ЦIий доттаран станцехь – неIарш йиллина де

Нохчийн Республикин цIий доттаран станцехь неIарш йиллина де дIадаьхьира. Цигахь дакъалецира Устрада-ГIалин №1 йолчу юккъерчу школин а, футболан «Рамзан» академин а дешархоша.

Экскури дIайолаялале хьалха берашна дийцира донор а, цIий доттар а хьан, муха юкъадаьккхина ду. «Donare» латинийн маттахь «совгIат», «сагIа далар» бохург ду.

1918-чу шарахь, дуьненчохь дуьххьара, адамна кхечу адаман цIий доьттинарг ингалсан физиолог Бланделлома ву. ЦIий доттаран станцис кхочуш дечу декхарех лаьцна дешархошна дуккха а дийцира.

Регистратурера дIадолийра станцин болх бовзийтар. Цул тIаьхьа, цIий дIадалале хьалха, донорийн могашалла толлуш болчу лоьрийн декхарш довзийтира. Иштта, дешархойн таро хилира цIийн анализ оьцуш йолчу лабораторехь хила а.

ЦIий дIадалале хьалха кхочушъян езачу процедурех лаьцна дийцинчул тIаьхьа, берашна йовзийтира цIий дIалуш йолу донорийн отдел а, донорера схьаэцна цIий талларан лабораторин болх а.

Хууш ма-хиллара, донорашкара схьаэцна цIий талла деза. Уггаре а коьртаниг ду иза таллар. Масала, тахана оха донорера схьаэцна цIий шолгIачу дийнахь делккъалц лерринчу кхаа лабораторехь толлу. ЦIий теллинчул тIаьхьа хьовсу иза цIена ду я дац. ЦIий цIена хилар чIагIдинчул тIаьхьа бен иза дIадилла бакъо яц. Стага цкъа цIий дIаделлачул тIаьхьа, шозлагIа цIий дIадалале 60 де даьлла хила деза. Цхьана шарахь кхузза цIий дIалуш верг станцин жигара донор лоруш ву. Иштта, кест-кеста станцехь цIий дIалуш болчу доноршна «Сийлахь донор» аьлла цIерш а ло. Тхан станцехь билгалваьккхина «Сийлахь донор» верриге а 102 ву, – дийцира Нохчийн Республикин цIий доттаран станцин коьртачу лоьро Татаева Зураа.

Шайга дуьйцучуьнга лерина ладугIура бераша. Царна доккха совгIат дара милмила а чу ван йиш йоцуш, леррина болх беш йолчу медицинин учрежденехь экскурси яр.

Дуккха а керланиг Iемира царна, цхьаболчеран донорш хила лаам кхоллабелира, вукхеран – лоьраш хила а, адамийн могашаллин дуьхьа къахьега а. Нохчийн Республикин цIий доттаран станцин Iалашо яра берийн иштта ойла кхоллаялийтар.

М.ДУТУЕВА

№73, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 28-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: