Ваьш дуьйцучун ойла хIунда ца йо-те вай?

ТIаьхьарчу хенахь чIогIа даьржина Хаттабан воIера Iумарера ду бохуш, «Мужчина остается мужчиной до тех пор, пока не споет и не станцует», аьлла долу дешнаш даржор…

Уьш социальни сеташкахь статусашка хIиттадо, суьрташ тIехь а, духарш тIехь а яздо, оцу дешнашца вовшийн Iиттарш а йо. Амма, бакъду, и дешнаш Iумарера ду аьлла, шен бух а болуш, далийна тоьшалла дац. И цхьаъ ду!

Вай нохчий ду. Нохчийн культурах цхьа дакъа ду илли алар а, йиш лакхар (дукхаллин терахьехь «эшарш») а, хелхар дар а. Илли боьршачу стага олу. Цо хестабо Даймохк, нана, халкъ. Йиш зудаберо локху. Цо хестабо Нана-Даймохк, Iалам, нана, йиша-ваша, доьзал, безам. Ткъа хелхар синкъерамехь, ловзаргахь до.

Суна ца хаьа хелхавала, шуна а ца хууш хила тарло. Амма суна деза хелхар, ткъа шуна и ца дезаш хила тарло. Доцца аьлча, вай дац хелхар дечарах. Амма иза вай цадарх а, вайн дайша дина цахиларх а, вайн дедайша-м дина.

ТIаккха, лакхахь дуьйцуш долу дешнаш тидаме эцча, цаьргара (вайн дедайшкара) стогалла дIаяьлла хуьлу-кх… Вуьшта аьлча, аш къобалдечу, шуна чIогIа дезачу дешнаша вай, яздеш товш дацахь а, боьрша боцучу божарийн тIаьхьенах ду боху-кх.

Ойла мукъане йой аш, шаьш и дешнаш яздеш? И шиъ ду!

Бусалба дин вайга, кхачам боллуш, схьакхачийна Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Цо ца аьлла «хелхар дича я илли аьлча, стагера стогалла дIайолуш ю». Ца боху иза Ислам-дино а, «магийна дац», «хьарам ду», «дихкина ду», бохуш хила тарло (и дика хуур ду Iеламнахана), амма ца боху «стогалла дIайолу-м».

Ойла яйша, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьллачул сов а волуш, и дешнаш аьлла хир дуй-те Iумара? Питана а, эладита а даржийна ца Iаш, Iумарна доцург кхуллуш дуй-те шу? И кхоъ ду!

Ваьш дуьйцучун ойла хIунда ца йо те вай?!

И.ИСЛАМОВ

№73, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 28-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: