Хьехархойн де билгалдаьккхира

Соьлжа-ГIалахь пачхьалкхан театральни-концертийн залехь билгалдаьккхира Хьехархойн де. Даздаршкахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Нохчийн Республикин куьйгалхочо а, Правительствон а Администрацин Куьйгалхо Израйилов IабдулкъахIира, иштта кхиболчу официальни наха.

Маршаллин дашехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дешаран хьаьрман терго яр уггаре а мехала хетачу гIуллакхех цхьаъ лоруш хилла хилар.

«Хьехархочо кхуллуш ду къам», – олура Ахьмад-Хьаьжас. Иза нийса хилар вайна тахана гуш а, хууш а ду. Карарчу хенахь республикехь 500 гергга школа а, цигахь болх беш 22 эзар сов хьехархо а ву. Цара Iамош 278 эзар дешархо а ву. Цул сов, вайн регионехь долахь йолу 50 школа а, лаккхарчу дешаран 4 учреждени а ю, – элира цо.

Оцу даздаршкахь Кадыров Рамзана «Халкъан хьехархо» сийлахь цIе елира Хьалха-Мартан №5 йолчу гимназин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочунна Абдуллаева Айзина.

Цул сов, дешаран хьаьрман 16 белхахочунна «За трудовое отличие» седанца а, сийлахьчу цIершца а, Сийлаллин грамоташца а совгIаташ дира Р.Кадыровс.

Нохчийн Республикин дешаран министрана Байханов ИсмаьIална а, берриге а хьехархошна а баркалла элира хьанала болх барна цо.

Даздарш концертни программица дерзийра.

З.ХИЗРИЕВА

№75, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 5-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: