Хууш ма-хиллара, бераш школе дIадуьйладелла. Цхьадолчу берийн школе доьлхуш некъ хадо дезаш ца хуьлу. Ткъа дукхахдолчу берийн шаьш школе дIакхачале масийттазза некъ хадо безаш нисло. Цундела, мехала ду, берашна некъан боламан бакъенаш йовзийтар а, некъ хадочу хенахь дукха лерина само ян хила езаш хилар царна хьехар а.

Иштта, некъ хадочу хенахь хила тарлучу бохамех бераш лардаран Iалашонца С.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотеке кхайкхинера «Гимназист» гимназера къона дешархой. Берашна некъан боламан бакъенаш йовзуьйтуш, библиотекара билгалдаьккхира новкъа дIасавоьдуш сема хуьлучо ша зуламах ларвеш хилар. Цхьаболчу дешархоша шайна хууш йолу бакъенаш йийцира, иштта, водителашна хаа езаш йолу цхьайолу бакъенаш а хууш хиллера берашна.
Берашна къаьсттина хазахеттера, дуьххьара светофор юкъаяккхаран хьокъехь шайна дуьйцуш. Библиотекара хаийтира, светофор – водителийн ца хилча йиш йоцу накъост хилар.
Цул тIаьхьа «Некъан боламан бакъенаш» викторина дIаяьхьира. Некъан боламан бакъенех лаьцна хаттарш кечдинера берашка дала. ХIора а дешархочо жигара дакъалецира оцу викторинехь.
Цул сов, «Сфетофоран бос» ловзарх левзира бераш. Цхьаьнакхетар дерзош, бераша дош делира некъан боламан бакъенаш ларъян.
З.ЛОРСАНОВА
№74, шинара, эсаран (октябрь) беттан 2-гIа де, 2018 шо