Чекхбаьллачу беттан 16–22-чуй деношкахь Ульяновск гIалахь дIаяьхьира къоначу яздархойн рогIера XVIII-гIа Дуьненаюкъара форум. Цигахь дакъалоцуш вара Россера а, кхечу 15 пачхьалкхера а 140 къона яздархо.
Форуман хьеший бара Социальни-экономикин а, интеллектуальни а программийн фондан президент Филатов Сергей а, Зорбанан а, шуьйрачу коммуникацийн а федеральни агентствон куьйгалхочун заместитель Григорьев Владимир а, СНГ-н гIуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон кегийрхойн программаш кхочушъяран отделан хьаькам Коваленко Андрей а, Ульяновскан областан губернатор Морозов Сергей а. Зорбанан а, шуьйрачу коммуникацийн а федеральни агентствон а, Президентан грантийн фондан а, Россотрудничество федеральни агентствон а, регионаш кхиоран «Содружество» фондан а гIоьнца форум вовшахтоьхнарг яра Социальни-экономикин а, интеллектуальни а программийн фонд а, Ульяновскан областан Правительство а.

Нохчийн Республикера оцу форуме яханера къона яздархо Умарова Асет. Дагадоуьйту, Умарова Асета дакъа а лоцуш, дIаяьхьна къоначу яздархойн VI-гIа форум ю иза.
Вовшахтохархоша дийцарехь, форумо къоначу яздархойн таро хуьлуьйту шаьш а, шайн говзарш а йовзийта, бевзаш болчу экспертийн магорех, хьехарех пайдаэца. Царна юкъахь бу яздархой: Веллер Михаил, Юзефович Леонид, Ватутина Мария, Варламов Алексей, Славникова Ольга.
Форум дIаяхьале хьалха конкурс дIа а кхайкхийна, схьакъастийра цуьнан дакъалацархой (35 шо кхаччалц хенаш йолу). ДIаяьхьначу форуман культурин программи юкъахь дара Ульяновск гIалин а, областан а театрашка а, музейшка а бахар а, кхузаманан литературин мехала теманаш а, проблемаш а йийцаре яран цхьаьнакхетарш а, дискуссеш а, иштта «Арион» а, «Вопросы литературы» а, «Дружба народов» а, «Звезда» а, «Знамя» а, «Нева» а, «Новый мир» а, кхечу а литературин журналийн векалша дIаяьхьна мастер-классаш а.
Форуман жамIашкахула Россин Федерацин Культурин министерствон стипендина хьалхатеттира вайн республикин векал Умарова Асет. ХIинца кхозлагIа форуман стипендиат хилла иза. Иштта, А.Умарован говзарш юкъагIур ю «Керла яздархой» аьлла йолчу юкъарчу гуларна. Цул сов, форум дIаяхьарца доьзна, зорбане йоккхур ю «Молодая литература» книгийн сери.
– Суна доза доцуш хазахеттера суо форумехь дакъалацаран конкурсех чекхъяьллий хиъча. Сайн жамIаша чIогIа цецйоккхуш, гIадъяхийтира со. ХIокху шарахь «Знамя» литературин журналан мастер-класс хаьржира ас. Цуьнан куьйгалхой Сергей Иванович Чупринин а, Анатолий Николаевич Курчаткин а ву. Тешна ю, тхаьшна хьехначух а, довзийтинчух а кхидIа айса пайдаоьцург хиларх а, кхин а дика язъян а, тексташна тIехь болх бан а Iемарг хиларх а. Иштта цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа дог ира-кара хIуттий, кхидIа болх бан а, къахьега а болчу лаамца цIа йогIу со. Сан керлачу яздархошца доттагIалла а тасаделла. Тешна ю кхидIа а оха цхьаьна болх бийриг хиларх. Ульяновск а чIогIа тамехь, исбаьхьа гIала хийтира суна. Къаьсттина дагахь лаьтта тхаьш теплохода тIехь Волга хи тIехула дехьадовлар. Ас доккха баркалла боху Социальни-экономикин а, интеллектуальни а программийн фондан президентана Филатов Сергей Александровична къоначу яздархошна оьшу гIо-накъоосталла цо дарна, – элира къоначу яздархочо Умарова Асета.
Нохчийн къона яздархо, суртдиллархо, журналист Умарова Асет йина 1985-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 3-чу дийнахь ГIалмакхойн АССР-н Городовиковск гIалахь. Цуьнан бархI шо долуш Нохчийчу Iен-баха юхабирзира церан доьзал. Цо чекхъяьккхина Нохчийн пачхьалкхан университетан журналистикин факультет, журналистикин декъехь болх а бина цо. Иштта дешна Ереван гIалахь йолчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн Кавказан институтехь.
Шен дахаран дукхах долу шераш суьрташ дахкарна лерина цо. А.Умарован суьртийн гайтамаш дIабаьхьна Россехь а, Польшехь а, Италехь а, Iамаркахь а, Бельгехь а, Германехь а, Гуьржийчохь а, кхечу пачхьалкхашкахь а. Цигахь лаккхара мах а хадийна цуьнан белхийн.
2002–2003-чуй шерашкахь Умарова Асета «Жималла» кегийрхойн театраца цхьаьна гастролаш дIаяьхьира. Берийн кхоллараллин цIийнан солистка а, пачхьалкхан иллийн, хелхарийн «Нохчо» ансамблан а, иллийн, хелхарийн «Заманхо» ансамблан а солисткавокалистка а лаьттина иза.
2007-чу шарахь ООН-н дуьненаюкъарчу конкурсехь толам баьккхира цо.
2008-чу шарахь Страсбургехь дIаяьхьначу адамийн бакъонийн конвенцин механизмех пайдаэцарехула долу хаарш довзийтаран конкурсехь 2-гIа меттиг яьккхира цо.
2012-чуй, 2014-чуй, 2015-чуй шерашкахь Москван областерчу Липки юьртахь дIаяьхьначу къоначу яздархойн форумашкахь а, 2012-чуй, 2013-чуй, 2014-чуй шерашкахь дIаяьхьначу Къилбаседа Кавказан къоначу яздархойн кхеташонашкахь а дакъалаьцна А.Умаровас. Иштта, 2012-чу шарахь дIаяьхьначу оьрсийн маттахь язъеш болчу Гуьржийчоьнан литераторийн конкурсан дипломант а хилира иза.
Къилбаседа Кавказан федеральни округан литературин универсиадехь, «Проза» номинацехь 3-гIа меттиг яьккхина цо. Асетан говзарш гочйина гуьржийн а, беларусийн а меттанашка.
Цуьнан повесташ а, дийцарш а зорбане дийлина литературин «Вайнах», «Нана», «Юность», «Дружба народов», «Нева», «Звезда», «Homo legens», «Лебедь», «Флорида», «Русский глобус», «Лексикон» (США), «Апра» (Тбилиси), «Процесс» (Прага), «Наша Гавань» (Керла Зеланди), «Literarus» (Финлянди), «Зарубежные задворки» (Германи), «Наше поколение» (Молдави), «Tallinn» (Эстони), «Русский клуб» (Тбилиси), «На войне» (Москва), «Дарьял» (Буру-ГIала), «Textura» («Белорусси») журналашкахь: «Вкус айвы» (Москва), «Новые писатели» (Москва), «Кавказский экспресс» (ХIинжа-ГIала), «Новые сны о Грузии» (Тбилиси), «Бераллера цIа» (Соьлжа-ГIала), «Бег от времени» (Соьлжа-ГIала) юкъарчу гуларшкахь.
Цо шен говзарш оьрсийн маттахь язйо. Говза прозаик йолчу цуьнан дийцарийн коьрта тема ю Нохчийчохь тIаьххьара хилла тIемаш а, церан бух бовзар а, тIаьхьакхиа гIортар а. Карарчу хенахь иза болх беш ю ша ехаш йолчу Грозненски кIоштарчу Пролетарски юьртарчу юкъарадешаран школехь суьрташ дахкаран хьехархо йолуш, иштта, оццу школехь йолчу журналистикин кружокан куьйгалхо а ю иза.
Адамийн дахаран, синкхачанан массо а декъехь бохург санна къахьоьгуш, кIад ца луш, болх беш схьайогIу Умарова Асет. Ишттачу адамаша дикачу агIор йовзуьйту кхечу къаьмнашна вайн республика а, нохчийн халкъ а, вайн культура а, литература а. Иза масал эца а, йохье вала а хIума а ду, вайн къомана юьхькIам а бу.
I.МУРТАЗОВ
№74, шинара, эсаран (октябрь) беттан 2-гIа де, 2018 шо