а гIиллакх дицдан.
С.ХАМЗАТОВ
№72, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 25-гIа де, 2018 шо