Муьлххачу а Iедалан, ца хилча йиш йоцуш, мехала гIоьнча а, цуьнца цхьаьна бIаьрг-лерг а ду хIокху заманахь шуьйрачу хаамийн гIирсаш. Цул сов, Iедалан а, юкъараллин а шатайпа геланчаш а бу хаамийн гIирсаш. Цара халкъан догойла, лаамаш, лазамаш, хьежамаш… бовзуьйту Iедална, ткъа юкъараллина Iедалан Iалашонаш, цо кхочушдеш долу гIуллакхаш, кхидерг довзуьйту.
Шуьйрачу хаамийн гIирсийн декхарех а, цара юкъараллехь лелош долчу мехалчу маьIнех а вуно дика кхеташ вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Нохчийчоьнан ханна йолчу Администрацин Куьйгалхо а, вайн республикин Президент а хIоттале, дикка хьалха, кхеттера иза оцу бакъдолчух. Иза билггал иштта хилла хилар чIагIдеш долу цхьа масал дало лаьа суна кхузахь.
ХIинцале генадовла кхиъначу дIадаханчу бIешеран 90-чу шерашкахь, Ахьмад-Хьаьжа Нохчийчоьнан муфтин наиб а, цул тIаьхьа муфти а волчу хенахь цу хьокъехь вайца къамел хилира цуьнан. ХIетахь СоьлжаГIалин Октябрьски кIоштарчу цхьана нехан кертахь яра муфтият. ХIетахь а республикехь дика евзаш яра Iеламстеган Iабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжин цIе.
«Даймохк» газетан дешархошна цуьнга фарз мархийн Рамадан беттан дозаллех дийцийта дагахь даханера тхо муфтиятан неIаре. Дукха адамаш дара арахь лаьтташ. Цуьнан гIоьнчина бовзийтира оха тхаьш беана некъ (цуьнан цIе йицъелла. ХIара (материал) статья язйийр ю бохург дагахь хиллехь-м иэсехь йисина хила а там бара иза. ХIетахь иза дагахь дацара).
– Цхьанхьа ваха везаш, сиха-м ву иза. Делахь а, цо журналисташ баьхкича шега хаийта олу дела, цуьнга хоуьйтур-м ду ас… Муьлхачу газетера дара шу? – хаттар деш, дерзийра цо къамел. Оха газетан цIеяьккхира.
Иза Ахьмад-Хьаьжа волчу кабинета чу вахара, «некъ эрна хила боллу те вайн», – бохучу шеконца тхо латта а дуьтуш. Масех минот яьлча схьаеллаеллачу неIарех тхуна дуьхьал аравелира Ахьмад-Хьаьжа, гIеххьа велааьшна а хуьлуш.
– Марша догIийла шу! – маршалла хаьттира цо массаьрга а.
– Муьлш бу «Даймохк» газетера журналисташ? – хаьттира цо.
– Тхо ду. Де дика хуьлда хьан!
– Диканца дукха дехийла… Вежарий, бехк ма биллалаш, цкъа хIокхеран гIуллакхе ца хьаьжча вер вац со. ХIорш вайн массеран а дуьхьа болх беш ма бу, – вистхилира иза тIеоьцучу чохь болчаьрга. Тхо чудахара. Цо гайтинчу метте охьахевшира…
Ахьмад-Хьаьжа тхуна мархийн дозаллех, уьш шен ницкъ кхочучо кхаба дезарх лаьцна дийцина ца Iийра. ХIора дош шегахь долчу Iилманан а, хьекъалан а, хьикматан а терзанахь узуш дийцира Нохчийчохь долчу хьолах лаьцна, оцу хьолехь шуьйрачу хаамийн гIирсаша бакъдерг, нийса дерг бен дийца дезаш цахиларх. Тхуна тамбархьама а доцуш, хаийтира «Даймохк» газетан редакцин журналисташа нийсонна тIегIерташ, халкъ бохамах, барт бохарх лардан гIерташ бечу балхана ша резахилар…
Цул тIаьхьа хIокху могIанийн авторан кхин цкъа а аьтто ца белира цуьнца цхьаьнакхета, дагара дийца. ТIеман кIуркIамани хIоьттира Нохчийчохь. Массо стаг, зуда Iадийча, хьере хилча санна хеталуш мур беара. Массо а шен санехьа ваьллера. Ницкъ, аьтто, таро ерг ведда республикера дIавахара. Ягош, йохош, саьлнашка ерзош яра ярташ, гIаланаш, хIаллакьхуьлуш дара Нохчийчохь бала а, гIайгIа а хьега дисина маьрша адамаш. Къизалла, акхаралла яьржинера.
Дела воцург орцахвала да вац-кха аьлла хетачу оцу хьолехь, халкъ хIаллакьхиларан зила тIе хIоттийначу хенахь, юха а хезира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин аз. Нохчийн халкъ оцу Iазапах, къизаллах хьалхадаккха гIаьттинера иза, шен дегI, са махина а диллина. Цуьнгахь долу доьналла, майралла, яхь йолуш кхин къонах ца хаалора цу муьрехь вайн халкъана юкъахь я Нохчийчохь а, я цул арахьа а. ЦIена бакъ ма ду иза.
Бакъдолчунна къера хила ма деза вай. Цунах Россин Iедал а, куьйгалла а тешний хиъча, иза Нохчийчоьнан ханна йолчу Администрацин куьйгаллехь чIагIвала воьлча, адамаш цунна тIегIоьртира. Тайп-тайпана амалш, хьашташ, лаамаш, Iалашонаш йолуш адамаш дара уьш. Амма геннара бIаьргтоьхча а хаалора нохчийн халкъаца бала берш, цунах дог лозуш берш кIезиг хилар. Оцу кегаречу муьрехь цкъа-шозза Гуьмсерчу администрацина хьалха нисделла вай. Гобаьккхина тесна кIохцал-сара а болуш, чIагIо яра иза, готта дехьа волийла а долуш. Федералийн эскаран бIаьхой бара гIаролехь лаьтташ, ченан кIур гIаттош наггахь БТР я БМП йолура дехьа-сехьа. Оцу юккъехула кIайн коч, Iаьржа костом юьйхина, къорза галстук йихкина кечбелларш хуьлура АхьмадХьаьжина тIекхача гIерташ. Царна юкъахь кIезиг бацара Iедалан дарж, «йовха» меттиг езаш берш. Ишттанаш, тIе ма хьаьжина, бевзаш-м хиллера А-Хь.Кадыровна.
«Цкъа тахана а хьалхе ду журналистикин хьокъехь цуьнан сагатдан», – бохучу ойланца юха Соьлжа-ГIала схьаван дийзира. Амма веха хьежа ца вийзира шуьйрачу хаамийн гIирсаша болх дIаболон беза де гергакхачаре. Ахьмад-Хьаьжас, боьдуш тIом боллушехь, вахар-вар маьрша доццушехь харцонца, къизаллашца, ямартлонашца, питанашца луьра къийсам шуьйрачу хаамийн гIирсаша а дIабахьа безаш хилар, уьш шайн балха арабовла безаш хилар хаийтира. – Iедал а, юкъаралла а цхьаьна юзуш, церан юкъаметтигаш аьхна еш болу гIирсаш бу телевидени а, радио а, газеташ а. Цундела тахана юкъаралла самаяккха а, кхето а езачу, цуьнан барт чIагIбан безачу хIокху муьрехь вайна къаьсттина чIогIа оьшуш бу и дан гунахь долу хаамийн гIирсаш, – элира хIетахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас.
Цуьнан омрица, цуьнан дIадолорца болх бан йолаелира «Вайнах» а, цул тIаьхьа «Грозный» а телерадиокомпанеш, «Даймохк», «Вести республики», «Вести Грозного», цхьамогIа кхин газеташ. Нохчийчоьнан, ерриге а бохург санна, кIошташкахь арадовла дуьйладелира меттигера газеташ. Уггаре а хьалха арахеца долийначех дара Гуьмсан кIоштара «Гумс» газет.
Йохийна, яржийна, хьакхлагIашка ерзийначу Нохчийчохь юьхьанца данне а атта дацара, ма-дарра аьлча, тIех кхераме дара болх бан. Белхан хьелаш хьехочохь дацара. Телевиденехь цхьа-ши видеокамера бен яцара. Йоцучу таронашца дуьххьалдIа эфираш ян езара. Ткъа газетийн редакцеш Соьлжа-ГIалахь йохоза гIишло а ца карийна, цIенойн лармашкахь белхаш бан буьйлабелира. Цхьана стоьла гонаха масех стаг хууш. Кхидерг ца хьехийча а, балха дIасавахар а дара кхераме. Стенна делахь а, журналисташца гIоьртина бара блокпосташкахь лаьтташ болу федералаш, ткъа террорхой-м журналисташ гича бIаьрга цIий хIуттуш бара.
Нохчийчохь газет арахеца, аьлча а зорбатоха, аьтто бацара ерриге а типографеш а, издательствош а, царна чуьра гIирсаш а бохийна бара. Делахь-хIета, газеташ зорбатохийта луларчу регионашка, дукха хьолахь, Дагестане дахьа дезаш хуьлура, масийтта блокпостах дехьа а довлуш. ХIора а блокпост кхераме зер дара… ХIетте а болх бира. Цхьана а кхерамна халонна бIо къажош бацара журналисташ. Иштта ала бакъо ло аьлла хета оцу муьрехь цхьа а балхана юкъараваьлла цахиларо.
Журналистийн коьрта Iалашо яра Ахьмад-Хьаьжа коьртехь волчу Iедало Нохчийчохь машар барехьа, харцо, къизалла сацорехьа хIора дийнахь турпалаллица кхочушдеш долу гIуллакхаш мелла а сиха халкъе дIакхачор, Iедална юкъараллах накъост ван гIортар, халкъан цхьаалла, барт чIагIбан гIортар. Болх бора Iабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжин кхайкхамаш, къамелаш, хьехамаш халкъана бовзуьйтуш, оцу кхайкхамашца халкъан дог ир-карахIоттош, иза шен ницкъах тешош.
Республикин Куьйгалхочун хIора дош сихонца халкъе дIакхачо дезаш дара. Хьал сиха хийцалуш хиларо а, адамийн ойланаш, хьежамаш чIагIбелла баьлла цахиларо а лоьхура иза. Электросерло цахиларна ярташкахь болчарна республикехь хуьлуш дерг, Iедало деш дерг ца хаьара. Дерриге а газеташкара бен хуийла дацара. Цундела газеташкара журналисташ буьйсанна къуьданаш, чIурамаш латийна белхаш ца бича ца бовлура (Соьлжа-ГIалахь а ма яцара электросерло).
Иччархоша и къуьданаш ,герз тухий, дIабойуш меттиг хуьлура. Вайна а нисъелла (иза кхин къамел ду, цу тIехь тидам ца сецор вай). Амма Iуьйранна балха боьлхучу хенахь кийчча материалаш хуьлура журналистийн. И дан журналистийн ницкъ кхочур бацара А-Хь.Кадыровс уьш балхана хьуьнаре беш ца хиллехь, церан догъоьцуш ца хиллехь, иза церан белхан мехаллех кхеташ, хаддаза церан терго еш ца хиллехь.
Баккъал а цо боккха ларам бора журналистийн. Цунна чIогIа дика хаьара церан дог-ойла гIатто, болх бан дог даийта. Цунна хир даркха журналисташ АхьмадХьаьжа ваьл-ваьллачу кхача гIерташ, цуьнан маслаIате, хьекъале дош халкъе дIакхачо лууш къахьоьгуш хилла хилар.
Журналисташ чIогIа тешнера цунах. Цунах йоккха дегайовхо а яра церан. Царна бIаьрла гуш дара Нохчийчоь маьршачу новкъа яккха гIерташ дийнахь а, буьйсанна а цо хьоьгуш долу къа. Цуьнан бен ницкъ кхочур боцу диканаш даржош вара иза. И сацон, и кхеро, и къарван ницкъ бацара дуьненахь.
«Нохчийн халкъ ас цхьаьнгга хьийзадойтур дац!», – аьлла, цо бина кхайкхам халкъан даг чу бижинера. Цуьнан и кхайкхам хезча, тIунделлачу бIаьргех куьг а хьаькхна, хIокху дахарехь дика а, вон а дукха гина волчу цхьана къаночо элира: «Цу тайпа дешнаш ала къонахалла йолуш баьчча цкъа а ца хилла нохчийн, кхул тIаьхьа хуьлий а ца хаьа». И кхайкхам халкъе дIакхачийнарш вайн хаамийн гIирсаш бара.
Цунах дерг дика хууш волчу Ахьмад-Хьаьжас шен ницкъ ма-кхоччу сиха тодан долийра журналистийн белхан хьелаш. Телевиденехь, радиохь болх бечарна тоьллачех аппаратура эцна ца Iаш, машенаш елира. Сихха меттахIотто йолийра Соьлжа-ГIалара типографи а, издательство а. Газетийн редакцийн белхан аьтто беш царна машенаш елира. Царна кест-кеста совгIаташ дора, кхиболу аьттонаш бора, цаьрца цхьаьнакхетарш дIахьора, царах дагаволура, халкъах а санна. Бакъонца халкъан баьчча хилла дIахIоьттинера иза. Цхьа а харжамаш оьшуш боцуш, Нохчийчоьнан куьйгалхо вара, шен халкъах, махках дог лозуш, массо нохчи шен хIусаме цIа верза, маьрша ваха лууш. Цунах, цо арабаьккхинчу нийсачу некъах халкъ тийшира. Махках, цIарах-цIийнах девлла дIадахана хилла адамаш цIадерза дуьйладелира, къаьсттина А-Хь.Кадыровн дIадолорца республикехь референдум дIаяьхьначул тIаьхьа. Оцу тайпана нехан хийцалуш йолу ойла, хийцалуш болу хьежамаш гайтар лоьхура цо хаамийн гIирсийн векалшка. Иштта лоьхура вахабизмана а, терроризмана а дерриге а, цхьабарт хилла, дIахIитта дезаш хиларх халкъ кхеторехь денна къахьегар, и хьу республикера дIаяккха езар чIагIдеш масалш гайтар.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочун лехамаш кхочушбан гIерташ къахьоьгура хаамийн гIирсаша. Вахабизман а, терроризман а зуламах лаьцна дуьйцуш статьяш тIехь йолу, вайн Iеламнехан хьехамаш тIехь болу газеташ маьхза дIасадоькъура ярташкахь а, гIаланашкахь а. Цо шен беркате тIаьхье луш хилар гуш дара. Уггаре а хьалха – Ахьмад-Хьаьжина.
… Амма… байттамал яI-кх! Ца моьттург хуьлуш, харц дуьне ду-кх хIара. Халкъ шен баьччанах тешначу хенахь стешхачу, ямартчу, кIиллочу зуламхоша тешнабехк бира Ахьмад-Хьаьжина а, нохчийн халкъана а. Боккха тешнабехк… Маржа яI! Ямартхой! Бекхам боцуш дуьсур дац шун цхьа а зулам. Цхьа а! ЭхI! Ма ирча де дара иза. Цамоьттург, дагахь доццург къемата а хила амал дац аьлла хетарг хилира. Халкъ Iадийна дисира. Тезет хIоьттира, белхар даьржира ерриге а Нохчийчохь. Къора, бодане, кхераме тийналла хIоьттира. Хьалхахьа – есалла. «ХIинца хIун хир ду те? Маршонехьа бина некъ боха боллу те? Юха а къийсамаш, тIемаш хир бу те?.. Эзар хаттар хIуттура. Царах цхьанна а жоп дацара…
Оцу хьолехь бист ца хуьлуш Iан бакъо яцара АхьмадХьаьжас бакъонехьа къийса, собаре хила Iамийначу, кхана хиндолчу ирсечу дахарх тешийначу, хьуьнаре бинчу, яхье баьхна хиллачу журналистийн. Уьш Iан а ца Iийра. Инзаре боккха бохам хиллачу шолгIачу дийнахь халкъ собаре, цхьаалле кхойкхуш, Ахьмад-Хьаьжас гайтинчу къилбанах тила йиш цахилар хоуьйтуш, «дистхилира» нохчийн «Даймохк» газет.
Шен кхайкхам иштта берзийра газето:
«Лазийний? Лазийна хьаха.
Къаръеллий? Дера ца елла.
Луъураш дуьйцийла наха,
– Нохчийчоь яла ца елла!
Йожийний? Йожийна хьаха.
ГIоттур юй? Ас вала дуьллу-кх:
ГIоттур ю гIоттучу малхах,
Яха, кхин малхах ца туьлуш.
Бакъ хиллий? Бакъхилла хьаха,
Беллачех хьоьгучу вай дохуш-м…
Амма вай кхуьур ду даха…
Белларш схьабелара бохуш»(Л.Абдулаев)
…Ахьмад-Хьаьжас юьхьарлаьцна некъ, айбина машаран байракх кхин а лакха айбина дIаяхьа Нохчийчохь Ахьмад-Хьаьжас кхиийна къонахий бу бохура газето, цуьнан кIант Рамзан дагахь а волуш, цунах йоккха дегайовхо а йолуш.
ХIаъ. Таханлера де дара хIетахь газето дийцинарг: «Амма вай кхуьур ду даха… Белларш схьабелара бохуш». ХIинцалера Нохчийчоь ган, баккъал а, схьавелара Ахьмад-Хьаьжа а, цуьнан эзарнаш тешаме бIанакъостий. Уьш вайца белара бохуш деха вай тахана, ваьш мел йоккху гIулч Ахьмад-Хьаьжин весеташца юстуш, вай хIинца деш, лелош дерг цунна муха хетар дара те бохург дагахь латтош. Дала гIазот къобалдойла цуьнан.
Тахана а вайна чIогIа оьшур-кха иза, дагадовла, ойла йоьжначохь иза ир-карахIоттаяйта, цуьнан хьехаме ладогIа… оьшура. Оцу дог-ойланца болх беш бу цкъа мацах цуьнан хьехамца, лаамца, дехарца шайн корматаллин декхарш кхочушдан оцу кхерамечу муьрехь балха арабевлла журналисташ а, церан къона накъостий а. (2018-чу шеран хьаьттан (август) беттан 23-чу дийнахь Кадыров АхьмадХьаьжин 67 шо кхачарна лерина Соьлжа-ГIаларчу театрально-концертийн залехь хиллачу даздаран цхьаьнакхетарехь дина къамел.
(Жимма тодеш, тIедуьзна)
С.ХАСАНОВ
№73, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 28-гIа де, 2018 шо