1972-чу шарахь Пачхьалкхан Консерваторе деша Гуьржийчу вахара со. Дийнахь сарралц Тбилиси гIали юккъехула леларх оьрсийн цхьа дош ца хезира, оьрсийн маттахь яздина цхьа дош ца карийра суна. Цаьрга оьрсийн мотт бийцича а, цара дуьхьал гуьржийн мотт буьйцура. Цара дуьйцург суна а ца хаьара.
ТIаккха, туькана а вахана, гуьржийн абат ийцира ас. ЮкъарIойлехь сайца цхьаьна Iаш болчу гуьржашка гIо а дойтуш, церан йоза Iамо волавелира со. Цхьа бутт балале гуьржийн маттахь еша волавелира со. Атта йоза хиллера цераниг.
Цул тIаьхьа эрмалойн йоза Iамийра ас. Ткъа Iаьрбийн йоза суна хууш дара. Тхан дас Къуръан деша Iамийнера суна. Иштта, стенографан йоза, Брайлан, Морзен кодаш Iамийра. Цул тIаьхьа жуьгтийн, хIиндойн, пакистанхойн йозанаш Iамо хьаьжира.
1973-гIа шо деладелча, сайн хьомечу нохчийн маттахьчул шера доьшура ас гуьржийн маттахь яздинарг. Цунах со суо а чIогIа цецваьллера. Массо дийнахь ойла йора ас, айса сайга хаттарш а деш: «ХIара ма доккха хIума ду. Бераллехь дуьйна нохчийн маттах дозалла а деш, суо нохчи хиларх воккха а веш леллачу суна хилларг хIун ду?» – бохуш.
Сайн коьртехь лаьттачу сингаттамо дагадаийтира суна нохчийн элпаш кхолла деза аьлла, хIунда аьлча, гуьржийн маттана гуьржийн элпаш, йоза ду, оьрсийн маттана – кириллица. Нохчийн маттана нохчийн элпаш делахьара, шерра дешалур дара соьга аьлла хийтира. Юха, кхин цхьа сингаттам а бара: муха хила деза и элпаш? Уьш хилла бохуш хезна а дац, тIетовжа бух бац. Цкъа мацах зайл йоза хилла бохуш-м хезнера, амма цуьнан бух бац. Оцу ойланаша садуура сан.
Цкъа каникулашна цIавеанчу хенахь, Соьлжа-ГIаларчу музей чу вахар нисделира сан. Элпийн бух лаха вахана-м вацара со, делахь а, уьш мичахь лаха деза бохучу хаттарна жоп карийра суна. Нохчийн истангаш, палсаш долчу чу кхечира со.
Экспонаташ йовзуьйтуш йолчу музейн белхахочо элира: «Это и есть народное письмо». И дешнаш даг чу дийшира суна. Цул тIаьхьа музейшкахула вайн йозанан бух талла волавелира со.
Азербайджанера, Эрмалойчуьра, Гуьржийчуьра музейш теллира ас. Цигахь дуккха а пайдехь хIуманаш карийра. Церан элпийн, йозанийн исторех боккха пайда белира. Айса хIун дан деза бохучу хьоле суо кхаьчна аьлла хетара.
Амма билггал стенна тIера дIаволавала веза ца хаьара. Сайна хетарехь элпийн аматаш а дохкуш, уьш оьрсийн элпийн рогIехь дIахIитто волавелира. Лаххара а цхьа-ши бIе кеп кхоьллира. Цунах цхьа а тIаьхье йолуш хIума ца хилира. Цу тайппана болх беш, лаххара а, 20 шо хан дIаелира.
Суна хетарехь, нохчийн элпаш яздан атта хила дезаш дара; цхьа а элп вукхунах тера хила дезаш дацара; къолам кехата тIера хьала ца ойбуш яздан аьтто болуш хила дезара; цхьана озан цхьа элп бен хила ца дезара; шалха элпаш хила ца дезара; элпаш ма-хуьллу кIезиг хилийта дезара, шайх алссам аьзнаш дахалуш; элпаш нохчашна гергара, чоьхьара, нохчийн хIух дуй хаийта, нохчийн халкъо динчу йозанан куьцаш долуш хилийта дезара. И йоза нохчийн истангаш, палсаш, бIаьвнаш, шаьлтанаш тIехь халкъо дитина.
Гуьржийн, эрмалойн, кхечеран санна, шен къоман цIе йоккхуьйтуш хила деза вайн элпаш а, йоза а. Оцу Iалашонаша байтина соьга нохчийн абат, йоза кхолларна тIехь болх. Оцу абатехь массо а элп цхьана барамехь ду. Кегийчу а, даккхийчу а элпаша, йоза чолхе дар бен, кхин тодеш хIума дац. Дерриге а элпаш лакхара охьа яздо. Хьалхара «А» элп Iаьрбийн абата тIера ду. Уггаре а хьалха вай лелийнарг Iаьрбийн йоза хиларна а, йозанан историн лар йита лаарна а, вай бусалба хиларна а, сайн йозанан системица догIуш хиларна а дина иза.
ШолгIа элп латинин абата тIера ду, вайн шолгIа йоза латиницица хилла хиларна. КхоалгIа «Г» элп кириллици тIера ду. Иза йозанан истори ю. Деша а, Iамо а атта хилийта, элпаш пхеа могIанехь нисдина, хIора могIанан коьртехь аз долу (мукъа) элп а долуш.
Шиъ доцург, дерриге а элпаш къолам кехата тIера хьала а ца ойуш яздан таро йолуш ду. Сан йоза кхоаме а ду. Кириллицица язйина 100 агIо йолу книга сан абатца язйича 60 агIо йолуш хир ю.
Уггаре а коьртаниг, нохчийн мотт буьйцуш мел верг оцу цхьана абатца йоза яздан Iемича, халкъан барт хир бара, тIаккха нохчийн сий хир дара, нохчийн мотт Iамор нохчашна сийлахь хетар дара. Оьрсийн йозано, фонетико, матто гIелбина вайн жима нохчийн мотт. Шо шаре мел дели кхин а гIеллуш хилар ца го-те вайна.
Телевизоршчухула нахе дехарш до: «Нохчийн мотт бийцахьара аш», – бохуш. Нохчийн шайн мотт бийца а, оцу маттахь деша а лаам хилийта, цунна оьшуш долу хьал кхолла деза. И хьал оьрсийн йозанца (кириллицица) хила таро яц, хIунда аьлча, оьрсийн фонетика нохчийн фонетикина аьттехьа йогIуш яц.
Со нохчийн абат юкъаяккха волавелчахьана дукха нахаца къамелаш хилла сан нохчийн элпийн а, йозанан а хьокъехь. Амма цхьа а стаг ца нисвелла суна вайна нохчийн элпийн абат ца оьшу олуш. Делахь а, Iилманчашна тIекхаьчча, сан гIуллакх соцуш ду, кхидIа доьдуш дац.
ГАМБУЛАТОВ Камалди
Редакцигара
Дукха хан йоццуш «Даймохк» газетан редакце веанера Гамбулатов Камалди. Баккъал а, нохчийн маттана, цуьнгахь долчу хьолана сагатдеш, и хьал тодан лууш, тодан некъаш лоьхуш къахьоьгуш ву иза. 40 шо сов хан ю иза цу декъехь талламаш беш, цунах шен дахаран Iалашо йина, къахьоьгуш волу. Цундела, редколлегехь цуьнан абат йийцаре а йина, оха сацам бина иза шун кхиэле йилла. Язде шайна цунах хеташ дерг. Оцу гIуллакхан охIла болчу нахана хетарг оха зорбатухур ду. Нохчийн элпанийн йозанан хьокъехь хатта лууш дерг хIокху телефонехула хатта: 8(962)654-79-43.
№74, шинара, эсаран (октябрь) беттан 2-гIа де, 2018 шо