Курчалойн-Эвлахь дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула йолу республикин 8-гIа турнир. Цигахь дакъалоцуш бара РДЮСШ-ра спортсменаш.

Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.
Финалехь, шайншайн йозаллин категорешкахь, толамхой хилира: Мацаев Салахь (70 кг.), Яхъяев Маьхьди (78 кг.), Халадов Сайхан (85 кг.).
Оцу кхиамашка спортсменаш кхачийнарш бу церан тренерш: Р.Татаев, А.Макаев, А.Сулейманов, М.Таипов.
Карарчу хенахь РДЮСШ-ра спортсменаш кечам беш бу кестта хинйолчу Ерригроссин турнирана. Цу тIехь царна гIо деш, уьш Iамош бу церан тренерш.
Толамхой билгалбехира мидалшца, кубкашца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№72, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 25-гIа де, 2018 шо