Р.Кадыровс а, Ю.Евкуровс а куьйгаш яздина Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанийн хьокъехь болчу бартана

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, ГIалгIайн Республикин Куьйгалхочо Евкуров Юнусбека а куьйгаш яздина шина регионна юкъара административни дозанаш чIагIдаран хьокъехь болчу бартана. Телеграм каналехь йолчу шен официальни каналехь цу хьокъехь хаам бина Р.Кадыровс.

НР-н Куьйгалхо Р..Кадыров а, ГIР-н Куьйгалхо Ю.Евкуров а, РФ-н Президентан СКФО-хь волу векал А.Матовников а

«Тахана историн маьIна долу хилам хилла. Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а мехала маьIна долуш хилам бу иза. Россин Федерацина юкъахь ши республика кхолларан, ткъе пхеа шарахь сов дахделла хилла, гIуллакх чекхдели. Ас а, ГIалгIайн Республикин Куьйгалхочо Евкуров Юнусбека а, дакъалоцуш Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу векал Матовников Александр а волуш, куьйгаш яздина административни дозанан дерриге а дохалла болу зил билгалбоккхуш долчу документана»,
– боху хаамехь.

Кадыров Рамзана дийцарехь, «Россин шина субъектана юкъахь, таханлера де тIекхаччалц, доцуш дара юридически чIагIдина доза. Оцо вайнехан халкъан даррехь болчу мостагIашна бахьанаш лора тайп-тайпана политикин питанаш лело. Дозанаш билгалдахар вайнехан халкъан цхьаалла а, доттагIалла а чIагIдаран новкъахь яьккхина керла гIулч хилла дIахIуттур ду, хIунда аьлча, и зил субъекташна юкъахь бина бу, нохчийн а, гIалгIайн а халкъашна юкъахь бина вац. Со тешна ву вай хIинца даггара вовшийн бIаьра хьовсург хиларх, цIеначу дагца вовшашка куьг лург хиларх, оьшуш хьал хилча, вовшашна гIонна кхочург хиларх. – Мила тоьлла? – бохуш хоьттура соьга. Цу тайппана хаттарш нохчийн а, гIалгIайн а цхьааллина, доттагIаллина дуьхьал ду аьлла хета суна. Делахь а, ас жоп лур ду оцу хаттарна, и жоп ас хIара дешнаш нийса хиларх кIорггера тешна хиларца а лур ду: – Тоьлла нохчий а, гIалгIай а! Цхьа а ца эшна!», – билгалдаьккхина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.

Цо чIагIдо нохчийн а, гIалгIайн а халкъашна эшам беш болчу бартана ша цкъа а куьг яздийр дацара, бохуш.

«Вайн шина халкъах цхьанна эшам беш болчу бартана куьг яздан гIертар вацара со. ХIинца некъ схьабиллина экономикин ондда зIенаш дIатаса, предприятешна, фирманашна, фондашна юкъахь тайп-тайпана барташ бан, цхьаьна компанеш яхка. Ас жоьпаллица дIахьедо: вай цхьаъ ду, вайн цхьаалла а ю, барт а бу! Вай вежарий ду! Вай вайнехан халкъ ду! И дагахь латто деза нохчийн я гIалгIайн халкъан сийх, ларамах, дог-ойланах хьакхалуш долу хIума дан дагадеанчо», – яздина Кадыров Рамзана.

Д.АНАДЕВ

№73, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 28-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: