Кадыров Рамзан: «Нохчийн а, гIалгIайн а юкъаметтигаш цхьана а хIумано кхоло ца еза»

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хIокху деношкахь ТIехьа-Мартан кIоштарчу ярташкахь хилира. Цигара иза ГIалгIайн Республике а вахара. Цигахь иза цхьаьнакхийтира оцу республикин Куьйгалхочуьнца Евкуров Юнус-Бекаца.

Ша цига вахарх а, шен Юнус-Бекаца хиллачу цхьаьнакхетарх а, беркатечу къамелах а лаьцна Кадыров Рамзана мадарра яздина Telegram-хь йолчу шен агIонехь.

Юкъ-кара цо иштта яздо: «Тахана со ТIехьа-Мартан кIоштарчу ярташкахь хилира. Ша аьлча, цхьаьнакхийтира Бумтарчу бахархошца. Хьаьжира уьш муьлхачу хьелашкахь Iаш бу. ЛадуьйгIира церан лаамашка, дехаршка. Нохчийчохь ши тIом болчу хенахь боккха бала хьегна оцу юьртарчу наха. Юрт ерриге а йохийна дIаяьккхинера, бакъонца жоьжахате йинера кхузахь. Делахь а, Делан къинхетамца, тIом чекхбаьлла. Адамаш шайн юьрта юха а дирзина. Оха тхайн ницкъ кхочург дерриге а дира юрт денъеш, меттахIоттош. ХIинца серлаяьлла дIахIоьттина иза. Юьртарчу адамашца хиллачу къамелехь суна уггаре а хазахеттарг а, дагна там хилларг а дара цара нохчий а, гIалгIай а цхьа вежарий, йижарий лоруш хилар, вежараллин ши халкъ дIасакъесто, цхьа а бахьана царна гуш цахилар. Вай цхьаъ ду бохура цара. Вайн къийса хIумма а дац бохура. Иштта ойла, кхетам хилар ду коьртаниг», – бохура Кадыров Рамзана.

Цо билгалдаьккхира, шеца къамел мел динчу оцу юьртарчу вахархочо луларчу гIалгIайн юьртарчу бахархойх лаьцна диканиг бен аьлла цахилар. Цхьа а вон дош ца элира цара лулахойн хьокъехь.

«ХIокху юьртахь хиира суна ГIалгIайчоьнан луларчу ярташка веана оцу регионан Куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек хилар. Ас телефон туьйхира цуьнга. Охашимма цхьаьнакхета сацам бира. ТIаккха со ГIалгIайчу вахара, цуьнца цхьаьнакхийтира. Беркате, гIиллакхе къамел хилира тхойшиннан. Республикашкахь долчу керлачух лаьцна дийцира. Шина а регионехь кхиамца чекхдоккхуш ду шо. Лаккхарчу гайтамашка кхаьчна социальни-экономикин кхиоран гIуллакхашкахь. Нохчийн а, гIалгIайн а халкъийн юкъаметтигаш цкъа а, цхьамма а, цхьана а хIумано а кхоло, галъяха езаш цахиларан ойланехь ву тхойшиъ. Вай вежарий ду, вай цхьаъ ду! Вай вовшахдаха, дIасакъасто, вайн барт бохо ницкъ а бац!», – дерзийна Р.Кадыровс оцу цхьаьнакхетаран хьокъехь долу къамел.

Цо вайна хьоьху вайн халкъаша вовшашца болу барт кхин а чIагIбан безаш хилар, питанаш даржош берш цхьана совцон безаш хилар. Вай цхьаъ хила ца луучара бен дуьйцур дац питане дерг а, восе дерг а. Цунах кхеташ хила деза вай.

Д.АНАДЕВ

№77, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 12-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: