Дерриге а – дешархойн дуьхьа

Дешарца девза адамана юкъараллин гIиллакхаш а, дахар а, Iилманийн баххаш а.

2007-чу шарахь меттахIоттийна Ленински кIоштан Соьлжера юккъерчу дешаран учреждени – №65 йолу школа. Цуьнан директор Атаева Лариса ю.

1993-чу шарахь цо чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан юьхьанцарчу дешаран а, педагогикин а, методикин а факультет.

Болх бина Соьлжера №66 йолчу школехь – юьхьанцарчу классийн хьехархочун, цул тIаьхьа, юьхьанцарчу школин директоран кхетош-кхиоран балхехула йолчу заместителан декхарш кхочушдеш. Школера хьал хаа болчу лаамца цуьнца къамел хилира тхан дукха хан йоццуш. Цо дийцарал сов, тхан таро хилира школера хьал тхайна ган.

Таханлерчу дийнахь хIокху школехь болх беш 50 хьехархо ву. Шина сменехь доьшуш верг 375 дешархо ву. Хьехархой тоьаш бу. Уьш шайн белхан зеделларг долу говзанчаш бу. Университет чекхъяьккхина дуккха а къона говзанчаш бу кхушара балха схьаэцна. Хьехархоша берриге а ницкъ тIебахийтина дешархошца дIахьочу кхетош-кхиоран балхана, – бохура цо.

Оьшучу гIирсашца кечйина ю кабинеташ. Юьхьанцара классаш мелла а шатайпа кечйина ю (къоначу дешархошна лерина хиларе терра). Оцу классашкахь интерактивни аннаш ду.

Хууш ма-хиллара, карара зама керлачу технологийн зама ю. Цундела классашкахь компьютерш а, проекторш а ю. Юьхь-куьг дуьлург а, довха-шийла хи а ду ерриге а классаш чохь.

Атаева Ларисас дийцарехь, цу тIехь царна гIо-накъосталла дина Дешаран министерствос, Соьлжа-ГIалин мэрин Дешаран департамента. Аьхкенан каникулашкахь косметически ремонт еш дакъалецира цара. Иштта, цхьацца дерг тхайн ницкъашца а дина.

Атаева Лариса даггара шен болх безаш хилар а, оьшучунна тIехь иза дика накъост хилар а чIагIдо шайн-шайн къамелехь цуьнан белхан накъосташа.

2013-чу шарахь ша директоран болх дIаболийчахьана оцу балхах дог лозуш, берийн дешар а, хьехархойн болх а тобарехь къахьоьгуш ю Атаева Лариса, – дуьйцу директоран Iилманан-методикин балхехула йолчу заместитела Мальсагова Хедас.

Школа йоккха яцахь а, цигахь спортзал, актови зал, библиотека, 24 меттигна лерина столови а ю. Дешархойн книгаш еша дог догIур долчу кепара кечйина ю кхузара библиотека. Оцу чохь исбаьхьаллин а, дешаран а, иштта, нохчийн халкъан яздархойн а литература ю.

«СовгIатана книга ло школина» акци йолчу хенахь дешархойн дай-наноша дуккха а книгашца тIеюьзира школин библиотекин книгийн фонд. Кхузахь 5 методикин цхьаьнакхетаралла ю: математикин, гуманитарни, нохчийн меттан, литературин, юьхьанцарчу классийн куьйгалхойн.

«Къона географ», «Оьрсийн дош», «ЖIаккеш» кружокашкахь Iемаш дуккха а дешархой бу.

Кхетош-кхиоран балхехула йолчу директоран заместитела Адуева ПетIамата дуккха а цхьаьнакхетарш вовшахтуху. Масала, Ненан денна а, Толаман денна лерина а. ТIамехь кхелхинчу кIентийн наной схьакхойкху, цаьрца къамелаш до.

Цул сов, школашна юкъахь дIахьочу конкурсашкахь совгIатан меттигаш, грамоташ яьхна дешархоша.

Школехь дан дезачунна тIехь шайна гIо-накъосталла динарш а хьахийра Ларисас а, Хедас а. Масала, школина гуонаха керт еш доккха дакъалаьцна Соьлжера вахархочо Мулаев Iабдуллас. Юьстаха ца Iийра оцу юьртара яхархо Шанаева Румиса, актови зала чохь гIенташ а, оьшу йийбар а ийцира цо.

Школехь шаьш дешархошца бечу балхах лаьцна иштта дийцира Хедас: – Дарсаш чекхдевллачул тIаьхьа, хьехархоша шина сохьтехь болх бо юьхьанцарчу классашкарчу дешарца ледара долчу берашца. Иштта дIахьо кхитIе долчу дешаран занятеш, 9-чуй, 11-чуй классашкара дешархой кечбо экзаменашна. Пачхьалкхан юкъарчу экзаменна а, Пачхьалкхан жамIаш даран аттестацина а кечамаш барна тIехь къахьоьгуш бу хьехархой а, дешархой а.

Ф.АСИЕВА

№74, шинара, эсаран (октябрь) беттан 2-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: