Студенташа Сайтиевн стипенди оьцур ду

ГIараваьлла вевзаш волчу нохчийн спортсменан, кхузза олимпийски чемпионан, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан физически культурин а, спортан факультетан профессоран Сайтиев Бувайсаран цIарах стипенди хIоттийна Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь. Иштта хаам бина университетан пресс-службо.

Спорт сменан дIадолорца хIоттийна ду стипенди. Дешарца а, спортаца а къахьоьгуш кхиамащца билгал болчу студенташна шегара гIо дан лаам болуш юкъадоккхуш ду Бувайсара и стипенди. Цуьнан барам 5 эзар сом ду. Университетан муьлххачу а факультетан а, институтан а студентан аьтто хир бу иза эца. Дуьххьарлера стипендиант тIедогIучу шеран чиллин (февраль) баттахь вевзар ву.

Хьахийнначуьра ала деза, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь студентийн дешарна дог-ойла гIатторан а, материальни гIодаран а Iалашонца луш (пачхьалкхан а, социальни а доцурш) Россин Федерацин Президентан стипенди а ду университетан хьалхарчу ректоран Умаров МухIарин цIарах долу стипенди а, университетан ректоран стипенди а хьалха хиллачул а лакхадаьккхина луш ду.

З.ХИЗИРОВА

№76, шинара, эсаран (октябрь) беттан 9-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: