Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университето В.Вернадскийн цIарахчу ГIирмин федеральни университетаца цхьаьна вовшахтоьхначу Iилманийн кандидат а, Iилманийн доктор а Iилманийн даржаш чIагIдаран Iалашонца диссертацеш чIагIъяран кхеташоно хьалхара цхьаьнакхетар дIадаьхьира.

Цигахь дакъалоцуш вара республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитель Байсултанов Идрис, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал, Нохчийн Республикин Iилманийн академин вице-президент, профессор, физикин, математикин Iилманийн доктор Дадашев Райком, хьехаран Iилманийн доктор, диссертацин кхеташонан председателан заместитель Глузман Александр, кхеташонан декъашхой.
Юкъарчу педагогикехула а, педагогикин исторехула а, дешаран говзаллин теорехула а, методикехула а Iилманийн кандидатийн а, докторийн а диссертацеш чIагIъян таро хир ю.
– Диссертацин кхеташо экспертийн организаци ю. Iилманчийн белхаш толлуш, кхачамбацарш дIадохуш, къона Iилманчаш шайн Iалашонашка кхачош болх бийр бу оцу организацис. Цул сов, кхечу регионашкарчу Iилманчийн таро хир ю кандидатийн а, докторийн а диссертацеш тхан университетехь чIагIъян, – элира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректора Халадов Хож-Ахьмада.
Вовшахтоьхначу диссертацин кхеташоно Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан сий-ларам кхин а лакхабоккхур бу. Россин кхечу университетийн санна, Iилманчийн Iилманийн кандидатийн а, докторийн а диссертацеш чIагIъян таро хилла Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан.
Вайн республико ГIирмица лелош йолу политикинсоциальни юкъаметтигаш бахьана долуш массо а агIор гергарлонаш чIагIлуш ду шина республикин.
ВЕГИЕВА Макка
№73, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 28-гIа де, 2018 шо