«Ахмат» – Россин Кубок яккхаран 1/8 финалехь

Россин Кубок яккхарехьа болчу къийсаман 1/16 финалан цхьаьнакхетарш дIадаьхьира премьер-лигин а, корматаллин футболан лигин а цхьамогIа командашна юкъахь. Нохчийчуьра «Ахмат» команда Хабаровскехь меттигерчу «СКА-Хабаровск» командица левзира.

Шеко йоццуш соьлжагIалахой гIолехь ловзура, церан говзаллин тIегIа а лакхара дара. Делахь а, царна ма хетта дIа ца доьдура ловзар. Иза иштта нисделира.

Матчан хьалхарчу тайман 26-чу минотехь гол туьйхира З.Садаевс. ЖамI кхин хийца ца луш чекхъелира хьалхара тайм. ШолгIаниг а чаккхене йоьдуш яра, «Ахмат» тоьлар ю боху ойла дагчохь чIагIъеш. Амма 78-чу минотехь Е.Кабаевс вайн командин ков «схьадаьстира» – 1:1.

Делахь а, цул тIаьхьа ворхI минот яьлча, юха а хIусамдайн дегнаш дохийра М.Митришевс, шолгIа гол а тоьхна. Гол тохарца вайн футболисташ иза дакъалвина бовлале «СКА-Хабаровскан» футболисташа жамI 2:2
дира.

И бахьанехь кхин а пхи-пхийтта минотах лаьттачу шина таймехь ловза дийзира футболистийн. Юха а кхиаме кхача аьтто белира Нохчийчуьрчу футболистийн. Амма цхьаьнакхетар чекхдала цхьа минот йиссинчу хенахь толам карара балийтира цара – 3:3. ХIинца пенальтеш тухуш къасто везаш вара толамхо. Вайн ирсана «Ахматан» футболисташа говза туьйхира пенальтеш, вайн кевнахо В.Гудиев а левзира дика.

Чаккхенан жамI 4:3 (пенальти – 4:2) долуш толамца цIа бирзира Соьлжа-ГIалара футболисташ.

Цу тайппана, 1/8 финалехь «Ахмат» «Арсеналца» ловзур ю.

Хь.САЙДАЕВ

№74, шинара, эсаран (октябрь) беттан 2-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: