Кху деношкахь Нохчийчохь Шалажи – Янди-КIотар некъан ялхолгIачу километрехь 55 метр йохалла йолу керла тIай схьадиллина. Цо «вовшахтосур» ю республикин Хьалха-Мартан а, ТIехьа-Мартан а кIошташ.

ТIай схьаделларехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Некъийн федеральни агентствон куьйгалхо Старовойт Роман, Нохчийн Республикин вице-премьер, автомобилийн некъийн министр Тумхаджиев Абубакар, кхиберш.
Р.Кадыровс билгалдаьккхира республикин куьйгалло некъийн бахаман объекташна леррина тидам тIебохуьйтуш хилар. Цо баркалла элира Р.Старовойтана регионан некъийн инфраструктура кхиорехь гIо дарна.

«Суна чIогIа хазахета «Росавтодорана» а, Нохчийн Республикина а юкъахь дика юкъаметтигаш йолуш. Нохчийчоьнан некъийн бахам кхиорна тIехьажийна цхьаьнагIуллакхашдар ду оха дIахьош. Тахана, оха цхьаьна къахьегар бахьанехь, республикин ТIехьа-Мартан а, Хьалха-Мартан а кIошташ цхьаьнатухур йолу керла тIай ду схьадоьллуш. Цул сов, оцу тIайна тIебогIучу некъа тIехь 11 километр силам биллина. И бахьанехь шина кIоштан ярташкара машенашца дIасабоьлхучарна а атта хир ду, кIоштийн экономика кхиорехь гIо а хир ду. Ас декъалдо шу дерриге а хIокху хазачу хиламца», – элира республикин Куьйгалхочо.
Р.Старовойта а баркалла элира Кадыров Рамзанна регионан некъийн бахаман проблемийн терго ярна.
Нохчийн Республикехь некъашдахкархоша дика болх бар бахьанехь хIора шарахь керл-керла объекташ схьаелла ницкъ кхочушхилар а билгалдаьккхира цо.

Иштта, 2024-гIа шо тIекхаччалц йолчу хенахь магистралан инфраструктура тояран а, шоръяран а хьокъехь долчу Россин Президентан Указан гурашкахь «Росавтодор» Соьлжа-ГIалин гIалин агломерацин гIуллакхаш кхочушдан дагахь хиларх лаьцна а дийцира Старовойт Романа.
ТIай схьаделларна леринчу даздарехь Некъийн федеральни агентствон автомобилийн федеральни некъийн «Каспи» урхаллин хьаькамна Щербак Сергейна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун цIарахчу сахьтаца а, Баркаллин кехатца а совгIат дира Кадыров Рамзана.
Иштта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Баркаллин кехаташца а, Сийлаллин грамоташца а билгалбехира Нитха хи тIехула тIай дарехь билгалбевлла болу некъийн бахаман белхалой.
А.МУСАЕВА
№73, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 28-гIа де, 2018 шо