Дукха хан ю Соьлжа-ГIалара Дьяковн цIарахчу урамера №29 йолу библиотека болх беш йолу. Кхаа белхахочух лаьтташ ю цуьнан коллектив – заведующи Дудаева Марем, коьрта библиотекарь Закриева Зарема, библиотекарь Закриева ПетIамат.

Библиотекин чоьнаш кегий елахь а, уьш кхоъ ю: ешаран чоь цхьаьна ханна 20 стаг охьахаа меттиг йолуш ю, архивни чоь, абонемент.
– Дийнахь 14–15 ешархо вогIу кхуза. Таханлерчу дийнахь тхан фондехь 2 500 экземпляр книга ю. Уьш ю мохкбовзаран, дозанал арахьарчу мехкийн литература, классика, советийн муьран а, революци хилале хьалхарнаш а. 2 845 ешархо ву библиотекерчу книгех пайдаоьцуш. 8 шарера дуьйна 76 шаре кхаччалц хенаш йолуш ешархой тIеоьцу оха.
Берийн книга ешарна тIе тидам бахийтарехь беш болх бу. Иштта, библиотекехь лардан дезаш долу низам довзуьйту ешархошна. Бовзуьйту библиотекарийн болх.
Баттахь 6–7 мероприяти дIахьо тхан библиотекехь, лаххара а 20–30 стаг вогIу кхуза. Мероприятеш тайптайпана хуьлу. Къамелаш дар, литературни суьйренаш, книжни викторинаш, яздархо винчу денна лерина.
Масех бутт хьалха библиотекин №4 йолчу филиалехь дIаяьхьначу «Библионочь» комплексни мероприятехь дакъалецира оха. Кхушара а ишттачу мероприятина беш кечам бу.
Оха яздархой кхойкху библиотеке. Церан биографех, кхоллараллах лаьцна дуьйцу берашна. Хинйолчу мероприятешна хьалххе кечам бойту берашка. Юбиляран произведенеш тIехь йолу книжни афиша кечйо. Масала, «Алые паруса», «Анна Каренина» викторина хир ю библиотеки чохь. Цунна беш кечам бу.
Тхайн тароне хьаьжжина вовшахтуху оха 15–20 бер. «Книжни жмурки» акци кечйина оха. Кхин цхьана «Подвешенная книга» акцина тIехь беш болх бу.
Иштта, наркоманина дуьхьал къийсам латторан декъехь викторинаш дIахьо школашкахь. Берашна некъан бакъенаш йовзуьйтуш беш болх бу, кIайн а, Iаьржа а кехаташца йо «зебра», «светофораш».
Кхузара гена йоццуш йолу «Карусель» берийн беш а ца юьту оха тидамза. Цигарчу берашна туьйранаш доьшу. Берийн реабилитационни туьшахь долчу берашца а бо цхьакIеззиг болх, шайн терго йой царна хаийтархьама.
Библиотекин белхахойн таро ю ешархошца кхетошкхиоран болх бан. Библиотеко яздо вайн махкахь арадовлуш долу газеташ а, журналаш а. Царна къастийна терхе ю, тIехь газетийн, журналийн таппаш йолуш. Ешархоша царах пайдаоьцу.
Кху шеран (хIутосург) май баттахь Ш.Эдилсултановн цIарахчу Культурин цIийнехь дIаяьхьира «Шеран тоьлла библиотека» конкурс. Цигахь дакъалоцучу 15 библиотекина юкъахь оха толам баьккхира, – дийцира Дудаева Марема.
Библиотекин белхахоша берриге а ницкъ тIебохуьйту ешархойн барам алсамбаккхарна, церан литературе болу безам чIагIбарна.
Дала аьтто бойла церан шайн балха тIехь!
Ф.АСИЕВА
№76, шинара, эсаран (октябрь) беттан 9-гIа де, 2018 шо