Хууш ма-хиллара, эсаран (октябрь) беттан 5-чу дийнахь билгалдаьккхира республикин пачхьенан 200 шо кхачар. Оцу мехалчу хиламна леринчу даздаршкахь дакъалацаран Iалашонца республике баьхкира эзарнашкахь нах, шайна юкъахь политикаш, юкъараллин гIуллакххой, Iеламнах а болуш. Царах цхьаболчаьрца цхьамогIа цхьаьнакхетарш дIадаьхьира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Соьлжа-ГIалин мэра Закриев ИбрахIима а.
Уггаре а хьалха республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цхьаьнакхетар хилира Иорданин Хьашимийн Пачхьалкхан юьззина бакъонаш йолчу Россин Федерацехь волчу векалца Iамджад Iадайлица.
Цу шимма дийцира Нохчийчоьнна а, Иорданина а юкъара зIенаш хIора а шарахь кхуьуш йогIуш хиларх а, Иорданехь бехачу нохчаша оцу мехкан дахарехь дIалоцучу меттигех а лаьцна.
Кадыров Рамзанан тIаьхьа цхьаьнакхетар хилира Россин спортан министраца Колобков Павлаца.
Цигахь дийцаре дира республикерчу спортшколийн материальнитехникин бух кхиоран гIуллакх а, цу декъехь федеральни а, республикерчу а Iедалша дан тарлург а, догIург а билгал а доккхуш.
РогIера цхьаьнакхетар Рязанан областан губернаторца Любимов Николайца дIадаьхьира республикин Куьйгалхочо.
Любимов Николайс а, Кадыров Рамзана а дийцаре дира шина субъектехь экономикин а, социальни а дакъошкахь долу хьал. Иштта, шина субъектана юкъара зIенаш культурин а, спортан а, экономикин а, туризман а дакъошкахь кхиоран гIуллакх талларан Iалашонца, белхан тоба кхолла сацам а хилира оцу цхьаьнакхетарехь.
Республикин пачхьенерчу даздарийн «Сафия» цIийнехь дIадаьхьначу тойнехь Соьлжа-ГӀала Липецкаца а, Могилевца а йолу зӀенаш а, юкъаметтигаш а кхидӀа а чӀагӀъян а, кхио а лерина хилар билгалделира.
Соьлжа-ГӀалин мэра Закриев ИбрахӀима а, Липецкан а, Могилевн а куьйгалхоша а куьйгаш яздира Соьлжа-ГӀалина а, Липецкана а, Соьлжа-ГӀалина а, Могилевна а юкъара зӀенаш кхиоран а, чӀагӀъяран а хьокъехь болчу бартана.
И.ИСЛАМОВ
№76, шинара, эсаран (октябрь) беттан 9-гIа де, 2018 шо