ХIокху деношкахь Аштаркхнерчу Н.К.Крупскаян цIарахчу Iилманан библиотекехь дIадаьхьира Аштаркхнан вевзаш волчу поэта Щербаков Юрийс оьрсийн матте яьккхинчу беларусин, нохчийн, суьйлийн меттанийн гочдарийн книгаш йовзийтар.

Уьш ю: «Расулан весетаца» («По завету Расула»), – Р.Гамзатов, Ф.Алиева, М.Ахмедов, З.Батирова, Ю.Хаппалаев, С.Кюребекова, Х-М.Таибов, Э.Ашурбекова, Р.Рамзанов, А.Култаев, Б.Кулунчакова, Б.Гичиханов; «Сан бахам» («Мое богатство») – М.Поздняков; «ЦIаро ца дагийна лаьмнийн мукъамаш» («Напевы гор не выжжены пожаром») – А.Ахматукаев, И.Юсупов.
Книгаш йовзийтарна лерина цхьаьнакхетар вовшахтоьнера Россин Яздархойн союзан Аштаркхнан регионан отделенис.
Цигахь дакъалоцуш бара: Аштаркханан областан правительствон председателан заместитель, культурин а, туризман а министр Зотеева Галина, ХIинжа-ГIалин изобразительни искусствийн музейн директор, Гамзатов Расулан йоI Гамзатова Салихьат, Гамзатов Расулан цIарахчу Дуьненаюкъарчу фондан вице-президент Азизова Габибат, Беларусь Республикин къоман совгIатан лауреат Поздняков Михаил, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин декъашхо Ахматукаев Адам, Дагестанан Яздархойн союзан секретарь Кюребекова Сувайнат, Аштаркхне гIалин Думин депутат Шарапудинов Iела, Аштаркхнан областерчу нохчийн культурин «Вайнах» юкъараллин председатель Байсангуров Iадлан.
Цара шаьш динчу къамелашкахь билгалдаьккхира, Щербаков Юрийс беш берг мехала болх хилар а, Россин къаьмнашна юкъахь гергарлонан зIенаш тийсарехь цо доккха дакъа дIалоцуш хилар а.
– Россин къаьмнийн литература йовзийтарехь къахьоьгуш ву Щербаков Юрий. Цуьнан гочдарша йовзуьйту Россехь дехачу къаьмнийн литература а, церан культураш а. Иштта, къаьмнашна юкъахь гергарлонаш туьйсу цо. Тахана вайна йовзийтина книгаш а ду цунна тоьшалла, – элира Ахматукаев Адама.
Цул тIаьхьа А.Ахматукаевс Ю.Щербаковна Нохчийн Республикин Яздархойн союзан Баркаллин кехатца совгIат дира.
Гитариста Шашков Владимира нохчийн мукъамаш балош, композитора, иллиалархочо Андрианов Станислава Р.Гамзатовн байташ т1ехь даьккхина илли олуш дерзийра цхьаьнакхетар.
З.САГАЕВА
№73, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 28-гIа де, 2018 шо