Гамбулатов Султан: «Республикин «хIаваан» кевнаш кхуьур долуш ду»

Соьлжа-ГIалин аэропортехула 400 эзар пассажир чекхволу шарахь. Денна а кхуьуш йолу республикин пачхье ган оьху Россера а, кхечу мехкашкара а туристаш. Цуьнца цхьаьна, кхуьуш а, чIагIлуш а йогIу Нохчийчоьнан а, Россин кхийолчу субъекташна а юкъара культурин а, экономикин а зIенаш. Иштта, нохчийн «хIаваан» кевнех пайдаоьцуш болчу луларчу республикийн бахархойн барам а бу денна а алсамболуш. Оцу дерригено а гойту республикина керла, кхузаманахьлерчу лехамашца йогIуш йолу аэропорт оьшуш хилар.

Цунах а, аэропортан таханенах а лаьцна тхоьца къамел хилира Нохчийчоьнан дуьненаюкъарчу «Грозный» аэропортан директоран Гамбулатов Султанан.

– Хууш ма-хиллара, республикин аэропортана 16 млрд. соьмана реконструкци ян лерина проект ю хIоттош. ХIун хийцамаш хир бу «Грозный» аэропортехь реконструкци йинчул тIаьхьа?

– Карарчу хенахь вайн аэропортан кеманаш гIовттаранохьаховшаран аса 2 500 метр еха а, 45 метр шуьйра а ю. Цо 100 тонна йозалла лов. Реконструкцин декъехь бан леринчу белхашца нийса а догIуш, оцу асин йохалла кхин а 700 метр яхъян а, 15 метр шоръян а лерина. ТIаккха и аса 200 тонн йозалла ловш а хир ю, «А» категори тIера «Б» тIе а ер ю.

Нагахь санна и белхаш бойла хилахь, шарахь 1,5 млн. пассажир дIасавига таро йолуш хир ю аэропорт, хIунда аьлча, даккхий а, тIехдаккхий а кеманаш охьаховша а, гIовтта а йиш йолуш хир ду кхузахь.

– Султан, карарчу а, тIейогIучу а хенахь муьлха рейсаш схьаелла лерина ду шу? Маса авиакомпанин кеманаш ду Соьлжа-ГIала лелаш?

– Керла рейсаш схьаелларан декъехь белхаш беш бу. Цхьа бакъду, 2 кIира хьалха «Азимут» авиакомпанис керла «Соьлжа-ГIала – Дона-тIера-Ростов» рейс схьайиллина вайн аэропортехь. Иштта, бутт баьлча, Россин пачхьалкхан «Аэрофлот» авикомпанин кеманаш а лела дуьйлалур ду керлалу «Соьлжа-ГIала – Москва (Шереметьево)» авиамаршрутаца.

ХIинццалц республикин пачхьенан аэропорт Москварчу «Внуково» а, «Домодедово» а аэпорташца бен зIенаш йолуш яцара, ткъа хIинца, «Аэрофлотаца» тхан барт хилар бахьана долуш, Москван кхозлагIчу аэропортаца зIенаш а хир ю.

Кхузахь билгалдаккха догIу оцу аэропорте а, цигара кхуза а дийнахь шозза кема леларг хилар. Цул сов, оццу авиакомпаница Соьлжа-ГIаларчу аэропортера кхийолу рейсаш схьаелларан гIуллакх дийцаре дан а дагахь ду тхо.

Таханлерчу дийнахь вайн аэропорте а, аэропортера а дIасалелаш 6 авикомпанин кеманаш ду: «Ютэйр», «Азимут», «Pegasus Airlines», «Air Arabia», «Авиатрафик», «Скат». Иштта, чартеран рейсаш еш а ду масех авиакомпанин кеманаш: «Русаэро», «Сириус-Аэро», «Jet Express», «Уральские авиалинии», «Авиа Бизнес Групп».

– Дукхазза а дийцина «Грозный» аэропортера кеманаш Гуьржийчу а, цигара кеманаш кхуза а лела деза бохуш. ХIун хуьлуш ду цунах?

– Гуьржийчоьнан пачхьалкхан авиакомпанин куьйгаллица и гIуллакх дийцаре даран Iалашонца шозза Тбилисехь хилла со. Вай кийча ду, ткъа уьш реза бу. Амма оцу балхана новкъарло йийриг хIун ду – церан кеманийн кхачо цахилар. Делахь а, цара чIагIо йина, нагахь санна керла кеманаш эцна я йолчу авиамаршруташкара шайн кема мукъадаьлла хIума хилахь, шаьш Соьлжа-ГIала рейс схьайоьллур ю, аьлла.

– ТIаьхьарчу шина шарахь Соьлжа-ГIалара кеманаш Хонкара а, Германе а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташка а лела дуьйладелла. Оьшуш юй и рейсаш тахана?

– Нийса боху ахь. Йолуш ю «Соьлжа-ГIала – Истамбул (Хонкара)», «СоьлжаГIала – Мюнхен (Германи)», «Соьлжа-ГIала – Шарджа (Iаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ)» рейсаш. Цул сов, «Соьлжа-ГIала – Бишкек (ГIиргIизойчоь)», «Соьлжа-ГIала – Актау (Казахстан)» рейсаш а ю.

И рейсаш оьшуш хилар пассажирийн барамо гойту: «Соьлжа-ГIала – Истамбул» рейсанна билеташ 90–95 процентана дIаоьцуш ду, «Соьлжа-ГIала – Шарджа» рейсанна 70 процентана. Бакъду, «Соьлжа-ГIала – Мюнхен» рейсанна пассажираша 20–25 процентана бен ца оьцу билеташ, авиакомпанийн кхидIа йолу харж республикин Правительствон чоьтах меттахIоттош ю.

– Россин кхечу субъекташкарчу бахархоша пайдаоьций вайн аэропортах?

– «Соьлжа-ГIала – Истамбул» рейса тIехь 60–65 процент пассажираш букх луларчу субъекташкара, «Соьлжа-ГIала – Шарджа» рейса тIехь – 40 процент, ткъа «Соьлжа-ГIала – Мюнхен» рейса тIехь – 50 процент. ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а хилла ца Iаш, ГIебартойнБалкхаройчуьра а, Краснодаран крайра а бу уьш.

Къамелан чаккхенехь билгалдаккха догIу дуьненаюкъарчу «Грозный» аэропортана реконструкци яран жигара белхаш тIедогIучу 2019-чу шеран чаккхенехь дуьйна дIаболо лерина хилар.

Карарчу хенахь аэропортана реконструкци ярна оьшуш долу кехаташ а, проектан бух а кечбеш бу Нохчийчоьнан а, Россин а транспортийн ведомствоша.

Реконструкци юкъа кеманийн аса яхъяр а, шоръяр а деана ца Iа – ян лерина дуьненаюкъарчу а, чоьхьарчу а рейсийн а, иштта, VIP-хьешийн а керла терминалаш.

И.АДАМОВ

№74, шинара, эсаран (октябрь) беттан 2-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: