ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу «Олимпийский» спорткомплексехь дIаяьхьира грэпплингехула йолу турнир. Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна лерина яра иза.
Турнирехь дакъалоцуш вара РДЮСШ-ра 11 спортсмен.
Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира.
Шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамхой хилира: Магомедхаджиев Мохьмад (32 кг.), Хасимиков Аслан (38 кг.), Мусаев ИбрахIим (34 кг.), Итаев Мовсар (46 кг.), Джабраилов Амирхан (47 кг.).
Оцу кхиамашка спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна болу церан тренерш: А.Сулейманов, М.Магомадов, М.Таипов, А.Макаев.
Кестта хинйолчу Республикин чемпионатана кечам беш бу РДЮСШ-н спортсменаш карарчу хенахь.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№76, шинара, эсаран (октябрь) беттан 9-гIа де, 2018 шо