ЕГЭ дIаяларехь керланиг

сочинени

Вай тахана ламасталлин дешар олучу, иттаннаш шерашкахь баккъал а школа чекхъяккхаран ламаст, гIиллакх хилла лаьттинчу сочиненех дешархой мукъабитина пхи шо дIадаьллехь а, дахаро а, школехь хуьлучу хийцамаша а гайтина, школа чекхйоккхург шена билгалйинчу  темех дийца хIума долуш а, шен хьежам а, шен ойла а йийца хаарш долуш а хила везар.

И бахьана хилира карарчу дешаран шеран, дешарана къиам ЕГЭ   дIаяларехь керланиг юкъадалорна, аьлча а, сочинени язъян езаран а, цуьнан жамI баллашкахь а доцуш «зачет», «незачет» хила дезаран а.

3-чу декабрехь зиэран сочинени язйира вайн республикин 11-чу классан дешархоша, царна юккъехь «незачет» ерш нисбеллехь а, церан таро хилла сочинени юхаязъян.

Карарчу шеран 5-чу февралехь дIаяьхьначу жамIдаран ойла яран сочинени (рассуждение)  язйинчу  4983 дешархочунна юккъехь дIадевллачу шерийн дешархой хилларш а бу. Билгалйина теманаш: «Произведение М.Ю. Лермонтова, которое Вам хотелось бы обсудить с самим автором», «Согласны ли Вы с утверждением Л.Н. Толстого: «Война не любезность, а самое гадкое дело в жизни…»?», «Почему картины осени так интересны писателям?», «В какие времена обостряется конфликт «отцов и детей»?», «Как Вы понимаете слово»  «честь»?».

Сочинени язъеш верг декхарийлахь вара къастийначу цхьана теманехь къамел даран а, нийсаязъяран а норманаш тидаме а оьцуш, шена хетарг а, шен хьежам а бовзийта. Ишттачу белхан барам 350 дашал  алсам хила таро ю, амма 250 дашал кIезигчу барамехь хилахь, цуьнан жамI «незачет» хир ду.

МогIарерчу дешархочунна 235 минот хан ю и болх кхочушбан, нагахь иштта болх кхочушбийриг заьIапхо велахь, цунна 1,5 сахьт хан тIетуху.

Чаккхенан жамIаш хууш хир ду 10-чу февралехь, ткъа «незачет» хиллачун аьтто хир бу 5-чу апрелехь  я 6-чу майхь и экзамен юхаяла.

Хууш ма-хиллара,  2009-чу шарахь дуьйна ЕГЭ-н жамIаш юкъарадешаран школа чекхъяккхаран а, кхидIа деша институте вахаран а юкъара хилам бу. Кхушара сочиненин жамIаш тидаме оьцур ду институтан тIеэцаран комиссис.  Цара хIоттон йолу уггаре а лакхара балл 10 хир ю.                                                   Жимма хьалха хиллачу хаамашкахь билгалдинера ЕГЭ дIаяла лаам болчеран заявленеш 30-чу январе кхаччалц бен схьаоьцуш дац, аьлла. Тахана и хан «Рособрнадзоро» 1-чу марте кхаччалц яхйина. Цул сов, кхин цхьацца хийцамаш а бу. Масала, математикин экзамен шина бараме екъна – «базови» а, «профильни» а. Ткъа оьрсийн меттан экзаменехь жоьпийн меттана цхьацца билгалонаш хIиттош хиллехь, кхушара сацаран хьаьркаш а, терахьаш а хIиттон деза. Нохчийн Республикехь ЕГЭ дIаяларан хан 25-гIа майхь дуьйна  – 26-чу июне кхаччалц ю. Хенал хьалха экзамен дIаяла лууш билгалваьлларг вац.

Т.АЛИЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: