«Школин мохкбовзаран тоьлла музей – 2018»

Нохчийн Республикин культурин министерствоc «Единая Россия» партин «Историн иэс» проектан гурашкахь, республикин юккъерчу дешаран учрежденешна юкъахь дIахьош ю «Школин мохкбовзаран тоьлла музей – 2018» конкурс.

Конкурсан белхаш толлур бу Устрада-ГIалин историнархитектурин а, Iаламан музейн-заповедникан а директора Джабраилов Сайд-Эмис а, цуьнан заместитела Хаджиев Рамзана а, Культурин министерствон искусствон а, дешаран а хьаьрмийн отделан хьаькама Ташаева Розас а, Нохчийн Республикин Къоман музейн директоран заместитела Эльбуздукаева Тамарас а.

Конкурс дIакхайкхийчхьана юккъерчу дешаран кхаа школин музейн белхашна таллам бина оха. Иштта оха теллина берийнкхиазхойн туризман а, экскурсан а цIийнан а, литературинмемориалан музейн а белхаш. Конкурсехь дакъалоцуш йолчу школийн музейшкахь археологин а, историн а, культурин а, Iаламан а тIаьхьалонаш хила еза. Конкурсан жамIашца билгалйоккхур ю совгIатан кхо меттиг а, шиъ лауреат а. Региональни конкурс чекхъяьллачул тIаьхьа, лауреаташа Ерригроссин «Историн иэс» проектехь дакъалоцур ду, – дийцира Культурин министерствон вовшахтохараллин белхан а, кадрови политикин а департаментан директоран заместитела Селимов Адама.

Иштта, А.Селимовс билгалдаьккхира школийн тоьлла музейш къасторан конкурс дIаяхьаран коьрта Iалашо, дешархошкахь патриотизм кхиор а, культурин тIаьхьалонаш ларъян а, шайн мохк бовза, беза Iамор а хилар.

Конкурсан белхаш схьаоьцур бу эсаран (октябрь) беттан 26-гIа де тIекхаччалц.

М.ГЕРЗЕЛИЕВА

№73, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 28-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: