ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин Аллей» мемориалан комплексан конференц-залехь дIаяьхьира «Соьлжа-ГIала – кхузаманан суртдилларан исбаьхьаллехь» цIе йолу регионашна юкъара Iилманан-практикин конференци.
Нохчийн Республикин Культурини министерствоца а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Мемориалан комплексаца а, Россин суьрташдахкаран академица а, Россин Суьрташдахкархойн союзаца а цхьаьна и форум вовшахтоьхнарг яра Россин Федерацин культурин министерство. Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачар даздарца доьзна дара иза дIаяхьар.
Конференцехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Баудди, Нохчийн Республикин Парламентан депутат Тагиев Мурад, Россин суьрташдахкаран академин хьалхара вице-президент Худяков Константин, Россин суьрташдахкаран академин вице-президент Калинин Виктор, Россин Суьрташдахкархойн союзан хаамийн отделан хьаькам Бойцова Татьяна, искусствоведенин кандидат, Дагестан Республикин искусствон хьакъйолу гIуллакххо Мусаева Наталья, иштта Моквара а, Дагестан Республикера а, Къилбаседа ХIирийчуьра а, ГIалгIайн Республикера а, Краснодаран крайра а, Ростовн областера а, Нохчийн Республикера а, Россин кхечу регионашкара а бевзаш болу эксперташ, Испанера а, Абхазера а, Къилба ХIирийчуьра а хьеший а.
Конференци дIайолош, гулбеллачаьрга маршаллин дешнашца вистхилира Дааев Хож-Баудди. Цо билгалдаьккхира хIара тайпа мероприяти дIаяхьар мехала хилар а, иштта цо хьешашна баркалла элира республике дахкарна.
– ХIокху шарахь Соьлжа-ГIалин 200 шо кхочу. Эсаран (октябрь) беттан 5-чу дийнахь масех дезде билгалдоккху Нохчийн Республикехь: Кегийрхойн де, Хьехархочун де, ГIалин де. Дезчу денна лерина яккхий мероприятеш дIахьур ю республикехь. Иштта дIахьур ю культурин-довзийтаран мероприятеш а, царех цхьаъ хIара таханлера конференци а ю. Тхуна боккха кхаъ бу тайп-тайпанчу гIаланашкара хьеший тхаьш долчу бахкар. Республика меттахIотторо воккхавево, делахь а, тIеман шерашкахь регионехь мехала архиваш, суьрташ, книгийн фондаш хIаллакйина хиларо гIайгIане во. И дерриге а меттахIотторна тIехь къахьоьгу оха, амма бан беза болх кхин а алсам бу. Цундела тхуна чIогIа маьIне ду Россин суьрташдахкаран академица юкъаметтигаш лелор а, цхьаьна болх бар а, суьрташ меттахIитторна тIехь деш долу гIо а, иштта суьрташ кхечу фондашкара юхадерзорехь гIо дар а, – элира культурин министра.
Россин суьрташдахкаран академин вице-президента Калинин Виктора, шен рогIехь, мероприяти вовшахтоьхначарна баркалла элира шаьш республике кхайкхарна.
Мероприятехь эксперташа докладаш йира Кавказехь искусство, суртдиллар кхиарх а, церан кепех а лаьцна.
Иштта музейхь дIабаьхьира «Шена чохь вахар ирс долу гIала» цIе йолу суьртийн гайтам.
I.ТЕРЛОЕВ
№75, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 5-гIа де, 2018 шо