Ерригроссин «Шеран хьехархо – 2018» конкурсехь толамхо хилла нохчийн хьехархо а, журналист а волу Динаев Iалихан.
Дешаран декъехула дIаяьхьначу оццул йоккхачу, мехалчу конкурсехь вайн махкахочо толам баккхар хаза кхаъ бу вайн ерриге а республикина.
Хь.Ибрагимовн цIарахчу математикин школехь обществознани хьоьхуш ву Iалихан. Цо баьккхинчу толамах доккха совгIат хилла Соьлжа-ГIалин бахархошна.
Оцу конкурсехь дакъалоцуш бара 85 регионера тоьлла хьехархой. Шина кIирнах зийра церан хьуьнарш, теллира церан хьехаран методика.
ТIедогIучу шарахь Ерригроссин «Шеран хьехархо – 2019» конкурс Нохчийчохь дIахьур ю.
З.ЛОРСАНОВА
№76, шинара, эсаран (октябрь) беттан 9-гIа де, 2018 шо