Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдарш

Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарца доьзна

Хьомсара доттагIий!

ТIекхечи вай дукха сатийсина де!

Тахана бIаьхаллин сийлаллин гIалин – Соьлжа-ГIалин 200 шо кхечи. Оцу шина бIешарчохь дуккха а зерех чекхйийла дезна цуьнан. Иза цкъа хIоьттина ца Iа хIаллакьхиларан зила йисте. Вайна дика дагайогIу дуьненаюкъарчу террористаша сийсош, зуламаш деш хиллачу Соьлжа-ГIала чувуллучохь яздина хилла: «Маьрша догIийла жоьжахате», – аьлла, яздина хилла йоза. ХIетахь гIала саьлнашкахь Iуьллуш яра.

Дукхах берш тешаш бацара, ур-атталла, герггарчу шовзткъе итт шарахь а иза юхаметтахIотто ницкъ кхочур бу бохучух. Нохчийчоьнан пачхье Гуьмсе дехьа яккха еза бохурш а бара. Амма Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа сацам хилла вара Соьлжа-ГIала, республикин пачхье хилла а юьсуш, меттахIотто. Цуьнан и сацам доггаха къобал а бира, цуьнан цу тIехь гIо а лецира Россин Президента Путин Владимира. Цо тхуна таро елира масех шо далале уггаре а хазачех цхьа гIала йина Соьлжа-ГIала дIахIотто. Соьлжа-ГIалин хазалле а, исбаьхьачу меттигашка а хьовса хIора дийнахь кхуза богIу дуккха а туристаш. Хьешийн а, регионан бахархойн а хьашташна схьадоьллуш ду хьешацIенош, тIекIалдинчу цIенойн дийнна комплексаш, стадионаш, музейш, библиотекаш, садаIа меттигаш ю еш. Зезагаша кхелина паркаш, сквераш, бульвараш дIаюьзна ирсечу гIалахоша а, республикин хьешаша а.

Уггаре а лакхарчу тIегIанера мероприятеш дIаяхьарна, хьакъ а долуш, уггаре а бегIийла а, аьхна а лоруш ю Соьлжа-ГIала. Ас къаьсттина дозалла до тхайн шахьарх. Таханлерчу дийне болу некъ хала бара. Амма тхо цхьаьна кхиамца чекхдевлла цунах.

Хьомсара гIалахой, пачхьенан хьеший, ас даггара декъалдо шу Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарца! Даггара лаьа шу маьрша, ирсе дехийла, доьзалехь аьтто, беркат, токхо лаьттийла.

Декъала хуьлда Соьлжа-ГIала – нийсонан а, машаран а билгало!

Хьехархойн дерригдуьненан денца доьзна

Хьомсара махкахой!

Дезачу денца ас даггара декъалбо дешаран декъан берриге а белхахой! Хьехархочун корматалла даима а хилла, хIинца а ю уггаре а шега доккха хьашт долчех а, мехалчех а цхьаъ. Иза уггаре а дика говзалла ю. ХIора стеган дахарехь уггаре а коьрта хьехамча ву школера хьехархо.

Вайх хIоранна а дерриге а дахарехь дагахь лаьтта школехь доьшуш даьхна шераш. Цкъа а бицлур боцу синхаамаш бу уьш. Уьш даима а вайн иэсехь бу, селхана хилча санна. Вайна массарна а дагабогIу вешан хьехархой, вай яздан, деша Iамийнарш. Уьш гIайгIане хуьлура вай гIалаташ дийлийтича, даггара баккхийбера вайн кхиамех. Иштта хилла буьсуш бу хьехархой тахана а. И дерриге а чIогIа мехала а ду.

Таханлерчу денна Нохчийн Республикехь болх беш ю 500 гергга школа, цигахь къахьоьгуш ву 25 эзар сов хьехархо. Церан хьуьнар бахьанехь чекхдаьллачу дешаран шарахь республикерчу школашкахь 11 класс чекхъяккха аьтто хилла 7000 дешархочун.

Дешаран белхахошна дерриге а хьелаш кхоьллина дешаран-кхетош-кхиоран гIуллакхан тIегIа а, дикалла а лакхаяккхийта. Материальни-техникин кхачоярца вайн школаш махкахь а уггаре а тоьллачарах ю. ХIора шарахь еш ю школийн керла гIишлош. Цу тайппана дIайоккхуш ю дешаран меттигийн къелла. Шеко йоццуш, и болх кхул тIаьхьа а дIахьур бу.

Ас даггара баркалла боху хьехархошна цара доггаха болх барна, вайн халкъана боккха пайда барна. Лаьа церан могашалла, ирс, аьтто хуьлийла.

Дезачу денца, тхан хьоме хьехархой!

Нохчийн кегийрхойн денца доьзна

Хьомсара доттагIий!

Ас даггара декъалдо шу нохчийн кегийрхойн денца!

Вайн республикехь уггаре а дика, къинхьегам безаш, массо агIор кхиъна, къоман гIиллакхаш, ламасташ лардеш, Даймохк безаш кегийрхой бу. Цу тIехь сан цхьана а кепара шеко яц. Цара шаьш гойту юкъараллин дахарехь, кхиамца карадерзадо хаарийн дуьне, хьакъ ма-дду лардо регионан а, мехкан а сий, спортан, культурин, интеллектуальни тайп-тайпанчу майданашкахь.

Нохчийн Республикехь, хьесапе а эцна, болх беш ю кегийрхойн иттаннаш организацеш а, цхьаьнакхетараллаш а. Шайн балхахь цара боккха тидам тIебохуьйту тIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь, оьзда, гIиллакхе кхиорна, могаш дахар марздарна тIехьовсийна йолу мероприятеш дIаяхьарна.

Со чIогIа воккхаве нохчийн кегийрхой даима а мехалчу ойланашца, проекташца юкъабовлуш хиларх. Уьш тIехьовсийна хуьлу регион кхин а хазъярна, исбаьхьа ярна. Уьш Iаламат хIайтъаьлла а, шайн дика ойланаш йолуш а адамаш ду, бакъболу Даймехкан патриоташ бу.

Оха царна, церан гIо лоцуш, башха хьелаш кхуллу. Кегийрхошна кхузаманан тоьлла спорткомплексаш йо, культурин цIенош до, дешаран кхерчаш до, къоначу похIманчашна лерина проекташ кхочушйо, тIекхуьучу тIаьхьенан векалшна шайн гIуллакхаш дIадолорехь гIо до.

Iаламат чIогIа мехала ду кегийрхошна йина объекташ даима юьзна хилар, уьш царна оьшуш хилар. Оха кхул тIаьхьа а оьшуш долу хьелаш кхуллур ду хIора стаге шен кхоллараллин, Iилманан, корматаллин таронех буьззина пайдаэцийта.

Вайн сийлахь-боккхачу даймахкарчу къоначу тIаьхьенан шаьш дагалаьцнарг кхочушдарехь кхиамаш, маьрша дахар, дика мел дерг хуьлийла лаьа суна.

Дезачу денца, кегийрхой!

№75, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 5-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: