Са онда къонаха

(Кадыров Рамзанна лерина)

Дахаро дог Iовжош хьоьхха-м катуьйхира,
Къона, сирла денош боданца кхолийра,
Буйнахь дог къевлина, ахьа-м сатуьйхира,
Хьайн ден ахь весеташ кхочушдан долийра!

Дех, вешех, дедех а къастар лан дийзира,
Халонийн чемеха хьо хьерча вуьйлира,
Дахаран къизалло шен мара вигира,
Воьхна хьо цагарна, нах хьох цецбуьйлура!

Къона ву, вухур ву, бохуш, хьох дуьйцура,
МостагIий ца тешаш шеконе-буьйлура,
Вайн къаной баккхийбеш хьан куьце хьуьйсура,
Беркате хир ву-кха, бохуш хьох дуьйцура!

Массеран дегнаш чу вижи хьо тешамца,
Маршоне халкъ кхачий шерашкахь ехначу,
Нохчийчоь ахь денйи седанах къагорца
Хьостуш ахь дог ийци халкъан хьайх тешначу!

Рамзан, хьан дахаран некъ аьхна хуьлийла,
Цецвуьйлу-кх иштта хьо са онда хиларна,
Ког тасабелла хьо цкъа а ма вужийла,
Тхоьгара баркалла, маршоне дигарна!

АЛИЕВ Мохьмад

№75, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 5-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: