Чувашерчу тайнигийн театран актераш – Соьлжа-ГIалахь

ХIокху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан къоначу хьажархочун театрехь Чувашийн пачхьалкхан тайнигийн театро «Сказка о рыбаке и рыбке» спектаклаца гастролаш йолийра.

Иза хIоттийна режиссер Чувашийн Республикин хьакъволу артист Филиппов Юрий ву. Чувашийн театран артисташа хаийтира Соьлжа-ГIалахь шайн гастролийн мур дIаболор шайна мехала хеташ хилар. ХIоранна а жимачохь дуьйна дика девза чIаралацархочух а, чIерах а лаьцна долу туьйра.

Цуьнан чулацам дика бевзаш бу берашна. Режиссера кхузаманахьлерчу берийн хьежамашца хIоттийнера спектакль.

Туьйране хьожучу хенахь иза хаалуш а дара. Спектаклана къастийна йолу декорацеш берийн тидам шайна тIехь сацош яра. Оцу туьйранан сюжет башха чолхе яцахь а, кегийчу хьовсархойн хьекъал а, кхетам а алсамбоккхур болуш яра.

Спектакль гайтинчул тIаьхьа, хьешаша (артисташа) прессконференци елира республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшна. Шайн къамелашкахь актераша билгалдаьккхира Соьлжа-ГIала хаза гIала хилар а, кхузахь гастролийн мур дIаболор шайна мехала хеташ хилар а. Иштта, шина а театран артисташа вовшашна зеделларг а довзийтира, шайн кхоллараллин проектех лаьцна а дийцира.

«Гуьйренан басарш»

Дукха хан йоццуш, М.Ю.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драмин театрехь «Гуьйренан басарш» («Краски осени») концерт дIаяьхьира. Концертан программа йолийра Нохчийн Республикин халкъан артисткас Исраилова Тоитас.

Хууш ма-хиллара, цуьнан эшарш баккхийчарна а, кегийчарна а цхьатерра хазахеташ ю. Цуьнан кхолларалла шайна езий а хоуьйтуш, цхьа йиш цуьнца цхьаьна лекхира хьовсархоша.

И суьйре хазъеш, «Iаьржа кIант», «Хьоме нус», «Мохьсолтин доьхна де» спектаклашна юкъарчу беламечу кийсакашца хьовсархойн самукъадаьккхира театран актераша: Хамзатов Ахьмада, Исламов Висхана, Темишев Султана, Авзаева Хедас, Махаури Iальвис, Мишаев Рудольфа, Демишев Iелас, Ибрагимова Румисас, кхечара.

Концертехь дакъалаьцначу артисташа Абасова Маритас, Алиханова Марета, Солтамурадов Беслана иллеш элира, эшарш лекхира.

Хьовсархоша концерт чекхъяьлча дехха тIараш деттарца гайтира «Гуьйренан басарш» концерт шайна хазахетта хилар.

З.ЛОРСАНОВА

№73, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 28-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: