Седа дIабайча санна…

IMG_7845

Вала веана ву вайх хIора а хIокху дуьнен чу. Вайна дукха даккхий, инзаре  хета лаьмнаш а цхьана дийнахь  ченан кIур хилла дIадевр ду, боху.

Делахь  а, хьайн  могIарера,  хьайца бераллехь  цхьаьна хьирчина, классехь   цхьаьна  хиъна  Iийнарг  дIаялар, шатайпа  хала  киртиг  хиллера.

ЦIе  ца  йоккхучу цамгаро лаьцна, хазачу хенахь бакъдуьнене  йирзи тхуна  дукхаезна  оьзда, хьекъале  накъост. Школехь  дика дешарца массарал хьалха хилларг, Iожаллехь а хьалхаели. Дуьне  ма-дду  дарба лехира  Эльзас. Иза йоккхаера  Дала шена деллачу хIора дийнах, шеца шен бала  боькъучу накъостех. Тхо  дуьххьара школе кхаьчча, хьалхарчуй,  шолгIачуй классашкахь ма-хиллара,  беран, зевне елар, тхо  даккхий хилча а дара цуьнан. Хала лазар собарца, ийманца лайра цо. Цкъа а лийр йоцуш санна боккха тешам бара цунна  Дала белларг. ХIора  минотан тIалам  бан  Iемира  иза.

Тхуна,   езара  иза, оха  дозалла  дора цунах. Школа чекъяьккхинчул тIаьхьа а цо  иштта кхиамца чекхъяьккхира медицинин  институт. Иза  зударийн  лор  яра. Говза  лор а, дика  нана а яра.

Iуьйра  ламазан  хенахь «Лабазанова Эльза дIаяьлла» аьллачу хаамо  тоьхна ткъес…

Эльза яц… Седа  дIабайча  санна ду… ЦIехьана дIаяха  иза, я  дехьа   чу  яьлча  санна – дIаяй.

Говза  яьхначу   цунна  шена   доккха  тезет вовшахтоха а хиъна хиллера.

Тоьшаллаш, воккхачун а, жимачун а. Нехан дегнаш  Iовжош  ялар  ирс  ду.

Хала  ду даггара  безначех  къаста. Тхуна,  хьан  йижаршна  дуьсург  хьо  АллахI-Деле  ехар ду.

Хьайн Iамалех, оьздангаллех, лазамах, узамах, еларх-елхарх Делера  къинхетам, ял  хуьлда  хьуна, Эльза. Дала  гечдойла  хьуна.

 

1985-чу  шарахь  Шеларчу  №8 йолчу школа чекхъяьккхинчу  10-чу «а» классан тоба

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: