Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан (премьер-лига) 9-чу турехь футболах ловзаран Нохчийчоьнан коьрта команда Москвахь меттигерчу «Локомотивана» дуьхьал левзира.
Стохка мехкан чемпион хилла йолу и команда хIокху шарахь башха дика ловзуш а яц. Цундела «Ахматан» цуьнца ловзар кхиаме хиларе сатуьйсура, дукха хьолахь цуьнца цхьаьнакхетар эшамца доьрзуш хиллехь а.
Билггал хууш дара цхьаьнакхетар аттачех хирг цахилар. Иза тIечIагIдира матчан хьалхарчу миноташа а.
Юьххьехь дуьйна ловзаран «архаш» шайн буйна лацарехьа къийсам дIаболийра «цIерпоштнекъахоша».
Шайн ма-хуьллу цунна дуьхьало йора соьлжагIалахоша. ХIусамдайша деш долу тIелатарш говза юхадеттара
цара. Аьтту баьлча шаьш тIелатарш а дора. Царах цхьадерш кхиаме а хуьлура.
Делахь а, цхьаьна а агIорчеран гол тоха аьтто ца болуш чекхъелира хьалхара тайм. ШолгIа тайм хьалхачул а жигара дIайолийра «Ахматан» футболисташа. Уьш хIинц-хIинца кхиаме кхочур бу аьлла а хетара. Амма рогIерчу цхьана тIелатарехь «локомотиван» футболистан М.Фернандешан аьтто белира вайн кевнахочо Е.Городовс лардечу кевна чу буьрка тоха – 1:0.
Цул тIаьхьа, оцу хьолана банне а реза боцу вайн футболисташ, жамI дIанисдан чухьаьвдира. Иштта цхьа тIелатар сацош хIусамдайн защитник Б.Идову шайн гIуданан майданахь куьйгаца левзира. Бакъонца пенальти тоха йогIуш хьал дара иза. Амма арбитра Е.Турбина и тергал ца дира. Цигахь цо нийсо лелийнехь майданара сурт а хийцадала тарлуш дара. И цунна ца хуийла а дацара. Арбитрана «ца гора» цхьайолчу меттигашкахь хIусамдай тIех кIоршаме ловзуш хилар а. ТIаьхьарчу чоьтехь иза хаадалаза ца дуьсу футболистийн дог-ойланна тIехь а.
Делахь а, жамI дIанисдан гIерташ, «Ахматан» футболисташ берриге а бохург санна «Локомотиван» кевнехьа гIертара. Цунах говза пайдаийцира матчан тIаьххьарчу (тIетоьхначу) миноташкахь хIусамдайша. Гол тоха аьтто белира Р.Жемалетдиновн – 2:0. Цу тайппана «Ахмат» оьшуш дирзира и цхьаьнакхетар.
Хь.САЙДАЕВ
№75, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 5-гIа де, 2018 шо