Шайн-шайн культурин мехалла гайтира

А.Ш.Кадыровн цIарахчу майданахь СКФО-н субъектийн къаьмнийн этнографин гайтам хилира

Ставрополан крайрчу Халкъан кхоллараллин цIийнан директоран заместитела Петрова Натальяс шайн къоман экспозицех лаьцна иштта элира: – Таханлерчу гайтаман хьовсархойн кхиэле оха йиллина йолу композици масех декъах лаьтташ ю – «Казачий дом», «Минеральные воды». «Казачий дом» агIонехь оха гойтург тхайн къоман хIусаман билгалонаш ю. Масала, оьрсийн пеш, самовар, тIорказ. Суна тидам тIебахийта лаьара самоварашна.

Ставрополан крайрчу коллекционера Брежнев Сергейс еххачу хенахь гулйинчу самоварех ю кхузара цхьаерш (цуьнан коллекцехь ерриге а 280 самовар ю).

Къилбаседа ХIирийчуьрчу хьешаша баркалла элира и тайпа гайтам вовшахтохарна а, шайна хьошалла дарна а.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна баркалла ала лаьа тхуна, Соьлжа-ГIалин юбилейна леринчу даздаршка кхайкхарна а, тхуна хьошалла дарна а. Даздарш лаккхарчу тIегIанехь дIахьош ду, – бохура Къилбаседа ХIирийчоьнан-Аланин къоман музейн генеральни директоран заместитела Таутиева Олесяс.

Кхечу регионашкара Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна леринчу даздаршка баьхкинчара а дуьйцура гIалин хазаллех лаьцна.

Дагестанерчу Гасонаев Сулимана иштта дийцира Соьлжа-ГIалах шен воккхеверах лаьцна.

Соьлжа-ГIала вуно хаза а, цIена а ю. Юбилейца Соьлжа-ГIалин бахархой декъалбан лаьа суна. Таханлерчу даздаршкахь тхо дика тIелецира. Тхуна кхузахь чIогIа хаза а хийтира, – элира цо.

З.ХАСИЕВА

№76, шинара, эсаран (октябрь) беттан 9-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: