ХIокху деношкахь вайн республикехь шуьйрра билгалдаьккхира Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачар. Дезде тIекхачале, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, гIишлошъярхоша, некъашдахкархоша тойина, хазйина, хийцаелла дIахIоттийра гIала. ГIалин де тIекхочуш реконструкци йина схьайиллира М.Эсамбаевн цIарах йолу бульвар а, Кадыров Абубакаран цIарах йолу майда а.
Иштта, тодина Хь.Орзамиевн а, Н.Назарбаевн а, Мухьаммадан Iелин а цIарах долу урамаш. Тоеш, куьце ялийна Журналистийн сквер а, Хьехархойн сквер а, Х.Нурадиловн цIарах йолу сквер а, Ненан сийлаллин парк а, Халкъийн доттагIаллин хIоллам а. Иштта, схьайиллира керла объекташ: Хьусейн бен ТIалалан цIарах йолу садаIаран парк а, танкистан Мазаев Маташан йоьзан хIоллам а.
Цул сов, тойина 500 сов дукхагIаьтнийн цIенойн ков-керташ, басар тухуш, куьце далийна дукхагIаьтнийн 900 цIа, йина 386 берийн ловзаран майданаш, 27 эзар квадратан метр тротуаран экъанаш ехкина, дIадийна 2,5 эзар сов зезагаш, 500 колл, 180 дитт, хIиттийна 70 стогар, 120 гIант.
«Чеченэнерго» автономни юкъаралло тойина 500 сов трансформаторийн пункташ. Россин тоьллачу некъийн рейтингехь хIинца хьалхарчу меттехь ю Соьлжа-ГIала.
Иорданин паччахьан IабдаллахI II-чун ден Хьусейн бен ТIалалан цIарах йолу садаIаран парк даздаран хьолехь схьайоьллучохь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, иштта республикин пачхьалкхан Iедалан органийн векалша а. 6,4 гектар меттиг дIалоцучу садаIаран паркехь ю кхузаманан хьалхара скейт-парк, аьхкенан амфитеатр, спортан а, берийн а майданаш, садаIаран зона, кхин дуккха а бегIийлаш. Цо таро хуьлуьйтур ю берийн кегий долуш дуьйна спорте марзо кхолла а, могаш кхиа а. Парк кечъяр дIадаьхьира «Кхузаманан гIалин хьелаш кхоллар» программин гурашкахь.
Иштта, Соьлжа ГIалин 200 шо кхачарна леринчу мероприятийн гурашкахь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин Аллей мемориалан комплексехь схьабиллира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман гIараваьллачу танкистан Мазаев Маташан йоьзан хIоллам.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Баудди, Россин тIеман-историн юкъараллин Нохчийн регионан отделенин председатель Алаудинов Iабдул, Россин тIеман-историн юкъараллин Iилманан директор Мягков Михаил, Нохчийн Республикин ТIеман а, къинхьегаман а ветеранийн союзан председатель Сулейманов Эми, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин аллей мемориалан комплексан директоран заместитель Хатуев Ислам, тIеман ветеранаш, хьеший, юкъараллин организацийн векалш.
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман хьалхарчу деношкахь М.Мазаевс, вермахтан танканашна дуьхьал къийсам дIахьош, карадерзийра флангин тIелатар. Иштта, танканийн эскарийн тIемалойн сихдинчу дешаран школа а кхоьллира цо батальонехь. Танкиста шегара майралла гайтира Польски походехь а, советийн-финнийн тIамехь а. Кхузза «Советийн Союзан Турпалхо» цIарна хьалхатеттинера иза, делахь а, Дашо седа белла бац цунна.
Шен къамелехь Дааев Хож-Бауддис хьешашка а, мероприятин дакъалацархошка а маршалла а хаьттина, Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачаран юбилейца декъалбира уьш. Цо билгалдаьккхира, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIо-накъосталлица Нохчийн Республикин пачхье меттахIоттийна хилар а, хIора денца иза хазлуш йогIуш хилар а.
Россин Федерацин Культурин министерствон а, Нохчийн Республикин Правительствон а, Нохчийн Республикин Культурин министерствон а гIоьнца хIоллам хIоттийна Россин тIеман-историн юкъараллин ахчанан чоьтах.
I.МУРТАЗОВ
№76, шинара, эсаран (октябрь) беттан 9-гIа де, 2018 шо