П.Захаровн цIарахчу скверехь – даздарш

Нохчийн Республикин Яздархойн союзана юххерчу Исбаьхьаллин Академин академикан П.Захаровн цIарахчу паркехь Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна лерина кхоллараллин цхьаьнакхетар – дIадаьхьира эсаран (октябрь) беттан 3-чу дийнахь.

Яздархойн союзо а, А.Айдамировн цIарахчу республикин къоман библиотеко а цхьаьна дIадаьхьира и цхьаьнакхетар. Цигахь дакъалоцуш бара яздархой М.Ахмадов, А.Ахматукаев, М.Бухадиев, Х-Б.Борхаджиев, дешаран а, культурин а хьаьрмийн векалш, дешархой.

Хьалхара дош Яздархойн союзан коьртачу редактора Ирисханов Iимрана элира: «ГIалица доьзна дуккха а хIума ду вайн. Кхузахь дика хилча ерриг Нохчийчохь а дика хуьлу. Хаза кечйина, машаре ю вайн гIала. Вайн республике дуккха хьеший баьхкина. Дешарца, къинхьегамца кхитIе а хазъян а еза вай вешан коьрта гIала а, республика а. Иза шуьгахь, кегийрхошкахь ду», – элира цо.

Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Ахмадов Мусас «Бераллера цIа» аьлла байт йийшира. Яздархойн союзан правленин декъашхочо, поэта Ахматукаев Адама Хь.Сатуевн «Сан нохчо цIавеана» байт йийшира.

«Хьалха хIокху Захаровн хIолламна дуьхьал лаьтташ нохчийн ярташ ягийначу Ермоловн хIоллам бара. Цунна цкъа а ца гулделлера иштта дукха адамаш. Шатайпа хилам бу ягийначу юьртара дIавигна хиллачу нохчичун Захаровн хIолламна уллехь Соьлжа-ГIалин 200 шо кхочуш вай цхьаьнакхетар. Дуккха а халонаш лайна, гина ю вайн коьрта гIала. Даима а хIинца санна кхуьуш, ирсе хуьлийла вайн республика а, халкъ а» – элира А.Ахматукаевс.

Оцу даздаршка веанчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а прессс-лужбин куьйгалхочо Каримов Iаьлвис а Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарца Кадыров Рамзанан цIарах декъалбира гулбелларш.

Соьлжа-ГIалах а, Нохчийчоьнах а лаьцна эшарш локхуш самукъадаьккхира Соьлжа-ГIалин даздаршка леррина Москвара цIаеанчу Нохчийн Республикин хьакъйолчу артисткас Исаева Iайнаа.

Шайн байташ йийшира поэташа Борхаджиев Хож-Баудис а, Бухадиев Мусас а.

Устрада-ГIалин Культурин цIийнана а, I.Шахбулатовн цIарахчу пачхьалкхан филармонин а артисташа музыкальни программа гайтира.

Иштта самукъане, къегина дара П.Захаровн хIолламна уллехь дIадаьхьна цхьаьнакхетар.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№76, шинара, эсаран (октябрь) беттан 9-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: