Нохчийчоьнан суьрташ – Москварчу фестивалехь

IMG_8996 копия копия

23-чу январехь Москва гIаларчу Художникан юккъерчу цIийнехь «Росси ма-ярра»  цIе йолу Iаламанан фестиваль схьайоьллур ю. Иза вовшахтохарехь коьрта накъосталла до «Къилбаседа Кавказан курорташ» ОАО-с. Цу хьокъехь хаам бира кху деношкахь (лакхахь йийцинчу) фестивалана лерина дIаяьхьначу пресс-конференцехь.

Вовшахтохархоша хаам ма-барра фестивалехь 500 гергга сурт гайтаме доккхур ду. Россин тоьллачу фотохудожникаша вайн мехкан хазалла гойтур ю цигахь. Церан белхашна юкъахь ду башхачу Iаламан суьрташ а, наггахь бен хуьлуш доцчу дийнатийн суьрташ а. Гайтамехь дакъалоцур ду гIарабевллачу суьрташдахархоша-Iалам дезархоша Горшков Сергейс, Малеев Валерийс, Доля Сергейс, Грановский Лева, Колотилин Андриана, кхечара.

Фестивалан куьйгалхочо Пателеев Олега ма-дийццара, программехь коьрта дакъа дIалоцур ду гIараваьллачу суьрташдахархочун Ланге Антонан «Хребет» цIе йолчу керлачу проекто. Дагадоуьйту, «Къилбаседа Кавказан курорташ» организацин гIоьнца ша дIаяьхьначу проектан декъехь Къилбаседа Кавказан массо а хазачу меттиган суьрташ даьхна А.Лангес. 2014-чу шеран аьхка Нохчийн Республикин лаьмнийн районашкахь а хилира дуьненахь а, вевзаш волу суьрташдахархо. Кавказехь цо бинчу белхан жамIаш Художникан коьртачу цIийнехь дуьххьара гайтаме дохуш ду.

Пресс-конференцехь А.Лангес билгалдаьккхира «Хребет» – кхузаманан Россехь Iаламан, историн, этносийн тайп-тайпаналла гойту дуьххьарлера исбаьхьаллин фотопроект хилар. Iаьржачу хIорда  тIера Каспийн х1орда тIекхаччалц доллу Iалам гайтина ала мегар ду оцу проектехь.

«Къилбаседа Кавказан курорташ» компанин декъехь коьртачех ю ГIебартойн-Балкхаройчуьра «Архыз» а, Нохчийн Республикера «Ведучи» а, ГIалгIайчуьра «Армхи» а лаьмнийн курорташ. Цундела, царна тIе къаьсттина тидам бахийтина суьрташдахархочо Ланге Антона. Церан суьрташ алссам хир ду гайтамехь.

Фестивалан шолгIачу дийнахь (24-чу январехь) Художникан юккъерчу цIийнан 2-чу гIат тIехь А.Лангеца кхоллараллин цхьаьнакхетар а хир ду. Цигахь суьртийн автора довзуьйтур ду Кавказехула ша дина некъаш, юьйцур ю шена евзина башха меттигаш. «Айса проектан болх дIаболочу хенахь, вайн мехкан дукхахболчу бахархошна а санна, суна кIезиг евзара Къилбаседа Кавказ. Ткъа хIинца-м суна баккъал а безабелла и мохк. Цигахь суьрташдахар дагахь а доцучу кепара хаза а, шатайпа а нисделира. Кавказ даима а хила оьрсийн культурехь, иштта кхидIа а хир ю», – элира Ланге Антона.

А.МУСАЕВА   

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: