1919-чу шеран бекарг (март) беттан 23-24-гIий денош дегаIийжаме хилла дисина Iалханюьртахойн иэсехь. Деникин Антонан эскаран инарла Драценко Даниил гIалагIазкхийн бIона хьалхаваьлла оцу суьйранна чугIоьртира Iалханюьртахошна.
1912-1913-гIий шерашкахь гIажарийн махкахь хиллачу гIаттамехь курдаш къинхетамза хIаллакбина, маьрша адамаш дайарехь доккха зеделларг долуш вара инарла Драценко. Iалханюьртахошка тIом хьебеш а дошлойн шина дивизина хьалхаваьлла вара иза (кхоъ дошлойн полк, гIашсалтийн батальон, масех дошлойн батарей, артиллери, 48 гаубица, 50 пулемет). Верриге а виъ эзар сов салтий вара нохчийн цхьана юьртана тIегIоьртинарг.
Iалханюьртахошна цу буссехь хиъна Соьлжа хих неканца сехьабуьйлуш гIалагIазкхий шайна тIегIерташ хилар. Буьйса яра аьлла ца Iаш, цара дика кечам бина, Iуьйранна и буьрса тIом дIаболалуш, кхайкхаза баьхкинчу «хьешашна» хьакъ йоллу дуьхьало ян ницкъ кхаьчна церан. Делкъа-ламазна молла кхойкхуш Iалхан-Юьрта цхьа а гIалагIазкхи чукхачаза вара. Цундела чIагIдала ка-мIараш еттачу Советийн Iедало «ЦIен гIап» цIе тиллинера Iалхан-Юьртана. Цхьана юьртан лазам хилла юьсийла доцуш, Iаламат йоккха эрчо яра Драценкос цигахь хIоттийнарг. Чим беш, ягийна юрт, хIаллакдина, дагийна бехк боцу адамаш.
Ерриге а Нохчийчоьнна Iаьткъинера и бохам. Ца хьакхалуш буьсийла дацара иза яздархочун экамечу сих а.
Iалхан-Юьртахь буьрса кхихкинчу тIамах лаьцна яра нохчийн литературин бухбиллархочун Бадуев СаьIидан дуьххьарлера йоккха пьеса. Театран студи чекхъяьккхина бовлучу нохчийн къоначу актерашна дипломни спектаклана лерина язйина яра «ЦIен гIап» пьеса.
1933-чу шеран асаран (июнь) беттан 25-чу дийнахь хилира спектаклан премьера.
1931-чу шарахь дуьйна студехь дешна, къахьегна нохчийн къоман дуьххьарлера актераш бара спектаклехь дакъалоцуш: Алхазов Тута, Горчханов Iусман, Кагерманов Шамсудди, Эльмурзаев Баудди, Исаев Тапа, Ибрагимов ИсмаьIал, Панчуев Абубакар, Бадуев Мовжди, Ткачева-Панчуева Вера, Ковтун-Ибрагимова Александра, Исаева Асет, Мустапаева Хьулимат, Ташухаджиева Асет, Хакишева Хьава, иштта кхиберш а.
Верриге а 16 стаг вара студехь доьшуш, Iемаш, къахьоьгуш хилларг а, спектаклехь дакъалоцуш хилларг а. Цуьнан лаккхара мах хадийнарш вайн махкахой хилла ца Iара.
1933-чу шеран мангалан (июль) беттан 11-чу дийнахь зорбане даьллачу «Известия» газетан агIонаш тIехь чIагIдора Нохчийчохь когайоьдуш похIмечу актерийн тоба хилар а, цуьнан болх хецна дIабахийта пьесаш латтон кхиъна бевлла драматургаш хилар а.
Юьхь
1904-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу совдегаран Бадуев Сулимин доьзалехь виъ кIант вара. Иза мелла а йоза-дешарца уьйр-марзо йолуш а, 1904-1905-гIий шерашкахь хиллачу оьрсийн-японхойн тIамехь дакъалаьцна а вара. Веа кIанте дешийта гIайгIа бира Сулимас: Сайд-Ахьмаде, Сайд-Салахье, Шарпуддига, Мовждига.

Воккхах волу ваша Сайд-Ахьмад санна, Соьлжа-ГIаларчу реальни училище деша дIавелла вара Сайд-Салахь а. Амма хIара дешна валале, да дIавелира, ненан кхуьнга кхин дIа дешийта аьтто ца хилла, 1916-чу шарахь училище дIатаса дийзира жимачу стеган.
Советийн Iедало схьакхийдочу «ирсана» реза ца хилла, дозанал дехьа велира Сайд-Ахьмад. ХIинца доьзалехь воккханиг хIара вара. Нана, кегий вежарий, йижарий кхабар кхунна тIедуьйжира. КIорггера цуьнан ойла йина, Буру-ГIалахь йолчу кооперативни курсашка деша вахара иза. Цигахь хийцаелира цIе а. Буру-ГIалахь кооперативни курсаш чекхъяьхна цIа вирзинчу Бадуевх хIинца СаьIид хиллера, цIахь болчара-м, цIе яцъеш, хьалххе дуьйна а олуш дара цунах Сайда. Бакъду, махлелорах дог ца леташ, цул тIаьхьа Эна-Хишкарчу хьехархойн курсашка деша вахана, хьехархочун болх бира СаьIида.
Берашна хьехна ца Iаш, ликбезехь болх беш вара иза, баккхийчарна йоза а, дешар а Iамош. Ткъа ликбезаш (ликвидация безграмотности), дукха хьолахь, библиотекашкахь хуьлуш яра. Ликбезаш йоцурш а, исбаьхьаллин тайп-тайпана кружокаш хуьлура цигахь. Драмин кружок яра СаьIидан тидам тIеозийнарг. Цунна чIогIа хазахетара кружокан декъашхоша хIиттош хилла скетчаш, интермедеш, цхьана актехь йолу пьесаш. Уьш самукъане хуьлура, алссам забарш а йолуш. Дукха хьолахь, дIадаьлла шираниг емалдеш, компартис нохчийн къоьжачу лаьмнашка комаьрша чухецначу серлонна хастамаш беш хуьлура цигахь хIиттош йолу сценкаш. ТIаьхьо Бадуев СаьIидана марзделира скетчаш, интермедеш язъяр. Цуьнан дика нислора уьш. Дахар кIорггера довзарна, нохчийн маттана шера хиларна, аьтто хуьлуш хилла хила там бу цуьнан дуьххьарлера кхоллараллин гIулчаш кхиамца яха.
ХХ-чу бIешеран 20-чу шерийн юьххьехь Нохчийчоьнан массо а кIоштахь, къаьсттина Соьлжа-ГIалахь дукха яьржинера драмин кружокаш. Соьлжа-ГIалахь йолчарна дукхахйолчарна тексташ язъеш СаьIид вара. Уллера гергарло дара цуьнан Яндаров Мохьмада вовшахтоьхна 1928-чу шарахь болх бан дIайолаеллачу тобанца. Оцу тобанна юкъа цо шен жимах волу ваша Мовжди вахийтира цо. 16 шо кхаьчна а вацара иза тобанна юкъавалош. СаьIидан говзарш тIехь болх беш яра Мохьмада куьйгалла ден тоба.
Проза
Нохчийн дукхах болу яздархой къоман газето кхиийна бу. Царах цхьаъ ву Бадуев СаьIид а. «Серло» газетан агIонаш тIехь 1925-чу шарахь дуьйна зорбане юьйлуш яра цуьнан дуьххьарлера говзарш. Юьхьанца дукхах болу яздархой санна, поэзи тIера дIаволало Бадуев СаьIид, тIаккха доцца дийцарш яздо, тIаьхьо повесташ гучуйовлу. Яздархочун дуьххьарлера дийцарш «Iимран», «Пхи туьма», «Баудди», иштта дуккха кхидерш а мискачу адамийн беркъа дахар гойтуш дара. ХIинца а деша хала ду цуьнан «Баудди» дийцар. Цуьнан коьртачу турпалхочух Кулсумах дог лазаро бIаьргех хи доккху. Цкъа мацах, дас, вежарша аьллачунна тIера яьлла, шена дукхавезачу кIанте Бауддига маре еана иза.

Ткъа Бауддис, забара тIехь бинчу къовсамна тIера ца волуш, доттагIашна хьалха «къонах» хила лиъна, йитина арайоккху, яха меттиг йоцуш йисина миска зуда, шелонна цIийзачу Iаьнан буьйсанна. Ша аьллачунна тIера яларна, дас ур-атталла кертахь тезет ца хIоттадойту Кулсумна. Йиша яханчу невцан кертахь дIаерзайо пекъар. Иштта, дешархойн дагах кхетачу кепара язйина ю Бадуев СаьIидан «ЦIеран арц» повесть а.
Пурстоьпо Кулдевича бехкгунахь доцуш Сибрех хьажаво Хонмурд, обаргаш тIелаьцна, царна пхьор хIоттийна олий. Хонмурдан цигахь кхалхар хуьлу. Верас воцуш йисина цуьнан хIусамнана Бана а, цхьаъ бен йоцу йоI Залуба а. Дуьнен чохь рицкъ хиларна, гIийла зама токхуш, хене буьйлуш бу уьш, шайн йолчу миска-къелигах тоам беш. Амма кхара ловчу Iазапах Iебаш ца хиллера Кулдевич а, цуьнан ялхо Мирза а. Мирза нохчийн къомах ву бохуш ву, нохчаллех хьаса шеца бацахь а. Цунна дика бевза сутарчу Кулдевичан лаамаш. Уьш коьртачу декъана ахчанах а, зударех а боьзна бу. Иза сатесна ву нохчийн зудчуьнца буьйса яккха. Цхьана хIуманна тIехь бехкала ваханчу Мирзас шена тIелоцу Кулдевичан лаам кхочушбан. Цо Хонмурдан зудий, йоIий йолчу валаво Кулдевич. Шелонна, хьоькхучу дорцана кIелхьарабовла хьеший шайн хIусаме кхаьчна моьттуш, нанас а, йоIа а нохчийн хаза гIиллакх хIоттош тIелоцу, хан йоццучу хенахь, неIаре гIоьртина хIара шиъ. Йолчу таронца яа-мала хIоттайо, вузаво, вохвалийта пешахь йоккха цIе латайо.
Амма ямартчу хьешийн дагахь кхин ду. Цара лейой божал чу юьгу Залуба. Нанас а олу, ледара ма хила, хьажа хьешийн гIуллакхе. Бехк боцуш чувоьллина, набахтехь хIаллаквинчу шен хIусамдена дукха тIаьхьа йилхина, кхоччуш бIаьрса дайна, меттахь йисинчу Банина хIун хаьа хьешийн дагахь хIун ду!? Царах цхьаъ нохчийн мотт буьйцуш хилча, нанас дена винчу вешех санна, тийшира иза царах…Жимачу Залубица Кулдевич божал чоьхьа ваьлча, арахь сецначу Мирзас неI дIакъовлу, кхераелла йоI ара ца эккхийта. Цунна коьртаниг шен хьаькаман лаам кхочушхилар ду, Залубас орцадоьхуш хьоькху шийла мохь цунна хезаш бац.
Бадуев СаьIидан тоьллачу говзарех цхьаъ ю «ЦIеран арц». Повестан драматизм трагедига хьалакхочу. Нийса хир дацара цуьнан «Бешто» повесть тидам боцуш йитар. Шовда санна хьаьъначу безамах а, сутарчу адамийн къизаллех а ю иза. Дуьненна гIараваьлла вевзачу ингалсан драматурган Шекспир Вильяман турпалхойн амалшка хьалхакхочуш ю «Бешто» повестан турпалхойн амалш а, синъондалла а. Юьртахь тоьллачу кIентех цхьаъ ву Бешто. Хьуьнарца, товш куц-кеп хиларцна, дечу къамелехь шалхонаш цахиларца, цуьнга кхочуш кIентий дукха бац. Цундела везавелла иза Бусанина. Бештона а еза Бусана. Амма Бешто къен ву. Ткъа Бусана хьоладен Хизаран йоI ю. Верасаш реза бац шайн йоIе къен маре дайта. Царна хьал долчу нахаца деза гергарлонаш а, уьйрмарзонаш а. Бешто цкъа а мел дукха хан дIаяларх, хьолана вукъвелла ваха хуур ву олийла дац.
Цул сов, Бештон нана ю кIелйисина, меттахь. Дуккха а шерашкахь йисина Iийна ю Зайдат, цхьа Бешто воцург, доккхачу дуьненахь бIаьрса хьаста кхин хIума доцуш. Цунна шен кIелйисар а, Iожаллин меттахь ша Iиллар а гуш дац, уллехь йиша-ваша доцуш, цхьалха вуьсу Бешто бен. Цундела дехарш до Зайдата кIанте сихха зуда ялалае бохуш. Ненан дог эца лууш, луларчу юьрта ирахьIен а воьду Бешто, амма цIеххьана цунна тIаьхьа хабар кхочу, сил дукхаезачу Бусанас шена орцахвоьхуш. Дас зуда, чоь юьззина доьзал болчу стаге Масига маре дIалуш ю иза, цуьнан шортта жа ду аьлла. Масига ца йоьдуш яла реза ю Бусана, цундела воьху цо орцах Бешто.
ЙоI арайолу Бештога маре дIаяха, амма сирлачу безаман ирсе сатесна новкъаяьлла йоI шийлачу Iожалло лоцу. Шаьлта кхетий, вешин карах махо дожийна маргIал санна, южу Бусана… Иштта, нуьцкъала амалш йолуш бу Бадуев СаьIидан турпалхой. Цуьнан муьлхха а говзар вайх лаьцна ю, вайн амалех, наггахь и амал талхочу сакхтех, сакхташ дебначохь нислучу бохамех. Оьрсийн яздархочуьнга Достоевский Федоре хаьттина боху: «Ма дастаме гойту ахь хьуо схьаваьлла оьрсийн къам, хьуна иза, иштта, цадезаран бахьана хIун ду?» – аьлла.
«Сайн къам суна чIогIа дукхадезар ду цуьнан бахьана, – жоп делла яздархочо, – ледарлонех адамаш лардалийта, царна дIагайта еза, цаьргара юьйлу ледарлонаш!».
Бадуев СаьIида шен говзаршкахь емалйо сутаралла, сонталла, куралла. Яздархочун массо а дийцар цIеначу нохчийн маттахь яздина ду, уггаре а йоккха мехалла иза адамийн дахар хилар гойтуш ду. БIешерийн кIоргенера вайн турпалчу дайша лардеш схьадеана цхьа а гIиллакх дац адамийн дахар хьашаре кхойкхуш. Цунна орцадоху нохчийн къоман яздархочо шен похIмечу говзаршкахь. Цо самояр доьху къаьсттина зударийн а, берийн а дахарна кхерам болчохь, бохаме ерза тарлучу сонталлина йийсарехь ца соьцуш. Адамалле кхойкхуш ду СаьIидан «Iадат», «Олдум», «ГIу», «Баудди», иштта дуккха а кхидолу дийцарш.
Яздархо воккха гуманист хилла. Цунна хийра хилла къизалла. Иштта хийра ю и къизалла цуьнан дукхахболчу турпалхошна. Сутараллин къизалло акхаваьккхина Бешто. Сонталлин йийсаре вахханчохь, Бауддис гайтинчу къизалло хIаллакйина Кулсум а. Нохчийн къоман дахарехь хилла, хIинца а хила тарлуш дерг ду яздархочо шен говзаршкахь гайтинарг. Бадуев СаьIида дуьнене орцадохуш хета: «Адамаш лардайша вовшийн, ма хилийша ямарт, Iалашбайша безам, тешам, вовшашка болу ларам!».
Доца хиллачу шен дахарехь роман язъян а ларийна С.Бадуев. Романан цIе «ПетIамат» ю. Иза а ю деэшначу адамийн сингаттамаш, гIайгIанаш ойуш, уьш йийцаре еш. Оьрсийн паччахьан Iедалан векална дуьхьало ярна, лаьцна, Сибрех дIахьажийна ПетIаматан да Дуда. Шийлачу новкъа волуш, цхьаъ бен йоцу йоI ПетIамат юьртарчу моллех тешийна Дудас. Дас аьллачунна тIера ца йолуш, моллин хIусамехь хене юьйлуш ю кхиъна йогIу йоI. Де дийне мел долу, серлаюьйлуш ю цуьнан хазалла. Юьртара кегийнах бу ПетIамате безамца бIаьргбетташ. Амма хIара верас лерина, ларъе аьлла дас шега схьакховдина йоI нахе ялийта дагахь вац. Иза ша а ву ПетIамате сутара бIаьргбетташ, йоI тIеерзо гечонаш лоьхуш, цунах шен хIусамнана ян лууш. Моллин ойланаша цецйоккху ПетIамат.
Иза яла реза ю, моллин хьарамчу лаамашна тIе ца йоьрзуш. Дуда тешна моллех, шен нанас дена винчу вешех санна, шена дахар деллачу дех а, ненах а санна. Иштта хила а деза. «ПетIамат» романера молла осала амал йолуш ву, цо дIакхоьхьуш болу динан некъ цIархазмана лелош бу. Цуьнан дахар ерриге а цхьа моттаргIа ю. Ларамаза дац романан коьрта турпалхо кхиъна догIу зудабер хилар. Муьлхха а зудабер – иза нохчийн къоман сий ду. Ткъа къоман сий лардан декхарийлахь ву нохчичун дог кийрахь детталуш волу хIора стаг. Романан коьрта турпалхо ПетIамат – къоман символ ю. Цуьнца молла эвхьазавалар, шийлачу бенцахетарца къоман сий хьашар ду. И санна волчу стагана кIарлагIа югIуш хилла нохчаша, юьртах воккхуш хилла. Дешархочун ойла самайоккхуш, иза ойлане ваккха ницкъ кхочуш ю роман.
ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь язйина елахь а, тахана а шен мехалла йолуш ю иза. ТIаьхьо Бадуев СаьIида пьеса язйийр ю шен романа тIехь, къоман театро шен сцени тIехь хIоттор а ю иза. Хьаххийначуьра аьлча, яздархочо шен масех дийцар дерзийна пьесе. Царна юкъахь ду «ЖаIуьнан доьзал», «Дешин Iам», иштта кхидерш а. Тидам тIебохуьйтуш ю Бадуев СаьIидан «Мацалла» повесть а. Цуьнан коьртачу турпалхочун ХIижанан васт тера догIуш хета ПетIаматан вастах. Ямартчу адамийн къизалло бехк боцуш бале лаьцнехь а, ПетIаматана орца кхочу, цунна дукхавезачу кIантера. Иза обарг Мусост ву.
Ткъа ХIижан вала да воцуш, орцане ладегIа меттиг йоцуш юьсу шен бохамца… СаьIид халкъан яздархо ву. Шен говзаршкахь цо балхораш мискачу адамийн баланаш бу. Яздархочун хIора дош деэшначу стагана орца лоьхуш, адамалле, къинхетаме, нохчалле кхойкхуш ду. Цуьнан ерриге а говзарша вайх хIоранна тIедожадо нохчаллех къилба дина вахар. Иштта ду цуьнан похIмечу кхоллараллин маьIна.
Театр
ХХ-чу бIешеран 30-чу шерийн юьххьехь Соьлже маре еара Бадуев СаьIидан йиша Деши. Цо захало дийцина Соьлжера уггаре а хаза йоI Шатаева Зараъ йигира СаьIида. Зараа йина ши йоI яра яздархочун. Церан цIерш Томилий, Тамарий яра … Къона доьзал СоьлжаГIалахь Iаш бара. СаьIида болх уггаре а жигарабаьккхина хан ю иза. Къаьсттина чIагIделла цуьнан нохчийн къоман театраца долу гергарло.

1934-чу шарахь Кремлерчу Iедало цхьаьнатуху вайнехан ши республика. ХIинца театрах а НохчГIалгIайн Республикин пачхьалкхан драмин театр хуьлу. Оцу муьрехь язйо Бадуевс шен тоьлла пьесаш: «Политотдел», «Дешин Iам», «Лаьмнаш хийцалуш ду», «ЖаIуьнан доьзал», «Дайн Iедал», «ЦаIебас зудаялор», «Большевикаллийца ялта дIадер», «Колхозхойн деза де», иштта дуккха а кхиерш. Нохчийн дуьххьарлерчу режиссера Батукаев ХIарона билгалдаккхарехь, иттех сов пьеса яра ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь театран репертуарехь, автор Бадуев СаьIид а волуш. Церан массеран а сюжеташ нохчийн къоман дахарера схьаэцна яра. Масала, «Колхозхойн деза де» спектакаль чIогIа самукъане хилла, алссам забарш, шовкъе хелхарш, зевне иллеш долуш. Леррина «Колхозхойн деза де» спектаклана яьккхина хилла Димин Iумаран «ХьалагIаттал Асет» йиш.
Иштта, самукъанечу спектаклах цхьаъ хилла «ЦаIебас зудаялор» а. Сутарчу цхьана стагах хилла и спектакаль. Цу юкъара ду халкъалахь афоризме дирзина хIара дешнаш: «ГIабали ерг соьга ца йогIу, коч ерг ас яла ца йо!» Нускал ца далош дуьхьалваьлла спектаклан коьрта турпахо ЦаIеба. Цкъа делахь, зударша дукха хIума юуш хилар хилла цунна Iеткъаш дерг. ШолгIа делахь, къечу цIентIера ялийначу зудчо цIа цIиндийр дац, мелхо а тишдийр ду бохучу ойлана тIехь сецаш хилла ЦаIеба. Эххар а, хьахайо цунна хьалдолчу нехан йоI а. ТIаккха самукъадаьлла нускало бен болу пайда багарбан хуу иза. ДогIуш нускало дохьу долу совгIаташ, децIа яхана схьайогIуш дохьу долу совгIаташ, мотт бостуьйтуш накъосташа тосу долу ахча…
Юьхьанца дуьйна, иштта забаречу хоршахь дIайоьдуш хилла «ЦаIебас зудаялор» комеди. Цунах чIогIа самукъадолуш хилла вайн махкахойн. Советийн Iедал тIедале дукхахберш ахархой хилла нохчий. Дуьххьара Йоккхачу мехкадаьттане балха веанчу нохчийн жимачу стагах ю Бадуев СаьIидан «Дешин Iам» пьеса. Шен башхаллица къаьсташ ю юьртахь хьалакхиънчу жимачу стеган амал. Делахь а, белхалойн боккхачу доьзалх дIакхетча, хийцало цуьнан амал. Иза кхета вайн махкарчу маьIданийн да ша хиларх. Цуьнца цхьаьна и маьIданаш лардан дезаш хиларх а кхета. Оьрсийн белхалочо кхетаво Бетерби хьаналчу къинхьегамехь бен ирс цахиларх а, къаьмнашна юкъахь долчу вежараллин доттагIало бен, барт чIагIбеш цахиларх а. «Дешин Iам» пьеси тIехь хIоттийначу изза цIе йолчу спектаклан коьрта турпалхо Бетерби, финалехь кхета, дешин Iам – иза мехкадаьтта хилла Iаш дац, Iам хилла ца Iаш бух боцу хIорд бу адамашна юкъара барт, уьйр-марзо, доттагIаллин а, гергарлонийн а зIенаш.
ХХ-чу бIешеран 30-гIа шераш юккъе доьлхуш Нохч-ГIалгIайн яздархойн союзан председатель вара Бадуев СаьIид. Оцу дарже ларамаза кхаьчна вацара иза. Цу хенахь Къилбаседа Кавказехь вевзаш яздархо вара иза. СССР-н Яздархойн союз вовшахтоха бечу кечамашкахь дакъалоцуш хилла СаьIид 1932-чу шарахь.
1934-чу шарахь Москвахь дIаяьхьначу СССР-н яздархойн съездехь дакъалаьцна, нохчийн яздархойн тобанца. Горький Максимаца уллера гергарло хилла цуьнан. Горькийн кхолларалла евзаш, езаш, цуьнан лаккхара мах хадош хилла Бадуев СаьIид. Цунна тоьшалла ду Горький Максиме цо яздина кехат.
«…ЛадогIа! ЛадогIа! Хьоьга дош ала воллу ламанхо-нохчо. ХIара со ву, къолам кара эцна, цунах куьзга дина, хьуна сайн дог гайта воллург! ХIара со ву, Лермонтовс, Пушкина ламанан исбаьхьа зезаг, хаза буц, сийна аренаш, «шаьлта иръеш воллу оьгIазе НОХЧО» вийцинчу Кавказерчу Нохчийчуьра. И Кавказ ю, массийтта шо хьалха паччахьа Iазапехь даллочу халкъа юккъехь хIоранна а шен-шен синна воьлхуш, хIораннан а дог-ойла хьайн къоламца язъеш, Сибрехара дуьйна Россехула а гIаш чекхволуш, цхьажиммачунна делахь а, хьайн сирла бIаьрг ахь кхарстийна.
Накъост Горький, цу ламанашкахь тахана оьгIазечу нохчочо шаьлта ца ирйо! Цигахь къинхьегаман нохчочо тракторан нох ирдо! Лаьмнашна а тIехь угIуш машенан еш ду! Ялтина этIош Iаьржа латтанаш ду. И болх беш белхалочун, колхозхочун турпала ши куьг ду. Церан ондачу пхенашкахь кхехкаш хIайттараллин цIий ду, цара хIотториг керла бахам бу…».
1932-чу шарахь яздина и кехат Бадуев СаьIида. Дерриге а нохчийн къоман цIарах яздина ду и кехат. ЧIагIдала доьллачу Советийн Iедало шен къизаллаш дIайолочу муьран юьхь ю 1932-гIа шо. Цу шарахь Италера цIавоьрзу Горький Максим. ЧIогIа вазвина тIелоцу иза Советийн Iедало. Нижни Новгород гIалин цIе хуьйцу.
1932-чу шарахь дуьйна гIаланах Горький хуьлу 1990-гIа шо тIекхаччалц. Сталин Иосифа шен доттагIалла кхийдадо Горький Максиме. Пролетариатан коьрта яздархо лоруш ву Горький СССР-хь. Цунна йиллина ю массо а хьаькаман неI. Цундела яздина Бадуев СаьIида Горькийга кехат. Буьрсачу заманан лехамашна жоп луш дара СаьIида цуьнан цIарах яздина кехат. Горький Максима дикка дола, Iуналла до нохчийн яздархойн. Амма 1936-чу шеран асаран (июнь) беттан 18-чу дийнахь Горький Максим дIаволу.
1937-чу шеран мангалан (июль) беттан 31-чу дийнахь, деккъа цхьана дийнахь, 14 эзар стаг набахтичу кхуссу. Цунах тоам ца беш, 1937-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 8-чу дийнахь Соьлжа-ГIала вогIу Ежов Николайн хьалхара заместитель Шкирятов Матвей. Эсаран беттан 10- чу дийнахь КПСС-н Нохч-ГIалгIайн Республикин обкомо йоккха кхеташо гулйо Шкирятовн омранца. Схьагулво массо а куьйгалхо, яртийн, кIотарийн дайшна тIера Нохч-ГIалгIайн Республикин министрийн Советан куьйгалхошна тIекхаччалц. Кхеташо дIайоьрзуш, нохчийн, гIалгIайн къомах волу массо а куьйгалхо набахтичу кхуссу. Ца къаставо обкоман секретарь я министр, Iилманча я яздархо.
1937-чу шеран эсаран беттан 10-чу дийнахь НКВД-н белхахоша чубоьхкинчарна юкъахь вара «Ленинан некъ» газетан редактор Арсанукаев Халид, радиокомитетан председатель Айсханов Шамсуди, Нохч-ГIалгIайн Республикин Яздархойн союзан председатель Бадуев СаьIид, Нохч-ГIалгIайн Пачхьалкхан драмин театран директор Яхшаатов Хьамид, иштта дуккха а кхиберш… Нохчийн къоман дуьххьарлерчу режиссера Батукаев ХIарона дуьйцура: «Театрехь дийнахь а, буса а дIайоьлхуш «ПетIамат» спектаклан репетицеш яра.
1937-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 7-чу дийнахь премьера хила езаш яра цуьнан. Цу буьйсанна а, са хила доллалц, репитицехь дара тхо. Сатосуш дара со тIера бедар хийца дагахь сайн цIа ваха театрера араваьлча. Кестта хила езачу спектаклан афишаш этIош бара НКВДешникаш. «Ой, дIадовла, аш хIун леладо? – аьлла, тIехьаьдира со царна, – Тхан кестта премьера ма ю! Аш этIошъерг тхан афиша ма ю…».
Тоьпан бух тоьхна юхакхоьссира НКВДешникаша ХIарон. «Хир яц шун цхьа а премьера! Шун Бадуев а хир вац кхин цкъа а!».
Иштта, къинхетамза тIепаза вайъина Советийн Iедало нохчийн бакъволу къонах, похIме яздархо, халкъан тешаме воI Бадуев СаьIид. Цхьана ханна театр а дIакъевлина, цуьнан массо пьеса а репертуарера дIаяьккхира. Бадуев СаьIид а, цуьнца дIалаьцна хилла цуьнан ваша Шарпудди а кхин бIаьрга гина стаг вац. Делахь а, вайца яха йисина яздархочун говзарш.
Къоман иэсехь даха дисина Бадуев СаьIидан сирла васт а. Доца хилла яздархочун дахар.
Бакъду, дуьнен чохь ша йоккхучу хенахь чIурамах ваьгна яздархо халкъана, махкана беркате серло яржош, керлачу дахаран зевнечу ирсе йоьду некъалар шен дешархошна гайта лууш, вайга массаьрга дикане, къинхетаме, адамалле кхойкхуш.
Къоман дуьхьа къахьегнарг цкъа а леш вац, иза веха, цуьнан беркат вайх мел хьерча. Ткъа Бадуев СаьIидан говзарийн беркат вайх хьерчаш ду.
ГАЗИЕВА Аза
№73, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 28-гIа де, 2018 шо