Спортан а, культурин а фестивалан жамIаш дина

Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна леринчу даздаршна юкъахь дара хIорашеран Кавказан халкъийн спортан а, культурин а фестивалан даздаран хьолехь жамIаш даран мероприяти дIаяхьар.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Къилбаседа Кавказан федеральни округехь Россин Президентан юьззина бакъонаш йолу векал Матовников Александр, Россин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр Чеботарев Сергей, Россин спортан министр Колобков Павел, Россин Пачхьалкхан Думин Председателан заместитель Жуков Александр, Фехтованин дуьненаюкъарчу федерацин президент Усманов Алишер, и.дI.кх.а.

«Массо хенахь санна, лаккхарчу тIегIанехь дIаяьхьира фестиваль. Къилбаседа Кавказан федеральни округан субъектийн командаша хьакъ доллучу кепара гайти шаьш. ХIокху шарахь 700 дакъалацархо вара. Къаьсттина дика кечам бина хилар гайти аш спортан къийсадаларшкахь. Баркалла шуна. Шаьш шайна хьалха хIоттийначу Iалашоне кхача – толам баккхаре – боккха лаам болуш хилар а, физически агIор дика кечам бина хилар а, команди юкъахь болх бан хаар а гайти аш. Шуна дахарехь карор долуш хIума ду иза. Со тешна ву фестивалан цхьаболчу дакъалацархоша шаьш Ерригроссин а, Дуьненаюкъарчу а къийсадаларийн сийлаллин пъедестала тIехь гойтург хиларх. Къаьсттина баркалла ала лаьа Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна тхуна хьошалла дарна а, хIокху тайпана хаза мероприяти вовшахтохарна а», – элира А.Матовниковс.

А.Колобковс дакъалацархошна баркалла олуш, уьш декъалбира.

Цо элира: «ХIокху шарахь хIара доккха спортан а, культурин а дезде дIахьош ду хьаша-да везаш тIеоьцуш а, шен 200 шо кхочуш а йолчу Соьлжа-ГIалахь. Массарна дуккха а хенахь дагахь лаьттар долччу кепара дика кечам бина вовшахтохархоша…».

А.Усмановс ша кхузахь фехтованин школа схьаелла дагахь хилар хаийтира.

«Со ирсе ву тахана дуьххьара кхузахь нисвелла, Соьлжа-ГIала ган аьтто баьлла. Спортехь къахьоьгуш суо хиларна, сан, чIагIдеш ала йиш ю, тIекхуьуш йолу тIаьхье могаш кхиарна а, спортан декъехь къахьега лууш волчунна а кхузахь дерриге а хьелаш кхоьллина», – элира цо.

Фестивалехь къамелаш динчара билгалдоккхура мероприяти лаккхарчу тIегIанехь дIаяьхьна хилар а, республикин бахархой Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарца шаьш даггара декъалбеш хилар.

Къийсадаларийн жамIаш динчул тIаьхьа билгалбехира тоьлларш. 1-ра меттиг Нохчийн Республико яьккхира, 2-гIа меттиг – ГIалгIайн Республико, 3-гIа меттиг Дагестанерчу командо яьккхира.

Фестиваль ерзийра Къилбаседа Кавказан ерриге а регионашкарчу тоьллачу коллективаша концерт яларца.

Дагадоуьйту, фестивалан къийсадаларш спортан 12 кепехула дIадаьхьна хилар. Яйн атлетика – эстафета, армрестлинг, муш дIасаозор, мини-футбол, йозалла айар, йозалла дIаяхьар.

Л.ДАУТОВА

№76, шинара, эсаран (октябрь) беттан 9-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: