Даудов Гилани, Веданан кIоштарчу Тевзана юьртан вахархо:
– Хьехархойн болх атта бац. Царна тIехь дерг доккха жоьпалла ду. Делахь а, шайн белхан декхаршца дика ларош, шаьш хаьржина корматалла дукхаезаш, юкъараллехь шайн дика цIе йоккхуьйтуш дуккха а хьехархой бу вайн республикехь. Царах цхьаъ ю ГБОУ «Дешаран Туьшан» нохчийн меттан хьехархо Шариева Заира.
Заирах лаьцна дийца дуккха а диканиг ду, адамаллин амалшна тIера белхан говзаллина тIекхаччалц. Адамашца йолу юкъаметтиг ларъеш, цаьрца бийца мотт болуш ю Заира. Нохчийн зудчун амалш шен сица йолуш ю. Адамашкахь хила деза уггаре коьрта хIума ду Заирица – адамалла ю цуьнца.
Берашца болх бан хала дуйла вайна хууш ду, ткъа заьIап берашца болх бан шозза хала ду, делахь а халонах ца къехка иза. ХIора беран амал шена дика евзаш хиларе терра, цаьрца хIоранца а бийца шатайпа мот карабо цунна. Иштта, Заирас берашна йовзуьйту нохчийн меттан хазалла. Мотт дIабаьлча къам дIадолу бохучу дешнаша тIеIаткъам бина, шен ненан мотт Iалашбан орцахъяьллачарах цхьаъ ю иза.
ТIедогIучу Хьехархочун денца даггара декъалйо ас Заира. Дала аьтто бойла хьан! Уггаре а коьртаниг – даима а могаш хуьлийла хьо!
Магомаева Марем, Соьлжа-ГIалин яхархо:
– Сан хиллачу хьехархошна юкъахь дуккха а хьехархой бу шайх ала дика дош долуш, делахь а дуьххьара дерг даима а вайна хьоме а, деза а ду. Хетарехь, оцу бахьаница хир ду дуьххьарлерчу хьехархочух сан дика дог ойла хилар. ГIойтIарчу №2 йолчу школин юьхьанцарчу классийн хьехархочунна Яхъяева Iайнаана даггара баркалла ала лаьа суна.
Суна санна дуккха а дешархошна дукхаезара Iайнаъ, иза ларамаза дац. Iайнаъ дика хьехархо яра. Карарчу хенахь а оццу школехь юьхьанцарчу классийн хьехархо ю иза. Iайнаъ, даггара декъалйо хьо Хьехархочун денца.
Хьайца даима а хилла йолу марзо, оьздангалла, берашца йолу уьйр лах ца луш, могашалла, ирс-аьтто хуьлуш ехийла хьо!
Мусхаджиева Лала, Шелан кIоштарчу БелгIатойн-Эвлан яхархо:
– Ас а, соьца доьшуш хиллачара а тахана а безамца дагалоьцу школехь доьшуш яьккхина хан. ХIунда аьлча, жималлехь уггаре а хаза хан ю-кх иза. Сан дуьххьара хилла хьехархо ю БелгIатойн-Эвларчу №2 йолчу школин хьехархо Хасиева ПетIамат.
Ас доьшучу хенахь БелгIатойн-Эвларчу №1 йолчу школехь болх беш яра иза. ПетIамат дика хьехархо яра. Ша хьоьхучух шен дешархой баккъал а кхеттий хиинчул тIаьхьа бен синтем ца хуьлура цунна. Бераш цкъа а къеста а ца деш, шен долуш санна, церан Iуналла дора цо.
Хьехархочун де тIекхача гергадеача даима а дагайогIу иза. Даггара баркалла ала лаьа цунна.
ПетIамат, Дала декъалйойла хьо! Гергарчеран вуон ма гойла хьуна цкъа а. Дахарехь хIора а де дезде хилла догIийла!
Рубрика дIахьошъерг – З.САГАЕВА
№74, шинара, эсаран (октябрь) беттан 2-гIа де, 2018 шо