Умаров Джамбулатан «Грозный. Фактор КРА» книга йовзийтира

Стомара, Соьлжа-ГIаларчу «Вайнах» концертан залехь дIадаьхьира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран Умаров Джамбулатан «Грозный. Фактор КРА» цIе йолу книга йовзийтар.

Книга йовзийтарехь дакъалоцуш бара федеральни Iедалан органийн а, Россин Федерацин субъектийн Iедалан органийн а векалш, бевзаш болу политикин а, юкъараллин а гIуллакххой, иштта Россерчу а, кхечу пачхьалкхашкарчу а Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин векалш.

«Грозный. Фактор КРА» книги тIехь дуьйцу СоьлжаГIалех а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентах, Россин Турпалхочух Кадыров Ахьмад-Хьаьжех а, Нохчийн Республикин хIинца волчу Куьйгалхочух, Россин Турпалхочух Кадыров Рамзанах а, нохчийн халкъан исторех а лаьцна.

Мероприяти лерина яра Соьлжа-ГIалин хIокху шарахь 200 шо кхачарна.

Умаров Джамбулата яздина керла илли довзийтарца дIайолийра мероприяти. Илли дIаэлира Россин Федерацин халкъан артиста, гIараваьллачу композитора Дунаевский Максима. Цо, иштта, Умаров Джамбулат декъалвира цуьнан керла книга йовзийтарца.

Гулбеллачаьрга маршалла а хоттуш, вистхилира яздархо, публицист, «Завтра» газетан коьрта редактор, Изборски клубан председатель Проханов Александр. Цо билгалдаьккхира нохчийн халкъ республикехь хиллачу бохамех доьналлица чекхдаьлла хилар.

Умаров Джамбулатан книги тIехь гайтина нохчийн халкъан доккха доьналла а, ницкъ а, – элира А.Прохановс.

«Розум Юрийн цIарахчу гIолацаран фондан» куьйгалхочо Стрельникова Верас Д.Умаровн книги тIера кийсакаш йийшира.

Нохчийн Республикин Культурин министра Дааев Хож-Баудис лаккхара мах хадийра Умаров Джамбулата бинчу белхан, иштта билгалдаьккхира авторан ший а книга кестта регионан библиотекашкахь а хирг хилар.

Вай тахана дозалла до нохчийн халкъан исторехула болу керла белхаш ахь язбарна. Цара гIо дийр ду тIекхуьучу чкъурана бакъдерг довзийтарехь, – элира Х-Б.Дааевс.

Иштта мероприятин дуккха а дакъалацархоша Умаров Джамбулата язйинчу «Грозный. Фактор КРА» книгех лаьцна дика а, довха а дешнаш элира.

Царна юкъахь вара Дона-тIерачу-Ростовн пачхьалкхан экономикин университетан ректор Альбеков Адам а, философин Iилманийн доктор, профессор Мазаева Тамара а, Москван областан шахматийн федерацин президент Нестеров Сергей а, кхиберш.

Мероприятехь концертан программица самукъадоккхуш бара нохчийн эстрадин артисташ а, пачхьалкхан хелхаран «Вайнах» ансамблан тоба а.

I.МУРТАЗОВ

№71, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 21-ра де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: