Эсаран беттан хьалхарчу деношкахь Халкъан кхоллараллин туьшо «Йинчу денца, хьоме гIала!» Республикин фестиваль дIаяьхьира Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна лерина. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Культурин министерствос Халкъан кхоллараллин туьшца цхьаьна.
Фестиваль дIаяхьаран коьрта Iалашо яра Нохчийн Республикехь дехачу кхечу халкъашна юкъара доттагIаллин уьйраш чIагIъяр а, Россин халкъийн культураш йовзийтар а.
Фестивалан программехь дара иза театран постановкица схьаеллар, цуьнан дакъалацархоша гала-концерт ялар а, ткъа иштта декоротивни-прикладни а, изобразительни а искусствийн говзанчийн белхийн гайтам дIабахьар а.
Декоративни а, изобразительни искусствон а говзанчаша шайн белхаш бовзийтаран гайтамехь Салтымурадов Iальвис гипсах, вежарша ИсмаиловгIара ХIарона а, Освада а дечигах, Махтемерзаева Рулана туьтех, Тайсумова Малхиша исбаьхьаллин дагар (вышивка) кечйина экспонаташ яра.
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь кхелхинчарна хIолламна а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин Аллейрчу хIолламна а хьалха зезагаш дехкира фестивалан дакъалацархоша.
Ш.Эдисултановн цIарахчу Культурин цIийнехь дIаяьхьира фестивалан гала-концерт. Зал дIаюьзна хьовсархой а, хьеший а бара.
Концерт дIайолош Соьлжа-ГIалах лаьцна яьккхина видеоролик гайтира. Соьлжа-ГIалин историн хиламех лаьцна дуьйцуш яра иза. Цул тIаьхьа, Шелан кIоштан культурин цIийнарчу «Аьрзу» ансамбло хелхарш гайтира.
Фестиваль дIайолорца а, Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарца а декъалдаран дош элира Россин Федерацин культурин хьакъволчу белхахочо, Халкъан кхоллараллин туьшан директора Даудов Рамзана. Республикин кIоштийн тоьллачу кхоллараллин коллективаша, артисташа дакъалецира фестивалехь.
Нохчийн Республикин Цхьаьнатоьхначу хоро дIаболийра фестивалан болх.
Коллективаша шайн музыкальни номерш гойтучу хенахь экрана тIехь Соьлжа-ГIалах лаьцна слайдаш гойтура.
Финалехь «Соьлжа-ГIала» илли дIаэлира Дамбаев Мохьмада, Осмаев Булата, Косумов СоIипа, Масаева Хадижата, иштта Нохчийн Республикин культурин а, искусствийн а колледжан студенташа а, республикин Цхьаьнатоьхначу хоро а.
Фестивалан болх дIаберзош дакъалацархошна Сийлаллин грамоташ а, Дипломаш а, мехала совгIаташ а делира.
Хелхарш, иллеш, гайтамаш, и дерриге а лаккхарчу тIегIанехь кечдина дара.
Фестивалан хьешашна дицлур доцучу денойх цхьаъ дара иза.
З.ЯХЪЯЕВА
№76, шинара, эсаран (октябрь) беттан 9-гIа де, 2018 шо