Нохчийн Республикехь билгалдаьккхира кхетошкхиорхочун а, школал хьалхарчу дешаран белхахойн а де. Коьрта даздарш дIадаьхьира Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан театральни-концертийн зала чохь.

Беза хьеший санна, цигахь дакъалоцуш хиллачарна юкъахь вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун школал хьалхарчу дешаран гIуллакхашкахула йолу гIоьнча Кадырова Зарган, даржашкара кхиболу нах.
Кхетош-кхиорхой а, школал хьалхарчу дешаран белхахой а шайн корматаллин денца декъал а беш, Кадыров Рамзана билгалдаьккхира берашкахь дика амалш кхиорехь цара лелош долу мехала маьIна.
«Берийн бошмашкахь вайн бераш Даймохк беза, баккхийчеран ларам бан, вайн халкъан гIиллакхаш, Iадаташ довза, лардан Iема, школе дахарна кечамаш бо. Берана чIогIа мехала ду иза. Вайн берашна а, кхетош-кхиорхошна а тоьлла хьелаш хилийта гIерташ ду вай. ТIемаш чекхбевллачул тIаьхьарчу шерашкахь республикехь бIеннаш берийн бошмаш йина. Герггарчу кхаа баттахь болх бан дIайолаялийта езаш ю школал хьалхара кхин а 7 учреждени. Кхул тIаьхьа а оцу декъехь жигара белхаш бийр бу вай, хIунда аьлча, бераш вайн кхане ю, вайн хиндерг ду», – элира цо.
Нохчийчоьнан Правительствон школал хьалхарчу дешаран комитетан председатела Джунаидов Асланбека баркалла элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна хаддаза гIо-накъосталла дарна.
«Хьо бахьана долуш, вайн республика де-дийне мел дели хазлуш, кхуьуш ю. Ахь боккха тидам тIебоуьйту школал хьалхара дешар кхиорна, гIо до берийн керла бошмаш ярехь, царна материальнитехникин кхачоярехь. Вайн регионера мел болчу бахархошна иза гуш ду, цуьнан лаккхара мах а хадабо цара. Школал хьалхарчу дешаран берриге а белхахойн цIарах хьуна даггара баркалла боху ас, ахь тхуна гIо дарна, тхан догъэцарна», – бохура цо.
Кадыров Рамзана баркалла элира берийн бошмийн берриге а белхахошна, цара беш болчу атта боцчу, жоьпаллечу балхана. Цо «Ненан сий» мидалца совгIат дира Гуьмса гIалин №4 йолчу берийн бешан заведующина Джунаидова Хедижатана.
«Къинхьегамехь билгалъяларна» Сийлаллин билгалонца совгIат дира школал хьалхарчу дешаран тоьллачу белхахошна.
Цул тIаьхьа оцу даздаршкахь, Кадыров Рамзана совгIаташ дира «2018-чу шеран кхетош-кхиорхо» республикин конкурсан толамхошна.
Конкурсан жамIашца хьалхара меттиг елира №1 йолчу «Шовда» берийн бешан заведующина Насипова Хьавана. Ткъа Баскаева Залинас шолгIа а, Мусостова Ловеллас кхоалгIа а меттигаш ехира.
Царна массарна а Сийлаллин грамоташ а елира, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондера ахчанан совгIаташ а дира.
Даздарш дерзийра республикин эстрадин артисташа а, хелхарийн коллективаша а.
Д.АНАДЕВ
№74, шинара, эсаран (октябрь) беттан 2-гIа де, 2018 шо