Нохчийн Республикера оперативни хьал

Наркотикашца къийсам дIахьо

ХIокху деношкахь «Мак–2018» операци дIахьош Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Шелан кIоштахь йолчу отделан белхахоша Жима АтагIа юьртайистехь сацийна 1994-чу шарахь вина волу меттигера вахархо.

Таллам дIабаьхьча, цуьнгахь кара а йина, схьаяьккхина баьццарчу басахь, ораматех схьаялар долу, кIомалан шатайпа хьожа йолу 110 грамм хиллал наркотик.

Схьаяьккхина наркотик таллам бан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон экспертийн-криминалистикин туьше. Вахархочунна тIедиллина полицин отделе вар. ДIахьош таллам бу.

Оперативни-профилактикин мероприятеш дIахьочу хенахь Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Шуьйтан кIоштахь йолчу отделан белхахоша Шуьйтахь сацийна 1989-чу шарахь вина волу Борзера вахархо.

Тешаш а болуш, полицин белхахоша вахархочуьнгахь кара а йина, схьаяьккхина таьIна-баьццарчу басахь, ораматех схьаялар долу, кIомалан шатайпа хьожа йолу, 150 грамм хиллал наркотик чохь йолу Iаьржа полиэтиленан тIоьрмиг.

Схьаяьккхина наркотик таллам бан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон экспертийнкриминалистикин туьше.

Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьян 2-чу декъехь билгалдинчу зуламан билгалонаш ю вахархочо динчу зуламан. ДIахьош таллам бу.

Киранаш дIасакхехьа бакъо ца хилла

ХIокху деношкахь Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIалин урхаллин №2 йолчу полицин отделан белхахоша, оперативнипрофилактикин мероприятеш дIахьочу хенахь республикин пачхьенан Ханкальски урамехь сацийна 1978-чу шарахь вина волчу Шелан кIоштан вахархочун долахь йолу «ГАЗ-3302» автомашен.

Автомашенан хIургонна чохь, киранаш дIасакхехьа бакъо луш долу цхьана а тайпа накехаташ а доцуш, вахархочо дIасахьош хилла 300 кийла хиллал эчиг.

Россин Федерацин КоАП-н 14.26-чу статьяхь билгалдинчу административни бакъо талхоран билгалонаш ю автомашенан водитела динчу зуламан. Вахархочунна тIедиллина полицин отделе вар.

Бердах дахана бер кхелхина

Хьалхуо Веданан кIоштарчу Верхотехь, шен хенарчу берашца ловзучу хенахь, 7 шо кхьчна кIант, ког а тасабелла, бердах вахана чIогIа лазош бохам хилла хиларан хьокъехь хаам хиллера.

Лазийна кIант Соьлжа-ГIаларчу №2 йолчу берийн клиникин больнице кхачорца доьзна республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис таллам дIабахьар дIадолийнера. Лоьраша шайгара оьшу гIо динехь а, кIант кIелхьара ца ваккхавелира.

Кхетам чу ца вогIуш, 3-чу дийнахь больницехь кхелхира иза. Оцу хьокъехь дIахьош таллам бу.

Таллам дIахьочу хенахь къастор ду хиллачун бахьанаш а, хьелаш а, иштта дай-наноша бераш кхетош-кхиоран, царна Iуналла даран декхарш кхачам боллуш кхочушдина хилар я цахилар.

Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон а, Нохчийн Республикин прокуратурин а пресс-службийн гIоьнца хаамаш кечбинарг – I.МУРТАЗОВ

№72, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 25-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: