ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу «ТIеман бIаьхаллин cийлаллин гIала» хIолламна хьалхарчу майданахь дIадаьхьира «Вайн ницкъ – цхьааллехь» цIе йолчу Россин ТIеман сийлаллин гIаланийн союзан лакхарчу классийн дешархойн тIеман-патриотийн хIорашеран хьалхара ловзарш схьаделларан даздарш.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим, республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Россин Федерацин Къоман гвардин эскарийн федеральни службин Нохчийн Республикерчу Урхаллин хьаькаман хьалхара заместитель Мартынов Даниил, «ТIеман бIаьхаллин сийлаллин гIаланаш» союзан кхочушдаран директор Сунгуров Игорь, кхиберш.
Кадыров Рамзана маршалла хаьттира «Вайн ницкъ – цхьааллехь» цIе йолчу ТIеман бIаьхаллин сийлаллин гIаланийн союзан хIорашеран тIеманпатриотийн хьалхарчу ловзаршкахь дакъалоцучу лакхарчу классийн дешархошка, иштта уьш кхиаме кхачар шена лууш хилар а хаийтира цо.
– 2015-чу шеран оханан (апрель) беттан 15-чу дийнахь Россин Президента Путин Владимира Соьлжа-ГIалина «ТIеман бIаьхаллин сийлаллин гIала» сийлахь цIе елла. Иза вайна доккха дозалла ду. Соьлжа-ГIала Россин уггаре маьрша а, сиха кхуьуш йогIу а гIала ю. Оцу маршонах вай боккха мах дIабелла. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, нохчийн халкъан эзарнаш кIенташа а шайн дахар дIаделла вайн пачхьалкхан цхьаалла ларъеш, вайн тIекхуьучу чкъуран деша а, кхиа а, спортах пайдаэца а аьтто хилийтаран дуьхьа, – элира республикин Куьйгалхочо.
Соьлжа-ГIалин мэра Закриев ИбрахIима билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо Россин халкъийн юкъаметтигаш чIагIъярна къаьсттина тидам тIебохуьйтуш хилар.
Шен рогIехь Сунгуров Игора Кадыров Рамзанна баркалла элира Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачаран юбилей тIекхочуш, «Вайн ницкъ – цхьааллехь» тIеман-патриотийн ловзарш дIадахьа аьтто барна.
Мартынов Даниила йовзийтира мероприяти дIаяхьаран Iалашо. Иза тIекхуьучу тIаьхьенехь шайн Даймахке безам кхоллар а, церан могашалла чIагIъяр а, церан тIеман кечамбаран юьхьанцара хаарш карадерзор ю.
Цул тIаьхьа командаш даздаран хьолехь юьйлаелира А.Кадыровн цIарахчу майданера В.Путинан цIарахчу проспектехула Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин мемориалан комплексана тIекхаччалц (цигахь дакъалацархоша Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хIолламна хьалха зезагаш дехкира).
Ловзаршкахь дакъалоцуш ю ТIеман сийлаллин гIаланашкарчу б1аьхаллин лакхарчу классийн дешархойн командаша. 16 шарера 18 шаре кхаччалц хенаш йолчу 10 стагах (божаберех) лаьтташ ю уьш.
Ловзаршкахь дакъалаца йиш яц тIеман говзалла Iамош йолчу лерринчу юкъарадешаран учрежденешкахь (кадетийн корпусаш, суворовхойн училищеш) доьшуш болчеран.
I.МУРТАЗОВ
№75, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 5-гIа де, 2018 шо