«Даймехкан дуьхьа турпалалла»

IMG_9288

Карарчу шарахь 70 шо кхочу Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIамехь фашизмана тIехь Толам баьккхина. Дуьйцучара хIуъа дийцахь а, хиллачу СССР-н дерриге а къаьмнаша цхьатерра дакъалаьцна Толаман де герга далош. Монографин авторша: историн Iилманийн доктора, профессора Ибрагимов Мовсура; историн Iилманийн кандидата, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Хатуев Ислама шайн книги тIехь дуьйцу фашизмана тIехь толам баккхарехь нохчийн къомо лаьцначу декъах.  БархI коьртах лаьтта монографи: «Нохч-ГIалгIайчоьнан къаьмнаша Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIамехь дакъалацаран хьокъехь историографи», «Нохч-ГIалгIайн АССР тIом балале хьалха (1938–1941ш.ш.), «Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман юьхь», «Нохч-ГIалгIайчоь Кавказехь тIом лаьттинчу муьрехь», «Даймехкан тIеман фронташкахь Нохч-ГIалгIайн векалша гайтина хьуьнарш», «ТIеман шерашкахь Нохч-ГIалгIайн зударша гайтина хьуьнарш», «Даймахкана генахь фашизмаца тIамехь дакъалацар. Нохч-ГIалгIайн АССР-н векалш партизанийн боламехь а, Европерчу Дуьхьалонан могIаршкахь а», «Даймехкан тIеман шерашкахь Нохч-ГIалгIайн къаьмнийн къинхьегаман турпалалла». Монографин дакъойн цIераша гойту цуьнан чулацам. Мехала ду шаьш яздийриг авторша билггалчу хьостанашкарчу тоьшаллашца чIагIдеш хилар. Нохч-ГIалгIайн векалша тIамехь дакъалацарх хIинццалц шуьйра девзаш доцу дуккха а бакъдерш довзуьйту вайна авторша. Масала, Хьайбахара Газоев Газихма шен кIантаца Бексолтица цхьаьна полкехь гIуллакх деш хилла ву. БIаьхаллин хьуьнаршна пачхьалкхан совгIаташца билгалваьккхина а хилла ший а, тIеман арахь турпалаллица кхалха а кхелхина. Шуьйра вуьйцуш волчу Советски Союзан Турпалхочо Матросов Александра санна, шен дегIаца мостагIчун дзот дIакъовлуш, бIаьхаллин накъосташна хьалхахьа баха некъ боккхуш, турпалаллица кхелхина Итон-Кхаьллара Мусаев СаIдулла. 1944-чу шеран 16-чу майхь тIеман командованис Советски Союзан Турпалхочун цIе яла хьалхатеттина а хилла иза. Слава орденан вуьззина кавалер Энгиноев Дуда вуй хууш дара, монографин авторша чIагIдо кхин цхьа нохчи а – Элистанжара Аппазов Рамзан – оцу ларамечу орденан вуьззина кавалер хилар. Иштта бакъдерш кхин дуккха а даладо книги тIехь.

Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман истори йовзаре хьашт долчу Iилманан белхахошна, студенташна, дешархошна, нохчийн къамо оцу т1амехь дакъалацарх дуьззина бакъдерг довза лучу х1оранна а ч1ог1а пайде хир ю керла книга.

Хь.Абаев

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: