Республикин кIоштийн дешаран урхаллийн куьйгалхошца кхеташо дIаяьхьира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIила.
Хууш ма-хиллара, дешаран керла шо хIоразза а белхан Iалашонаш билгалъяхарца дIадолош ламаст ду. Цундела кхеташонан коьртачу тидамехь дара дешаран 2018–2019-чуй шерашкахь юккъерчу дешаран учрежденийн дешархой пачхьалкхан жамIийн аттестацина кечбар.
Иштта, 9-чуй, 11-чуй классашкахь доьшуш маса дешархо ву а, 2019-чу шарахь ЕГЭ дIаялар муьлхачу предметашкахула хир ду къасторах дерг а дийцира.
Хь.Ибрагимовн цIарахчу математикин школин директора Токашева Луизас дийцира «ПохIме бераш» проект кхочушъярх лаьцна. Математикин а, физикин а дакъошкахь хьуьнарш долчу берашна гIоьнна лерина ю и проект. Оцу тайппана, къамел хаза, чулацаме дан Iаморан клубашна гIодарх а, «Школашкахь шахматаш» керла проект юкъаялорах лаьцна а дийцира кхеташонехь.
Могашаллина пайдехь долчу даарех лаьцна дуьйцур ду школашкахь
Федерацин Советан Федеральни Гуламан Аграрносурсатийн политикин а, Iаламах пайдаэцаран а комитетан председателан заместитела Гехт Иринас а, Iилманехула а, дешарехула а, культурехула а йолчу комитетан декъашхочо Тихонова Ираидас а къобалйина школашкахь могашаллина пайдехь долу даарш довзуьйту программа юкъаялор. Иштта хаамбо «Москва» агентствос.
– Берашна ловзаран кепехь дуьйцуш хилча цара дика дIалоцу могашаллина пайдехь дерг. Цул сов, арарчу (доьзалера я школера воцуш) говзанчас дийцинарг а хуьлу царна дош хеташ. ХIинцале юкъараллин дукха организацеш ю берашна унах цIеначу юучух лаьцна дийцаран болх дIахьош. Масала, Санкт-Петербургера «Школьное молоко» организаци. Берашна шайна пайдехь а, зене а долу даарш къастон Iамор комплексни хила деза, хIора берана шен доьзалехь мехала хеташ хила а деза иза, – элира И.Гехта.
– Школашкахь, нагахь санна, могашаллина пайдехь долчу даарех лаьцна а дуьйцуш, юха цIахь берана луш болу кхача цхьа а къастам а боцуш хилахь, вай лелориг эрна хир ду. Вай юьйцучу проблемех лаьцна дуьйцу урокаш школин программина юкъаяло лууш делахь, иза берийн дай-нанойн кхеташонашкахь дийца деза цкъа хьалха. Дай-наноша а, классийн куьйгалхоша а цхьаьна дIакхачо деза берашка юург-мерг цIена, хими йоцуш хилча цунах йоьзна хуьлу могашалла а, хьекъал а. Цул сов, берийн поликлиникашкахь а жигарбаккха беза оцу агIор дIахьош болу болх, – шена хетарг довзийтира И.Тихоновас.
Россин Федерацин могашалла Iалашъяран министерствон хаамашца Россехь тIаьхьарчу 4 шарахь тIех дерстина бераш 12 процентана алсамдевлла.
З.ХИЗИРОВА
№72, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 25-гIа де, 2018 шо