Нохчийчоьнан Парламентан спикера, «Нохчийн Республикин дозанаш къасторехь кхоллалуш долчу хаттарийн гIуллакхашкахула йолчу комиссин» куьйгалхочо Даудов Мохьмада дийцира Нохчийнчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара доза къасторехь бинчу балхах лаьцна.
Цунна лерина, хIокху деношкахь, «Грозный» телерадиокомпанин эфире йолуш йолу «Точки опоры» передача пресс-конференцин кепехь дIаяьхьира.
Шен къамелехь Даудов Мохьмада оцу декъехь хIинццалц хилла боцу хаамаш а бовзийтира.
– ГIалгIайчоьнан куьйгаллин векалшца цхьаьна дукха болх бира вай тIаьхьарчу хенахь. Дийцича цхьаберш тешар а бац, амма, шина республикина юкъара доза къасторехь, 150 сов километр гIаш некъ бина. И некъ цкъа бина а ца Iа. Аренашна тIекхаьчча, юьртан бахамийн шина а агIор болу куьйгалхой схьакхойкхуш, хьаннашна тIекхаьчча, хьунан бахамийн векалш тIекхойкхуш, ярташна тIекхаьчча, яртийн дай тIекхойкхуш, хIора а метр латта дустуш, дIаяздеш, билгалдоккхуш, шина а агIор болчарна хетарг тидаме оьцуш бина болх бу и. Юха, дIаяздина мел дерг, Москвара схьадахкийтинчу кехаташца дустуш болх а бина. Москвара дахкийтина кехаташ Россреестрера а, Хьуьнан бахаман федеральни дирекцера а дара. Цигарчу кехаташ тIехь 1970-чу а, 1980-чу а, 1990-чу а шерашкахь бина белхаш а бу бовзийтина – къастийна ю хIора а метр, иза хьенан долахь ю билгал а доккхуш, – дийцира Даудов Мохьмада.
Цунна хетарехь, 26 шарахь лаьттина долу и гIуллакх дIадерзорехь Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а лаккхара доьналла гайтина, хIунда аьлча, федеральни тIегIанера хьаькамаш юкъа а ца гIоьртуьйтуш, доза къасторехь болу болх цу шимма дIабаьхьна.
– И болх дIаболош дуьйна Рамзана а, Юнус-Бека а аьлла дара кхиберш юкъа гIоьртуьйтур бац аьлла. ХIунда аьллера? Дера аьллера иза нохчийн а, гIалгIайн а чоьхьара гIуллакх хиларна, – билгалдаьккхира цо.
Цул сов, шина республикина юкъара доза къасторехь бинчу балхах а, пайдаэцначу кехатех а лаьцна дийцина ца Iаш, карти тIехь ша доза а гайтира Парламентан спикера.
Цо билгалдаккхарехь, Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а тIеэцначу «ГIалгIайн Республикина а, Нохчийн Республикина а юкъара доза къасторехь болчу бартана» резаберш а, резабоцурш а хирг хилар хууш а дара, цунна бина кечамаш а бу – 150 километр деха долчу дозанан хIора а метрах дала жоп а, дIагайта кехатийн бух а болуш бу.
– Оцу гIуллакхах дог лозуш а, цунах кхета лаам берш а Нохчийчоьнан Парламенте бахка йиш йолуш бу. Кхета луург кхетор ву, доза гайтина ца Iаш, оцу дозанан муьлххачу метрах лаьцна дала жоп а хир ду. Нагахь санна и доза нийса дац аьлла, дог-ойла елахь, ас муьлхха а кхойкху со волчу. Амма цхьа дехар ду сан – шайн «бакъдерг» маттаца а доцуш, кехаташ тIехь хилийтар. Ас царна хьошалла а дийр ду, цара дуьйцучуьнга ла а дугIур, уьш кхетталц, цхьанхьа сиха а воцуш, дуьйцур а ду, – тIетуьйхира Парламентан спикера.
Дагадоуьйту «ГIалгIайн Республикина а, Нохчийн Республикина а юкъара доза къасторехь болу барт» Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, ГIалгIайчоьнан Куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека а товбецан (сентябрь) беттан 26-чу дийнахь бина хилар.
Оцу Бартаца нийса а догIуш, эсаран (октябрь) беттан 26-гIа де кхачале Нохчийчоьнан Парламенто а, ГIалгIайчоьнан Халкъан Гуламо а ратификаци (къобалдар, тIеэцар) ян езаш ю цунна. Иштта, кхаа беттан муьрехь, шина а республикин дозанца йолчу кIоштийн хьокъехь долчу законашкахь хийцамаш бан безаш а бу, церан дозанаш шина республикина юкъара доза хилар билгал а доккхуш.
И.ХАСАХАНОВ
№74, шинара, эсаран (октябрь) беттан 2-гIа де, 2018 шо