«Ахмат» 6-чу меттехь ю тахана

Футболах ловзарехь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан (Премьер-лига) бархIолгIачу турехь вайн «Ахмат» шен цIахь «Оренбург» командица левзира.

Хьалхара итт минот чекхъялале цкъашозза кхиаме кхача аьтто бара хьешийн.

Амма оцу аьттонах буьззина пайдаоьцийла ца хилира соьлжагIалахойн кевнахо Городов дика ловзар бахьана долуш.

Делахь а, «Ахматан» футболисташа хьалхара тайм юккъе яханчу хенахь дина тIелатар кхиамца чекхделира. Анхела тоьхна буьрка ца лацаелира «Оренбурган» кевнахочуьнга Фроловга – 1:0. Табло тIера и терахьаш кхин хийца ца луш, садаIа яхара командаш.

ШолгIа тайм хьалхарниг санна жигара дIа ца йолийра хьешаша. Кхин жигараллица къаьсташ бацара хIусамдай а. Амма бIаьрла хаалуш дара Оренбургера футболисташ меллаша ловзаран урх шайн каралаца ойла йолуш хилар. Иза цара билггал иштта хилар тIе а чIагIдира тайм юккъе йоьдуш динчу цхьана тIелатарехь гол тохарца – 1:1.

Цхьаьнакхетар чаккхене доьдуш Р.Рахимовс масех футболист хийцича дикка хийцаделира майданара хьал. Делахь а, хьешийн ницкъ кхечира «Ахматан» тIелатарш юхатоха а, шолгIачу голах шайн ков лардан а.

Цу тайппана, жамI 1:1 долуш чекхъелира матч. Таханлерчу дийнахь, 11 очко а йолуш, турниран таблицехь 6-чу меттехь ю вайн команда. Ткъа хьалхарчу меттехь йолчу Санкт-Петербургерчу «Зенитан» 22 очко ю.

Хь.САЙДАЕВ

№73, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 28-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: