Хьекъале дош дIакхочу къоначеран кхетаме

kurcha

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, «Некъ» телекомпанин куьйгалхо Шахидов Адам а, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор Дадаев Ризван а кху деношкахь цхьаьнкхийтира Курчалойн районан администрацин белхахошца а, школашкарчу дешархошца а.
Цхьаьнакхетаран юьххьехь Р.Дадаевс билгалдаьккхира тахана нохчийн халкъана хьалха лаьттачу коьртачу декхарех цхьаъ тIекхуьу къона тIаьхье ийманехь, гIиллакхе, оьзда кхетош-кхиор хилар а, уьш вахабитийн а, экстремистийн а тIеIаткъамах ларбар хилар а.
– Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана леррина тидам тIебохуьйту оцу гIуллакхашна. Делахь-хIета вай а жигарбаккха беза экстремизм а, вахабизм а яржорна дуьхьал дIахьош болу къийсам, – бохура Дадаев Ризвана. – Вайн бакъо яц цхьана а дийнахь малдала, цхьа а жима стаг тидамера валийта, цуьнга харцновкъа гIулч яккхийта.
Цул тIаьхьа, кхузахь гулбеллачарна «Суфизм: безопасность для человека, стабильность для государства» книга йовзийтира Шахидов Адама. Оцу книгехь вовшахтоьхна дIадаханчу шеран август баттахь дIаяьхьначу Дуьненаюкъарчу исламски конференцехь дакъалоцуш хиллачу дерриге а дуьненарчу цIеяхханчу Iеламнаха йина докладаш. «ХIара книга республикерчу берриге а бусалбанаша шех куьйгалла оьцуш а, пайдаоьцуш а хила еза. ХIунда аьлча, цу тIехь дуьйцу Суфизман маьIнех а, мехаллех а лаьцна. Книгехь билггал делилаш далош гойту Суфизм Исламаца йогIуш хилар», – бохура А.Шахидовс.
Цо дешархошна иштта дийцира Исламан, Ийманан, Ихьсанан баххех лаьцна, уьш кхетийра «суфизм» а, «тассавуф» а дешнийн маьIнех. «Суфизм суннизмах дIакъаьсташ яц. ХIунда аьлча, суфизм Исламан са ду. Харц бу «суфизман» а, «тассавуфан» а Сийлахьчу Къуръана чохь бух бац бохуш берш. Къуръанехь оцу дешнийн синонимаш ялийна, амма церан цхьа маьIна ду», – чIагIдира Шахидов Адама.
Лакхахь хьахийначу департаментан директора кегийрхошка, дешархошка дийхира харц-идеологаша интернетан хьаьрмашкахь беш болчу кхайкхамех Iеха ма лахьара шу, цара дуьйцург бакъ ма хетахьара, бохуш. Цуьнца цхьаьна цо гулбелларш кхетийра вахабиташ Iехабелла, галбевлла нах хиларх. Уьш стенна тIехь галбевлла а дийцира цо. «Церан дегнашчохь цхьа тIадам Ийман а дац, Ислам а дац. Цара деш долчу зуламашкахь гуш ду цаьргахь бусалбалла цахилар, уьш бусалба динца бала болуш цахилар. Церан кхин Iалашонаш ю, церан кхин хьашташ ду», – элира Дадаев Ризвана.
Суфизм доккха маьIна лелош ду Нохчийчохь. Социальни, политикин, оьздангаллин агIонийн мехала дакъа ду иза. «Нохчийчохь бусалба дин Iалашдаделла нохчий суфизмана тIаьхьабозуш, вайн махкахь дин даржош бахькинчу сийлахьчу эвлаяашна тIаьхьабозуш хиларна», – бохура Р.Дадаевс.
Цхьаьнакхетар дерзош Курчалойн районан администрацин куьйгалхочо Черхигов Идриса хьешашна баркалла элира шаьш долчу дахкарна а, къоначарна кхетам луш, хьекъале къамелаш дарна а.
Д.АНАДЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: